Выбрать главу

Аннаш херадевлла тиша неІ схьайиллича, боданечу жимачу цІа чу волу. Цхьа долчу цхьана коран шина бІаьрган ангалеш а дац. Уьш доьхначу теІийна тиша тІелхигаш йу. Чохь гуш йац мотт-гІайба а, кад-Іайг а. Мел стомма а стаг чухула паргІат хьала а валалур волуш йолчу товханан шуьйрачу туьнкалгехула охьадеттачу догІанна кІел лата ца туьгуш, кІур туьйсуш сийса тІуьна гІий. Гобаьккхина чухьоькхучу мохо арабала ца буьту кІур чухула го бохуш хьийза. Цо Іарждина пенаш а, тхов а, сегІаз хьаькхча санна, лепа.

Оцу чухула дІа неІ йолу дехьара цІа цІена а, мелла а чохь йийбар йолуш а у. Цхьаъ бен кор дацахь а, и ша дерриг ангали диллина ду. Поппаран терхешна тІехІоттийна масех пхьегІа йу, хьарчийна маьнги тІе йоьттина мотт-гІайба, пешахь йогуш йоккха цle a.

Ткъа дуьххьарчу боданечу цІа чохь, цхьана маьІІехь тІуьначу цІенкъа тесначу истанган бІегІага тІехь, хьарчийна тиша тужурка гІевланга а йиллина, дуткъачу йургІанна кІел когаш мере оьзна Іуьллуш зуда йу. И адаман овгол бегабора. Хезара вовшехйеттало цергаш. НеІарх, корах а чу хьоькху шийла мох эттІачу йургІанах чекхбуьйлу. Шелло меженаш дІахьулйан гІерташ, йургІа тІеуьйзу цо, амма а кхечахьа деллалой, ков долу. Сихдина садоьІу. ДегІ дегадо. ДегІа тІехь хьацар ду, амма цунна шен кийрахь ша болуш санна хета.

– Шеллуш леш йоллу-кх… Везан Дела, хьан болх бу-кх… Дависа хьо дуьненан… Букъа тІехьа йургІа таІо стаг мукъане а велара…

ХІан-хІа, цхьа а вац цунна орцах вала. Маилан маьхча Асвад эвла йуккъе ваьлла, цуьнан зуда Себила а суьйранна бежанаш оза ферме йахана. Товханна чухула охьа цІийна тІехьа цхьа ши адам луьйш хеза.

Сихдина доІу са йуха а оьзна, йеттало цергаш тІетта а таІийна, Занус ладугІу. Цунна девза оьрсийн а, гІиргІазойи а маттахь дешнаш лехьош цхьаьнца къамел дан гІертачу Асвадан гІоргІа aз.

«Кхайкха-те со цуьнга? – ойла хуьлу Занун. – КІел мох хьоькхучу йургІа таІадойтур дара-кх. Йа, хьанна хаьа, сох къа а хетта, шайн чуьра деана, суна тІе йургІа таса а мегий цара-м…»

ЙургІанан маьІиг дІа а тосий, корта гучубоккху Занус. Хи чу Іоьттича санна, хьацар доьлла йуьхь. Цунна тІелетта Іаьржа месаш. Кхохкийначу бІаьргаш чохь лепа чухІиттина бІаьрхиш. ОьгІазе шок йетташ, товханна чухула охьахьоькхучу мохо сихха шелдо йуьхьа тІера хьацар. Арара гІовгІанаш дІатоь.

Занус шен корта йуха а йургІанна кІел буллу. Йуха а уьйриг хилла горгделла цуьнан эгІаза дегІ дегадо, йуха а йеттало цергаш, садеІар чехкадолу. Коьрте цхьа башха ойланаш хьийза, бІаьргашна хьалхахІуьтту бес-бесара суьрташ…

…Генахь йисина йина йурт. Цигара исбаьхьа Іалам. Школехь доьшуш даьккхина ирсе ворхІ шо. Жимчохь дуьйна цунний, Маилний йукъахь кхоллабелла безам. ЦІеххьана иккхина тІом. ХІетта ткъайасна шо кхаьчна Маил шен лаамехь фронте вахар. Зану коьртехь а йолуш колхозехь вовшахтоьхна мехкарийн звено. ТІом толамца чекх а баьлла, Маил цІа а вирзина, цуьнца цхьаьна хІусамехь гуттаренна а йаха охьахаа ша сатийсар. Курскана уллохь шена чов хилла аьлла, Маилера деана кехат. Масех бутт баьлча цхьа ност йоцуш, некха тІехь орден, медалаш йолуш винчу йуьрта иза цІаверзар. Шаьшшинна вовшийн дуьххьара гина буьйса…

Иза дара Занун доттагІ Асет йолчохь. Іасанашна тІе а тийжаш, неІарх чоьхьаваьлла Маил, дуьхьал хІоттийна лаьттачу гІанта тІе охьа а хиъна, Іасанаш улло пенаца дІа а хІиттийна, вела а къежна, Зануга хьаьжира. Зануна гора шена хьалха хиъна Іен оза, Іаьржа йуьхь йолуш, Іаьржачу месашна йуккъехь сирделла чоьш долуш жима стаг. Маил хийцавеллера. БІаьргаш а бацара, хьалха санна, самукъане. Мел иза лачкъо гІертарх а, царна чохь гІайгІа гора Зануна.

Зану, охьахаа ца кхеташ, ирахь лаьттара.

–ТІаккха, Зану, хьан гІуллакхаш муха ду? – хезира цунна Маилан хийцаделла аз. БІаьрхиша тІехула марха тесначу Занун бІаьргашна хьалха шалхадуьйлура Маилан сурт.

– Хьо йист ма ца хуьлу? – бохура Маила. – Ирахь ма латта, охьахаа.

Зану йоккхайера цІа чохь шаьшшиннал сов кхин адам цахиларх! Шен берриге а ницкъ тІебахийтина, ца йелха гІерташ, къурдаш деш, шеддаш логехь сецадора цо. Амма ницкъ кхачалуш лаьттара. Цунна гора, мацах цкъа самукъане, могаш, каде хилла, ткъа хІинца цхьа ност йоцуш, дуьненан самукъанах хаьдда, хеназа къанвелла цуьнан хьоме Маил. ХІун дийр ду цо? Хьан хьостур ду цуьнан доьхна дог? Цуьнан-х да-нана, йиша-ваша а дац.

Занус, ша йолччу охьа а лахйелла, шина а куьйга корта а лаьцна, дагна маршо йелира.