Выбрать главу

Оцу ойланаша Іехош, шена хаа а ца луш йуьртах араваьккхинаМуса йуьрта йисттехь лаьттачу цхьана дехачу, тишачу божална тІеІоттавелира. Баьсса тІоьрмиг карахь дестечунна хьалха гІойла а ма дац. ТІехула тІе, уьш кхоъ меца дара. Миччара йаьккхина a, пхьуьйранна хІума йахьа йезара. Ткъа, хьанна хаьа, оцу божалахь каро а ма мега пайдехьа дерг. ДІогахула котамаш лела йежаш. Божална чуьра хур-тІур деш араиккхи ши хьакха. Цхьа хІума ца хилча, хьийзар ма йацара уьш оцу чу. Ма дика хир дара оцу чохь цунна хІоаш карийча!

Муса божали чу велира. ЦІенкъара нехийн баьрзнаш кегош кхин а шиъ хьакха йоллура. БІаьргаш жимма боданах боьлча, Мусана хиира и баьрзнаш мацах цкъа гурахь буракаш, жІаьнкаш, копастанаш цІанйеш дІатийсинчу лоьдгех хилла буйла. Бехк а ца хилла хьакхарчийн уьш кегорах.

Муса чуваьлча, шайн болх битина, хьалатаьІира ши хьакха. Цхьаннан кІомсаршна йукъалаьцна йоккха кІайн бурак йара. Мусан ши бІаьрг серлабелира. Хьакхин багахь дерг жовхІар хиллехь-м, тергал а дийр дацара цо. Цунна гург дийнна бахам бара. Цуьнан меца са йухадерзо ницкъ болуш. Шен цергех тесначу хих къурд бина, божалан неІ тІе а чІаьгІна, хьаьвдех хьокха а баьккхина, тІеволавелира иза. Дуткъий, доца цІагарш хьала а саттийна, хур-хур деш дІаиккхира ши хьакха. Масазза а хьокха тоьхча, эххар багара бурак охьатесира хьакхано. Схьаэцна, хечех хьаькхна, тІера шеташ дІа а йаьхна, Іуьйшуш хан ца йойъуш йиъна чекхйаьккхира цо. ТІаккха, неІ йиллина, ши хьакха ара а хецна, баьрзнаш тІехь цаьршиннан меттиг дІалецира. Дуьххьара карийначу жимчу бурако дог-ойла гІаттийра цуьнан. Нехаш кегор-м эрна хир дац! Таханенна десте Іеххол хІума карайахьара. Кхана цхьа гІайгІа бийр бара цо. Ши жІаьнк! Копастанан дог! ХІан-xIa, хІара болх иштта каде хилахь, церан хІусамехь масех дийнахь йаа хІума хир йу!

Цхьа-ши сахьт далале, Мусан тІоьрмиг йуьккъелц буьзира. Амма, шена карийначу хІонсах бІаьрмециг вуьйлуш, цо кхин дІа а кегайора нехаш. ХІан-хІа, кхин карийча, цуьнга йахьалур йац. Тоийта деза. Кхана йуха а вогІур ву иза. Амма хІара меттиг къайлехь латто йеза. Нагахь цхьанна хаалахь, адамаш гІертар ду кхуза. ТІаккха цара цхьана дийнахь къажбийр бу хІара баьрзнаш.

Муса кхийринарг хила а хилира. Иза мел къайлехь латто гІертарх нахана хиира цо и беркат мичхьара кхоьхьу. Кхо де далале наха иссаза тІекІелдехира и баьрзнаш. Церан доьзал йуха а меца бисира. ХІинца, къола ца дича, кхин некъ бацара кІелхьарвала.

– Дада, вай иштта мацалла дала Іийна девр дуй-те? – элира цо цхьана суьйранна шен дега.

– Ца Іийна хІун дийр ду вай… Со къена ву, хьо жима ву. Болх Далла тІе а биллина, совцур вай. Рицкъанаш Делехь ду, – суьлхьанаш хьийзочуьра йукъах а ца волуш, жоп делира цо.

– Наха, къоладой а, шайна рицкъа лоху. Изза дийр ду ас а.

Ден керара суьлхьанаш охьадийгира.

– ХІун элира ахь? – тевжина Іачуьра охьахиира иза. – Къола? Хьанна дан воллура хьо къола? Хьо хьера-м ца ваьлла?

Дена тІейеана моха сихха дІайелира, кІант шена дуьхьал вист ца хилча.

– Варийлахь, Муса, кхин цкъа а хьайна дага ма даийталахь иза. Къоладар дика гІуллакх дац. Бусалба динехь дихкина иза, нохчийн гІиллакхехь а оьзда дац иза. Хьо хьенан хІун лачкъо воллура? Кхузара бахархой а ма бу шайна дита а, вайна дала а доцуш. Шаьш оццул хала бохккушехь, шайн долчух вайна дакъа дан а гІерта. Эхь ма дара вайна, оццул дикачу оцу адамийн рицкъанна тІе къайлах куьг кховдийча.

– Ас неханиг лачкъор йац, ткъа колхозниг лачкъор йу…, – халла къаьсташ вистхилира Муса.

– Цуьнан хІун башхо йу? Колхоз а, пачхьалкх а адамийн йу. Дерриге а ду адамийн къинхьегамца ІаІийна. ТІехула тІе, колхозо а, пачхьалкхо а до вайна гІо. Колхозо лучух хене ца девлла вай дІайаханчу аьхка а, гурахь а? Варийлахь, мегар дац хьуна. ТІехь дола дан да-нана доцчара хІуъа леладарх, иза хаза ду ма мотталахь. Иэхь ду хьуна иза. Вай кхоъ бен дац, башха, мацделча, делха бераш дац. ХІинцца бІаьсте тІейогІур йу, тІаккха нитташ, хохаш гучубевр бу.

Хьовзийна чекхдаьхна суьлхьанаш, хьарча а дина, гІовталан кисана а таІийна, тІаккха дехха доІа а дина, йуха а цунна тІевирзира да.

– ДагадогІий хьуна, кІант, хьо доьшуш волуш, буьйсанна ахь суна дІайаханчу паччахьан заманахь адамашкахь, къаьмнашкахь латтийначу Іазапах лаьцна, революцис вайн махкахь советан Іeдал хІотторах лаьцна кинижкаш тІера хабарш дийцина? – хаьттира цо Мусага.