Ткъа бала воккхачу стеган кийрахь алсам бара массерачул а. Амма цуьнгарчу балин теш вацара, и тІулган лаьмнаш а, Іаьржа буьйсанаш а, цуьнан цІийнан дерзина пенаш а, жима Берса а воцург. Шен устазна тІаьхьа а хІоьттина, Советан Іедалехьа къуьйсуш тІом бинера цо. Амма оцу Іедало, ша кога хІоьттича, 1933-чу шарахь, лаьцна, Сибрех бархІ шо хан а йаккхийтира. Дийнахь ша балхара ваьлча, серийн цІов баккха лаьмнашна йуккъе хьалавоьдура иза. Оцу хенахь лаьмнашца шалхабуьйлуш бекара цуьнан назманийн гІийла мукъам, шатайпа исбаьхьа аз. Мотт ца хуучу тІулган лаьмнашка цо доьхура, генахь дисинчу, шаьш санна, тІулган лекхачу Кавказан лаьмнашка маршалла далар, шех къастийна шен гІийла доьзал – нохчийн халкъ цадицдар. Цигахь ша висича, цунна хеталора оцу лаьмнаша шеца цхьаьна мукъам бо, ткъа тІулгаш тІехула шабаршца охьауьдучу шийлачу шовданаша шен кийрара бала дІаоьцу.
Буьйсанна Берса набарна охьавижжалц Далла гІуллакхдеш, хуий Іай, цунна наб кхеттий а хьожий, тІаккха шен дагна маршо лора цо. Ши бІаьрг а хьаббой, цхьана куьйга корта а лоций, шен назманан мукъаме терра дегІ а техкош, иза кхойкхура генахь бисинчу Даймахке, цигахь дисинчу дай-нанойн кешнашка, Деле къинхетам боьхура холчахІоьттинчу шен жимчу халкъана. Амма цо цкъа а цІе ца йоккхура шех къаьстина, мичахь бу а ца хуучу шен доьзалан, къеначу йижарийн, вежарийн. Иза ца кхоьрура Іожаллех, амма иза кхоьрура шен Іожалла, каш даймахкана генахь хиларна.
Ткъа мискачу Берсега мел ойланаш йойтура цо. ЙургІанна кІел таьІна, цуьнга ладоьгІуш, кІантана карлайолура вина йурт, нанас бина йижарий, ша дукха левзина меттигаш, нийсарой. Мичахь бу-те уьш берриге а, гур буй-те цунна уьш цкъа а? Къена да а велла, хІокху хийрачу нахана йукъахь висахь, цо хІун дийр ду-те…
***
Хоттах къехкаш, шена хьалха лаьтта вогІавелла вогІучу воккхачу стагана ца гора некъа йистехь хІоьттина лаьтта ши зуда. Цаьршинна хезара воккхачу стага ша-шена меллаша бечу мукъаман аз. ХІинца а иза мукъавалаза вара лаьмнашкахь шен коьрте йиссинчу ойланех. Амма, шина зудчух бІаьрг кхетча, цуьнан сийна ши бІаьрг бекхабелира, хьаьрсачу мекхашна тІе куьг а хьаькхна, цхьа а талхаза цІеначу, кІайчу цергийн ши могІа гучу а боккхуш, догдика велавелира иза цаьршинна.
– ХІан-хІа, йижарий, муха ду шун гІуллакхаш? Бераш могаш дуй? ХІусамаш шийла-м йац? Дукха гІаддайний шун? Собаре хила шу. ХІинцца тІекхочур йу бІаьсте. ТІаккха шортта баа нитташ хир бу. Уьш дІабовлале, царна тІаьххье кхин рицкъа а тІедогІур ду. ДІадаханчу шаро-м Іехийра вай, амма хІинца Іехалур дац. Кхаъ бу шуна! ЦІенош деш вайна гІоьнна ахча лур ду пачхьалкхо. Цул сов, хІор а доьзална цхьацца йетт а ло. Иза билггал бакъду. Районера цІа йогІучу йуьртдас хІинцца дийцира соьга иза. Ткъа и зуда цкъа а харц ца луьй. Бежнаш вешан божалахь долуш санна, паргІат хила мегар ду вай. Ткъа бІаьсте ма-йоллура, вешан бошмаш а йуьйр йу. ХІинца-м хаьара вайна, кхузара латта муха лело деза! Колхозан болх а бийр бу. Бошмаш йийна девлча, цІенош а дугІур ду. ХІаъ, маьІІаргонна дицлора-кх суна. Пачхьалкхо вайна луш долу кхачанан сурсаташ алсамдаьхна. Гур ду шуна, цхьа-ши шо далале, вай, вешан вархІий ден ца хилла бахам а болуш, даха охьаховшуш! Ирс хуьлда шуьшиннан, Дала дукха йахайойла шуьшиъ!
Ши зуда шена некъ буьтуш сецна моьттуш, цаьрга и тІекаре а йина, тІехваьлла дІаволавелира воккха стаг.
– Іабдул-Іаьзам! – тІаьхьа мохь туьйхира Хелипата.
Воккха стаг, саца а сецна, йухахьаьжира.
– Делхьа, лакха ломан чІожара ара ма-веллинехь долчу ІандагІна тІе кхаччале велла Іуьллуш ву-кх тхан эвлара Аюб. Цунна хІун де-те вай?
Іабдул-Іаьзаман гира серийн цІов меллаша шершина лаьтта бахара. ЦІеххьана кхоьлира йуьхь. ХІун дара-те къонахчун йуьхь тIe гІайгІане марха теснарг? Дийнахь сарралц болх бина, кІадвелла цІа вогІучу цуьнан къеначу дегІо мало йора-те йуха лома хьалавала, велла стаг цІа вало? Йа шен нийсарг новкъахь, воьдуш лаьтташехь, Іожалло лацаро шен а ойла йайтира-те цуьнга? Шина зудчунна хетарехь, и гІайгІане вожийнарг оцу шиннах цхьаъ дара, амма и шиъ гена йара бакъдолчунна тІекхиа.
Воккха стаг, цаьршинга кхин хеттарш ца деш, хьаж тІе куьг а лаьцна, гуонаха дІасахьаьжира. Схьахетарехь, цо шена накъост лоьхура. Амма оцу цІемзачу дийнахь урамехь гуш стаг вацара. Иштта таро йоьхна иза хІоьттина лаьтташ, йуххерчу кертара аравелира воккха стаг Сарыбай. Цунах бІаьрг кхетча, сапаргІатделира Іабдул-Іаьзаман.
– Ассалам Іалайкум, Іабдулла-акхсакхал! – генара мохь а тоьхна, тІевеанчу цо шина а куьйга Іабдул-Іаьзаман куьг лецира. – Шу догІанехь ма лаьтта? Сингаттам болуш xІума-м ца хилла?