***
Цхьана эсарчу мохо дІайаьхьча санна, дІайелира нехан дегнаш тІера гІайгІа. Цхьа кІеззиг йукъана осалдевлла церан дегнаш йуха а чІагІделира. ТІоьрмиг схьа а биллина, цу чуьра Занун кехат-пондар а, вота а схьа а эцна, цхьа йоІ а гІаттийна, сцени тІевелира Маил. Цхьа сахьт хьалха нохчийн назманан гІийла аз декначу клубехь, хІинца стеган дог-ойла гІаттош, къенаниг а къонвеш йолу нохчийн чехкачу хелхаран эшаран аз кхерстира. Тоьхначу вотано а, тІараша а йегайора клуб. Кхоссавелла сцени тІе хьалаваьлла цхьа жима стаг, байн ког шаршош, гуо а баьхьна, каде бухь
а боьгІна, шеца хелхайалар доьхуш, Зануна тІевирзира. Хьерайаьккхина вота йетташ хиъна Іачу Маиле хьаьжира Зану.Маила, эсала вела а къежна, резахилла корта таІийра. Амма ша шолгІа гуо эцна йогІуш, цунна гира майрачун кхоьлина йуьхь. Стенан ойла йо-те цо? Зануна дагайеара Маил тІаме вахале шаьш цхьаьна йаьккхина ирсе хан. Цуьнан бІаьргашна хьалха хьийзара школа, уьш бинчу йуьртара клуб, шайн хелхарийн, эшарийн кружок, даим а ша а, Маил а цхьаьна хелхадийлар, республикехь хилла хьовсарш, газета тІе даьккхина шаьшшиннан сурт. Ткъа тховса? Цабевза мохк, йоьхна йеана буьйса, хІетте а, уьш хелхабуьйлу… Самукъа даьлла-м ца лела уьш, делахь а, иштта хила деза. Занун лерехь хІинца а декара воккхачу стеган дешнаш: «ЦІийзар вайгахь товр дац! Нохчийн къонахаллех, оьздангаллех, доьналлех ца духур вай!» Йуха гуо бохьуш йогІуш дІахьаьжначу Занун а, Маилан а хьажар тІеттІанисделира. Маилна гира чу хиш диссина кхохкийна шен къоначу зудчун ши бІаьрг. Иза кхийтира шен гІалатах. Охьа а таьІна, цІенкъа ши бІаьрг боьгІна, гал когаш шершош Зану шена дуьхьал йолайелча, вота чехка а йаьккхина, мохь туьйхира цо:
– Курра корта айба! Майрра ког шаршабе, нохчийн йоІ!!
… Цул тІаьхьа шо даьлла. Амма мел дукха хийцамаш хилла оцу цхьана шарахь! Оцу буса клубехь хиллачех дикка нах дийна бац. Велла хІетахь Зануца хелхаваьлла жима стаг а. Йуьртарчу куьйгалло а, Іабдул-Іаьзима а бохург ца хилира. Цхьаннен а ницкъ ца кхечира нахе шайн махках догдиллийта. Цара цуьнга сатуьйсура дийнахь а, буса а, набаро дІатебича, гІенах а, Іожаллина тІаьххьара сауьйзучо а. Шаьш тахана-кхана цига йухадоьрзур ду моттаро а, цамгарша а уьш ца битира кхузахь бахам вовшахтоха а, кхоччуш болх бан а. Тергал ца дира тІехь цІенош дан а, беш кхио а колхозо шайна къастийна латта а. Ца кечйира тІедогІучу Іаьнна йагориг а. ХІун до къахьегна? Тахана-кхана уьш-х дІагІур бу шайн дай баьхначу, церан цІийца хьандинчу, шаьш бинчу, кхиъначу махка…
Оцу дуьххьарлерчу дийнахь дуьйна, нохчашна-м хьовха, оцу йуьртахь дехачу дерриге адамашна а везавеллера Іабдул-Іаьзам. ГІийлачун дог оьцура, оьшучунна, дас санна, хьехар дора, гІо эшначохь дІахІотта даим а кийчча вара. ХІун дара а хаац, махкалло, мацалло адам гІелдинчу оцу шарахь, цкъа а дегІах цамгар ца хьакхалуш могаш лаьттира иза. Хала дара цул къинхетаме, догцІена, оьзда стаг кхин хир ву ала. Массо а адамийн гІиллакхе верзарх догдиллина галваьлла стаг а, цунна хьалха хІоьттича, иэхь хетий, ша мича оьккхур ву ца хууш, гатлой хьаьвзара.
Іуьйранна хьалххе хьала а гІоттий, араволий, иза, дІайаханчу буса велла дІаволла везаш стаг вуй хьожуш, хІораннан керта хІуттуш, хІор а доьзале хаза дош олуш, чекхволура. ТІаккха колхозан балха воьдура. Балхара цІа вогІуш, хІор а денна иштта цхьацца серийн цІов а бохьуш вогІура, тІаккха буьйсанна серагех тускар дора. Уьш цхьадерш цуьнгара колхозо, къинхьегаман денош а йаздеш, дІаоьцура, цхьадерш йуучух хуьйцуш йа бахархошна дІалора, амма, дукхахьолахь, кегий тускарш а дой, кегийчу берашна совгІатна дІалора.
Воккхачу стага доккха дакъалоцура йукъараллин дахарехь. Йуьртан а, колхозан а куьйгалло цуьнгахула гІо дора гІаддайначийн, байшна, доьзал белла бисинчу баккхийчу нахана а. Массанхьа а кхочура и кхузткъе пхийтта шо хенара догдика воккха стаг, амма нахана иза цкъа а гІелвелла, гІайгІане воьжна ца гинера.