Шаьшшиъ школана гено йаьлча, Хелипат саца а йина, шегара помидораш а, сусма а цуьнга дІакховдийра Занус.
– Ахь хІун до? – цецйелира Хелипат.
– ДІаэца. ХІорш хьуна йуьту ас.
– Делхьа, оьцур йацара-кх. Хьо а ма йац, цІахь баьрчче хьаьжкІийн гали хІоттийна, Іаш!
– Со цхьаъ бен йац. ХІара бепиг суна шина-кхаа денна тоьур ду. ТІехула тІе, ас денна йоккху сайна мацалла ца йаллал хІума. Ткъа хьан цІахь кхоъ бер ду. ДІаэца, Хелипат, суна лаьа царна хІорш лойла.
Хелипатан ши бІаьрг хих буьзира. ХІан-хІа, цунна кІезиг хІума дацара иза. Цаьрца оьзна деши а, уьш а цхьацца агІор дехкича, цо, деши дІа а теттина, и дуьра помидораш а, сусмин пхи межарг а схьаоьцур бара. Шен дуьхьа а доцуш, ткъа мацалла мажделла, тишачу йургІана хьаьрчина, ша цІа йаре ладоьгІуш, шийлачу цIa чохь мацалла лечу кхаа беран дуьхьа. ХІетте а, уьш схьаэца, царна тІе куьг ца кховдадора Хелипата. Церан дуьхьа ма йахана ткъа Зану гена лаьмнашка, церан дуьхьа ма кегийна цо хІара шийла хатт.
– ДІаэца, хІумма а дац, – каратаІийра Занус цунна уьш.
Дегочу куьйгашца схьа а эцна, уьш вукхарна тІe тужуркин кисана тийсира Хелипата.
– Оцу вайн везачу Дала хьан майрачун коьрта тІера, цуьнан сина кхачо, хьо хьайн дех-ненах, йиша-вешех дІатоха, вай вешан даймахка цІа дерзо, вайн везачу Дала, Пайхамарша, эвлайааша къобалдина сагІа хуьлийтийла хьан хІорш! – бІаьргех корталий тІам хьоькхуш, халла йистхилира и. – Дала дукха йахайойла хьо! Дала ирсе йолда хьо! Кху дуьненан даьхни дерриге а ахь сайна делча санна, хазахийти-кх суна…
– Хьанала хуьлда хьуна а! Иза-м доккха хІума дацара. ХІара рицкъа вайна деллачу Далла бу хастам. Иштта къинхетаме вайша тІеэцначу оцу оьрсашна а хуьлда Дела реза! Цаьршимма xIapa дийр дуйла хиънехь, оцу керта гІур йацара со. Иэхь хетийти цара.
– Хьо-м дуьххьара йеанера, Зану. Со хІинца кхозлагІа йахана цаьрга. Кхуззе а, сан мохь дІа а ца оьцуш, кара хІума а йелла, цІа хьажийра. Иэхь хета, дера-кх. Цкъа а, шозза а ишттанехьа хІума йелча, кхозлагІа мукъане а дечиг дІаоьцур дац-те бохуш, йахара. Ас-м ишттанехьа а лур дара, ца оьшу хир ду-кх царна.
– Иэша-м, дера, иэшара царна. Цуьнан зуда ша а хуьлу хьардаш лехьош. ДуьххьалдІа вайх къахеташ лела уьш а. Кхечунна дохкийта дуьту.
Гена боццуш лома хьалаболучу урамехула схьагучувелира дуткъийчу серагийн цІов ги а тесна вогІу лекхачу дегІера вуткъа воккха стаг.
– Вий, йелла йала со дела!! – мохь белира Хелипатан, иза гича. – Боккха болх бу-кх хьо гай! Ахь дицдо-кх доллу хІума а.
–ХІун хилла? – Хелипатах ца кхеташ, дІасахьаьжира Зану.
– ХІун хилла бохург хІун ду! Велла Іуьллу Аюб вицвеллера-кх суна. Цхьа Дала ма-лоьхху Іабдул-Іаьзам а ву вогІуш.
Ши зуда воккха стаг тІекхаччалц сецира.
TIeдоьлхучу дерзо тІадийначу кетаран тІемгаш хьала а карчийна, уьш йукъах дихкинчу гатанах а доьхкина, шен когара маьхьсешна тІехула йуьйхина йоций теш йолу калош ларйан гІерташ, хатт кІезиг болу меттиг лоьхуш, керта йистошца, лаьтта бІаьра а вогІавелла, вогІура Іабдул Іаьзам.
***
Оцу йуьртахь пхи-йалх стагана а бен ца хаара и лекха, вуткъа хьаьрса воккха стаг а, цуьнан шийтта шо хенара хесара кІант а мичара ву, мила ву. Амма массарна а хаьара, и шиъ нохчий махках баьхначу хьалхарчу дийнахь цхьа гІуллакх хилла луларчу йуьрта вахханчуьра схьавалийна, шайн гергарчех-м хьовха, йуьртахойх а къаьстина, царах хилларг а ца хууш, кхузахь хан йоккхуш вуйла. ХІетте а, кхуза схьакхаьчначу дуьххьарлерчу дийнахь дуьйна везавелира иза массарна а.
Тахана санна, йочане, амма бІаьстенан йуьхьан де дара иза. Шовзткъе итт километр генара цІерпоштан некъа тІера стерчийн, говрийн ворданашца, эмкалийн ковраца схьабалийна ткъа доьзал йуьртан клуба чу охьахаийра. Масех доьзал цхьана вагонна чохь а болуш, инзаречу гаттехь цхьана баттахь цІерпоштан товарни вагонаш чохь шайн лаамехь доцуш биначу бехачу некъо гІелдинера адам. ХІетахь хІораммо а сатуьйсура, мичча махка, мичча хьоле кхийсина а, цкъа оцу вагонаш чуьра ара а даьхна, цІена хІаваъ чу а узуш, паргІат садаІаре. Цара сатийсина сахьт тІекхаьчнера. Амма хІинца а гуш дацара церан дегнашна маслаІат. КІадделла, гІелделла, бехделла адам. Доьлхучу берийн маьхьарий, цомгашчийн узарш. Цабевза мохк, меттигерчу къоман ца хаьа мотт, цайевза амалш. Церан хІораннен а йиша-ваша, гергарниш, йуьртахой бара. Амма мичхьа кхийсина-те уьш, хІун хилла-те царах? Маца гур бу-те уьш, йа гур а буй-те? Хаац. Хиндерг цахааро гІайгІане дожийнера адам. Ткъа оцу генарчу лаьмнашкахь царна, дуьне къайладоккхуш, тІегІертара Іаьржа, тийна, сингаттаме буьйса…