Цхьа хІума-м йаздеш стоьла тІе йуьхьар а вахана хиъна Іачу коменданто, маршалла а хоттуш, Анастасия Федоровна чоьхьайаьлча, шен балхах йукъах ца волуш, цунна неІарехь гІант гайтира.
– Хьайн гІуллакх схьадийца ахь, гражданочка, нохчаша йа къоладина, йа йиттина хьуна?
Анастасия Федоровна цецйелира.
– Суна-м иза а, йа важа а ца дина нохчаша. Со Покровкехь йуьртстоветан председатель йу. Хьуна ма хаъара, цигахь бехаш нохчий бу. Церан хьашт-дезарех лаьцна хьоьца къамел дан йеанеpa co.
– ХІаъа, суна йуьйцу хезна хьо. Васильева Анастасия Федоровна. Девзаш хир ду вайша. Сан фамили Кривошеев йу. Иван Харитонович. Сол хьалха хиллачу коменданто Чалийс а, ахь а нохчий, шайн тІома кІел боьхкина, кхаьбна бохуш, дийцина соьга. Йоккха гуманизм йу иза-м. Схьадийцал. Со ладугІуш ву.
Анастасия Федоровнас цхьаъ ца дуьтуш дІадийцира нохчашкара хала хьал, оцу халачу хьоло уьш зуламашна тІететтар, комендатуро жимма а шен гІо лаьцча, нохчашка и цхьадолу зуламе гІуллакхаш ца леладайта а, цаьрга хІоьттина хала хьал жимма аттачу даккха таронаш хилар а. Ша и дуьйцуш, аз дегадора, легашка шад хІуьттура Анастасия Федоровнин. ТІулг белхабалла инзаре ирча дара цо дуьйцург. Амма Кривошеевн йеакІов йуьхьа тІexь цхьа а тайпа хийцам ца хаалора. Оцу чохь цхьа а адам доцуш санна, шеквоцуш ла а доьгІуш, шен болх бора цо.
– Дийцина йелин хьо? – хаьттира цо, Анастасия Федоровна къамел дечуьра сецча. – Оцу къеначу стеган бухарчу зудчо арз диний хьоьга, шена тІе зуда йалийна аьлла?
– Ца дина.
– Къеначу стага йигначу йоІа арз диний хьоьга, ша шена ца везачу къеначу стага нуьцкъах маре йигна аьлла?
– Ца дина.
– Дай-наноша аьрзнаш дой хьоьга, шайн бераш доьшуш дац бохуш?
– Ца до.
Кривошеевс, ши куьг дІаса а тосуш, белш саттийра.
– Ткъа ахь тхоьга хІун де боху?
Анастасия Федоровна цецйелира. Иза ца тешара шена и дешнаш хазарх.
– Ой, цара муха до аьрзнаш? Аьрзнаш дан йиш йоцчу хенахь кхолладелла и гІуллакхаш. Ткъа иштта гІуллакхаш хила таронаш вай йитича, хилла девлларш мага а магийтича, царах хІун хир ду. Уьш вуьшта а бу боккхачу балехь…
– Белахь, бу-кх шайн бехкенна, – йукъахйаьккхира иза Кривошеевс. – Шаьш советски Іедална дуьхьал гІуьттучу хенахь, шаьш Гитлерна герз буйнахь гІо дечу хенахь, ойла йан йезара цара таханлерчу дийнан. Цхьа а вац царна хиллачунна бехке, уьш шаьш бу. ДІадаханчу бІешеран дохалла оьрсашна дуьхьал гІазотан тІом бинарш уьш ма бу. ХІетахь бІе эзарнаш оьрсий хІаллакбина цара. Революци хиллачу хьалхарчу дийнахь дуьйна, шаьш махках баххалц, советски Іедална дуьхьал герз буйнахь дуьхьало йина. ХІара тІом болабелча, цхьа а фронте ца воьдуш, шайн хьаннашкахь, лаьмнашкахь бандитийн гІеранаш кхоьллина, советски эскаршна букъа тІехьахула йамарт тІелетта. Доцца аьлча, кху тІаьххьарчу бІе шовзткъе итт шарахь кавказски ламанхошна а, вайн махкарчу кхечу халкъашна а йукъахь барт, доттагІалла хила ца дуьтуш, цигахь къаьмнашна йукъахь мостагІалла латтийнарш и нохчий хиллий хаьий хьуна, лоруш йолу Анастасия Федоровна?
Анастасия Федоровна йист ца хилира. ДуьххьалдІа шен легашка гІоьртинчу шадах къурд а бина сецира иза. Цунна хаац бІе шо, цхьаъ ах бІе шо хьалха хІун хилла. Ца хаьа цунна нохчий советски Іедална дуьхьал хилла ца хилла а, цара Гитлерна гІо дина йа ца дина а. Цо шен шовзткъе итт шо дерриге а Покровкехь даьккхина. Иза къинхьегамхо йу, йиъ класс бен хаарш а доцуш. Цунна дика хуург йалташ кхиор а, даьхний кхабар а, керт-ковхь гІуллакхдар а ду. Хьанна моьттура, цунах йоккхачу йуьртан куьйгалхо хир йу? Масане хир дац моьттург хилийти кху тІеман шераша. Амма цунна цхьаъ хаьа…
– Стенна бехке бу и зударий, бераш? – хаьттира цо, Кривошеевна тІе ши бІаьрг боьгІна. – Уьш а бара Гитлерна гІо деш?
– Иза вайшиннан хьекъал оьшуш гІуллакх дац, накъост Васильева. Ас цхьа хьехар дийр ду хьуна. Хьо зуда а хиларна, хьан майра а, ши кІант а фронтехь хІаллак а хиларна, хІинца хьо цхьа хиларна а, ахь нохчашна деш долу йишийла шайна ца гучуха ІадъІийна кхузахь. Амма тІех хІума дика дац. Советски Іедалан мостагІий хиларна, Даймахкана йамарт хиларна, правительствон сацамца нохчашна таІзар дина. Сталина буха куьг йаздина болу и сацам цхьаммо а дІасатетта а, бийцаре бан а оьшуш дац. Кхийтин хьо? Уьш кхуза бусто а, кхетош-кхио а ца балийна. Кхийтин хьо? Нагахь меттигерчу бахархойн, йукъараллин долаллина тІe куьг кховдадо-кх цара – тхоьга схьаала. Нагахь кхин хІуъу цхьа Іедална, меттигерчу бахархошна зуламе дерг до-кх цара – тхоьга схьаала. Оха таІзар дийр ду. Ткъа уьш шаьшлахь вовшийн карах белча а, вайн гІуллакх дац. Кхийтин хьо?