Ши бІаьрг хьаббина, ладоьгІуш Іачу Мохьмада меллаша кхузза корта таІийра:
– Бакъду иза, Іалха. Сан дагахь дерг цІенна схьадийци ахь.
– Амма оцу агІор ахь сагатдан ца оьшу, Мохьмад. Сингаттамо йолчу тІе а чІагІйо цамгар, Іожалла гергауьйзу. Хьан сапаргІат мел хили дегІа тІера цамгар сиха дІаайбалур йу. Генахь бисина хьоме Даймох, байлахь дисина дай-нанойн кешнаш йукъа а лоцуш, дуй биъна, ас дош ло хьуна, нагахь, цхьа Делан болх хилла, сайл хьалха хьан а, хІусамненан а Іожалла хилахь, сайн да-нана санна, лоруш, царна тІехь айса дендерг шуьшинна тІехь деш, шуьшиъ дІадолла а, шен нахана тІекхаччалц, хІокху лаьттачу шун кІентан сайн кІентан, вешин ас дендолу дола дан а. Нагахь ас хІара сайн дуй къарбахь, хьуна деллачу дашах со вохахь, Дала хьуна дуьхьал йуьхьІаьржа а валавойла со!
Делкъанна йуург йохьуш чуйеанчу лорйишас йукъахдаьккхира Іалхин къамел.
– Гой хьуна, жима стаг, дада дика Іаш ву. – Мусан белшах куьг туьйхира цо. – Ткъа хьо воьхна хьийзара. ХІинца арадовлар доьху шуьга, накъостий. Цомгашчунна дика дац дукха лер. XIoкхо хІума кхалла а йеза.
Іалха хьалагІеттира.
– Амма шуьшинна хІума хила йиш йац, Мохьмад. Шуьшиъ, Дала мукъалахь, толур ду. Схьало хьайн куьг. Меттахъхьен пурба дац хьуна, – Мохьмадан куьг схьа а лаьцна, тIe охьа а таьІна, цуьнан некхах шен накха туьйхира Іалхас – Марша Іойла хьо! Вайн везачу Дала маршалла дойла хьуна! Варийлахь, цхьана а хІуманна са ма гатделахь. Дала диканна цхьаьнатухийла вай.
Цаьршинга хьоьжуш хІоьттина лаьттачу Мусана гира ден балдаш дегалуш, дазделла бІаьрнегІарш тохалуш, царна йуккъера схьа Іовдаделла бІаьрхин тІадамаш, хебаршка ихначу мокхачу беснешна тІехула меллаша шершаш кІайчу можа йукъа а доьлла, довш.
VI
Тахана дог декхаделла, дегІ дайделла райисполкоман председателан кабинета чуьра арайелира Анастасия Федоровна.
Исполкоман председатело Турсунбековс цуьнга бешийтина спецпереселенцашна гІодаран хьокъехь болу правительствон сацамаш. ЦІенош-бахам вовшахтоха ахча а, машанна даьхний доло цхьацца бежана а лур ду царна. Цул сов, пачхьалкхо нохчашна хІор а син цІарах ло йалта а жимма алсамдаьккхина. Дукха ца леш, тІедогІучу йалташна дуьхьал гІур бац-те уьш…
Кертах дІатесна лаьтта шен говр схьайаста ойла хилла, цкъа дуьрстанан урх схьа а лаьцна, йуха а дІахийцира цо. Дерриге гІуллакхаш чекх а ца дохуш, цІа гІойла а ма дац. Комендатуре а йахана, нохчийн хьокъехь дагайала дезаш дуккха а гІуллакхаш ду Анастасия Федоровнин. Нохчашна йукъахь нисло хІинца а гІадданза наггахь стаг. Цхьаццаволчун аьтто хилла шайн долара безачу механ хІуманаш шаьш махках дохучу дийнахь кІелхьарйаха.Цхьаццаволчун доьзал жима а, кегий бераш цахиларо а аьтто бина. Иштта, гай йуьзна, дегІехь ницкъ болчу цхьамма шен зудчунна тІе зуда йалийна. Цхьана стеган ши зуда хиларх-м кху махкахь башха тамаша а ца бора. И шираллех дисина гІуллакх Іедало дукха хан йоццуш дІадаьккхина меттигерчу бахархошна йукъара. ХІинца а нисло къайллах шиъ-кхоъ зуда кхобуш узбек, киргиз. Амма уьш мацах цкъа балийнарш бу. Кху тІаьххьарчу шарахь, зудчунна тІе зуда а йалийна, уьш ший а цхьана стагехь йехаш меттиг хилла йац. ХІинца ишттаниг нохчашлахь долалуш лаьтта. Кхузткъе итт шо хенарчу воккхачу стага бухарчу зудчунна тІе йоІ-стаг йалийна. КІел хІотта тхов а, даа-мала а доцуш, вала верас воцуш йисина и йоІ а йахана цуьнга.
Ткъа воккхачу стага Іедалх лечкъадо иза ша шена йерзийна хилар. ХІара да-нана делла йисина шен гергарчу нехан йоІ йу, цундела, тІе а лаьцна, кхобуш йу, боху цо. ЙоІа а чІагІдо изза. Ткъа гІуллакх иштта цахилар Настина шера го.
Йуьртахь нохчийн маситта бер ду, ткъа царах школе лелаш йалх бен дац…
Кхин масане ду уьш! Дерриге а йуьртсоветан декхаршна чудогІуш а, Анастасия Федоровна шайца ларор йолуш а гІуллакхаш ду уьш. Амма нохчий спецпереселенцаш бу. Цаьрца доьзна кхолладелла гІуллакх – иза жима делахь а, доккха делахь а – комендатурехула къасто дезаш хуьлу. Хьалха кхузахь комендант хиллачу Чалийца дерриге а гІуллакхаш дика дІанисдора цо. ХІокхо санна, нохчех къахеташ, доглозуш, церан гІуллакхна шен са дІаделла, болх бора Чалийс. Амма иза цхьа бутт хьалха, кхузара дІа а ваьккхина, кхечахьа балха вахийтина. Ткъа мила, муха стаг ву-те керла комендант?