Воккхачу стагана тIаьххье гучуйелира тIехь ахьарх а, демах а дуьзна масех гали а долуш, тIаьхьатесна берстина боккха сту а болуш, стерчийн салаз. Воккха стаг, соцунгIа а хилла, салаз шена тIаьхьа а кхиийтина, стерчийн йуьхь лаьцна вогIучу жимачу стаге вистхилира:
– Салаз, чоьхьа а йаккхий, дIахIоттае. Iусмана а, ахьа а оцу старина сихха шаьлта хьакхий, иза тилабе.
Оцу стагана тIе тидам бахара Iелин а, амма бIаьрса гIийла долчу цунна иза генара ца вевзира. Цуьнца салаз йалош веана жима стаг сийсара вевзинера Iелина. Иза Айзин кIант Дауд вара. ХIета, и воккха стаг Акхболатан Ахьмад бен хуьлийла дацара. Iелина хааделира кхузахь долчу дерриг а адамийн тидам цунна а, шена а тIебахана хилар. Ша хиъна Iачуьра хьала а гIеттина, цунна дуьхьалвахара Iела.
– Ассаламу Iалайкум! Хьо марша вогIийла, Iела! – Iелин куьг а лаьцна, мараиккхира Ахьмад. – Эзар балех волийла, кхин керстанан буйна воьдучух Дала ларвойла хьо!
ХIинца, уллора хьаьжча, шеко йоцуш Ахьмад вевзира Iелина. Дуккха а хан йаьллехь а, хьалхалера васташ ларделлера цуьнца.
– Дела реза хуьлда хьуна а, Ахьмад! – шаьшшиъ маракхеттачуьра дIасакъаьстича, куьг дIа а ца хоьцуш вигна, иза шена улло охьахаийра Iелас. – ТIаккха, Ахьмад, гезалойн арахь айхьа со, Iожаллин багара а ваьккхина, хошкалдахойн хьаннашка вигна де дицделлий хьуна?
Ахьмад воьхна хьаьвзира.
– Ца дицделла. Дицлойла а дац оцу шерийн денош.
– Оцу дийнахь со кIелхьарвоккхуш чов хилла пхьарс сакхт бисира хьан…
– Ас динарг вай массара а динарг дара, Iела. Накъосташа со Iожаллех кIелхьарвоккхуш а, ас накъостий кIелхьарбохуш а меттигаш хуьлура. ТIамехь иштта ма хуьлу. Эзарнаш байъина, эзарнаш заьIап бисина. Суна хилларг-м хIумма а доцург дара. Цул дийцахьа айхьа лелийнарг, хьо цIа муха веана?
– ХIун дуьйцур ду? Сибре гена, шийла мохк бу. Ткъа и каторга дуьненан жоьжахати йу. Цигахь хьоьгуьйтучу Iазапо стаг хеназа къанво, Iожалла йо. Тхуна тоьхна итт шо хан чекх а йалале Iожалло дIабаьхьира сан накъостий. ТIаьххьара а соьца висина бено Илес а кхелхира шуьйтталгIачу шарахь. Йисина ткъе йалх шо хан, вайнехан стаг бIаьрга ца гуш, йаьккхира ас. Бакъдерг аьлча, ас дог диллинера со кху махка воьрзур ву, вайна вовшийн гур ду бохучух.
– Хьайна тоьхна итт шо хан текхна ваьлча, цIа ца хийцира хьо?
– ХIан-хIа. Цигахь ваха маьрша витира, амма цIа верза бакъо ца лора. ХIунда сецавора, суна сайна а ца хаьара. Схьахетарехь, Iаьлбаг-Хьаьжа коьртехь волуш хиллачу нохчийн гIаттамо йахйирий-те, моьтту суна, цигахь сан хан. Мосазза а вада гIоьртира со, амма хIоразза а, схьа а лоций, хан тIетухура. ТIаккха, къанвелча, маршонах дог а диллина, цигахь вала сецира. ХIокху тIаьххьарчу шерашкахь цхьа шатайпа тутмакхаш кхийла болийра со волчу. Царах революционераш олура. Вуьшта аьлча, паччахьан Iедална дуьхьал нах бара уьш. Со цига муха кхаьчна а, муха Iаш ву а хиъначу цара, сан гIайгIа беш, паччахьна тIекхаччалц аьрзнаш а йаздина, маршаваккхийтира со. Цаьрца вара, Николаз цIе йолуш, гуьржийн цхьа жима стаг, цуьнан хан чекхйалар а, со маршаваккхар а цхьаьна нисделира. Шеца цIа валийна, со Соьлжа-ГIалахь охьа а воссийна, Гуьржех вахара иза. ХIинца со шуьца цIахь ву. Иза ду-кх, доцца дийцича, ас лайнарг.
– И гуьржи хьайца схьавало везаш хиллера ахь, Iела. Вай хьошалла дийр ма дара цунна, – элира Янаркъас.
– Iойла дацара цуьнан. Хетарехь, даккхий гIуллакхаш вовшахдетташ бу уьш цигахь. Aмма цо дош-м делла шен аьтто баьллачу хенахь хьошалгIа ван.
– Ткъа и ахь буьйцу тамашийна цIe йолу тутмакхаш хIун нах бу, Iела? – хаьттира Янаркъас.
– Уьш хьекъале, майра, догдика, доьналле адамаш ду, Янаркъа. Паччахьна а, хьоладайшна а дуьхьал бу уьш. ХIинцца хIокху Овхьада дийцинарг дуьйцура цара а. Паччахьан, хьоладайн Iедал мел ду, халкъашна маршо хир йац, Россехь дехаш долчу дерриг а къаьмнийн къехой, маршо йезарш, цхьабарт болуш, цхьа вежарий а хилла, хIокху Iедална дуьхьал гIовтта беза, тIаккха бен халкъашна маршо йаккхалур йац, бохура цара. Паччахьера, хьолахошкара Iедал схьа а даьккхина, иза халкъан кара дала, адамашна, къаьмнашна йуккъехь цхьа а дов, тIом ца хуьлийла, уьш цхьа доьзал санна машаре, бертахь, маьрша дехийла, лаьа царна. Цундела Iедало, схьа а лоьцуш, набахтешка кхуьйсу, Сибрех лоьхку уьш.