– ХІан-xIa, ца кхийти! Уьш а ду, тхо санна, адамаш. Зударий, бераш, къена нах…, – эххар а мохь белира зудчун.
– Делахь, хьо цІа йахча, тховса ойла йер ахь. Хьуо тахана мичахь хилла а ма дицде.
Кривошеев, кІоршаме вела а къежна, зудчуьнга арайала йезар хоуьйтуш, хьалагІеттира.
* * *
Комендантурин сени чохь лаьттара безамехь, цІена йуьхь-сибат долуш йуккъерчу дегІара шовзткъа шо хенара нохчо. Бесни тІехь а, чІениг тІехь а уьрсо хадийна цІийн хьоькхнаш йара. Схьахетарехь, Іуьйранна аравалале маж-мекх даьшнера цо. Цкъа-шозза комендантан кабинетан неІаре а вахана, ладуьйгІира цо. Чуьра схьа дов хезара. Зудчун а, стеган а.
Церан къамел дахдала доьлча, уьйтІа а ваьлла, пальтон киснара кисет схьайаьккхира цо. Томкин цигаьрка а хьарчийна, иза бага а лаьцна, цІетуханца кІожам лато вуьйлира иза. Чолакхчу аьрру пхьаьрсо новкъарло йеш, дикка къахьийгира цо кІожамах цІе ца леташ. Эххар а, цигаьрка а латийна, боккха баьккхина кІур пехашна чу а оьзна, шуьйрачу мераІуьргашкахула а, багахула a дІахийцира. Коменданто ша хІунда кхайкхина ца хууш, сагатлучу цуьнан са декъаделира.
Бешехьа а вирзина, керта тІе а тевжина, цигаьрка уьйзуш лаьтта иза, цІийнан неІ йоьллу а хезна, тІехьахьаьжира. БІаьргех йовлакх а хьоькхуш, оцу чуьра арайелира церан йуьртда Васильева. Иза шега хьажа кхиале, дІавирзира нохчо. Схьахетарехь, зудчунна ша кхузахь гойла ца лаьара цунна.
Оьзна йалазчу цигаьрканах кхоам хетта, цхьана метта шозза-кхузза кІур а баьккхина, кертал дехьа а кхоьссина, чувахара иза. Цхьана масех секундехь неІарехь соцунгІа а хилла, неІарх пІелгийн голаш туьйхира цо. Чуьра схьа оьгІазе аз хезча, меллаша чу а ваьлла, маршалла а делла, неІарехь ирахь сецира.
Нохчочун маршаллина дуьхьал жоп ца луш, кехаташ кегош, вехха Іийра комендант. ТІаккха шен цІен ши бІаьрг цунна тІебуьйгІира цо.
Хьалха а таьІна, гуонаш севсина цІен ши бІаьрг цуьнан дегІа тІехула а кхарстийна, цхьана йукъана нохчочун чолакхчу пхьаьрса тІехь сецира.
– Покровкера вуй хьо?
– By.
– Наибов Асвад вуй хьо?
– By.
Стоьлан гІутакх схьа а оьзна, оцу чуьра схьаэцна, нохчочуьнга дІагайтира коменданто цхьа кехат
– ХІара кехат девзий хьуна?
– Девза. Хьалха хиллачу коменданто даьккхина соьгара иза.
– Хаьа. Тхоьца болх бан тІелоцуш, ахь делла расписка ду хІара. Покровкехь а, районерчу кхечу йарташкахь бехачу нохчийн а дагахь дерг а, лелориг а тхоьга схьадийца тІелаьцна. Цул сов кхин декхар дуьллу хьуна тІe. Шаьш долчуьра оьрсех, киргизех, узбекех, кхечу къаьмнех болчу нахера Іедална дуьхьал даьлла дош, гІуллакх а тхоьга дийцар. Кхийтин хьо?
– Кхийти.
ДІакхевдина, сейфа чуьра цхьа папка схьа а эцна, куьзганаш доьхкина, оцу йукъара цхьа-ши кехат деша вуьйлира Кривошеев.
«Аьстамиров Іабдул-Іаьзам. 1877 шарахь вина. Граждански тІом болуш Советан Іедалехьа тІом бина. Нохчийчохь Советан Іедал хІоттош йуьхьанца жигара дакъалаьцна. Амма тІаьхьа контрреволюцин элементашца уьйр йолуш хилла. Хьуьжарехь дешна ву. Іаьрбийн мотт хаьа. Ша-шеца болх беш, бусалба динан Іилманан шуьйра хаарш долуш ву. 1932 шеран мартехь Нохчийчохь Советан Іедална дуьхьал хиллачу гІаттамехь дакъа ца лаьцна цо, амма оцу гІаттаман дакъалацархошца гергарлонаш, доттагІаллаш долуш хилла. 1933 шеран февралехь РСФСР-н УК-н 58-чу статьяца бехкевина, лаьцна, бархІ шо хан йаьккхина, 1941 шеран февралехь лагершкара дІахецна…»
«Эскарханов Іалха. 1916-чу шарахь вина. Йуккъера образовани. ТІом хилале хьалха эпсарийн школа чекхйаьккхина. Финнашца тІамехь а, хІокху тІамехь а жигара дакъалаьцна. Хьуьнаре, хьекъале, майра а эпсар ву. Партина а, советски Іедална а муьтІахьалла гайтина. «ЦІечу Байракхан», «ЦІечу Седанан» орденаш, масех медаль йу. Шен халкъ махках даьккхинчул тІаьхьа партина а, советски Іедална а хамталла йеш дош а, гІуллакх а ца даьлла цуьнгара. Амма цуьнан дагахь латтош къайленаш хиларан шеко йац. 1945 шеран аьхка цхьана тІамехь луьра чевнаш хилла, йеххачу хенахь госпиталехь Іиллинчул тІаьхьа, тІамехь гІуллакхдарх мукъаваьккхина…»
– Покровкехь вехаш Іабдул-Іаьзам а, Іалха а цІераш йолуш шиъ стаг вуй?
– By.
– Уьш муха нах бу?
– Хаац. Уьш ший а тхан эвлара вац. TІe, Іалха тІамера цІа веана дукха хан а йац.
Комендантан хьаьжа йуккъе шад хІоьттира.
– Уьш бовза беза хьуна. И воккха стаг молла вуй?
– Хаац суна. Йуьртахь белларш дІа-м бухку цо.
– И «хаац» боху дош дицделахь таханчул тІаьхьа. Со Чалий ца хилар а ма дицде. Оцу шина стага дІа мел олучу дашна а, дІа мел боккхучу когана а тІехь тидам латтор бу ахь. Іаьрбийн маттахь дешний ахь?