Зану, шен тужурка тІе а йуьйхина, дегочу куьйгашца шен йургІа а, истанг а дІахьарчо хІоьттира. ТІаккха, царна тІехула къевллина бухка а бихкина, уьш шен ги а тийсина, сонехь Іуьллу ша дечке лело жІоммагІа кара а эцна, арайала кечйелира иза.
Асвад кхеравелира. ХІинца арайалийтахь, цо-м иза нахала воккхур ву. Цаьршиннан хилла къамел цхьанна хазахь, иза велла дІаваллалц цуьнгахь безам хир бац цхьана а стеган. Зударшна, тІехула тІе, гергарчу зудчунна, йамарт хиларал доккха иэхь ма дац нохчийн. Иштта стаг, тІулгаш детташ, къиза вуьш, йуьртах а, махках а воккхуш хилла. Ткъа несана йамарт хилла бохург дуьйцу хезна а дац. Кхеро йеза хІара.
– Ахь хІун до? – Занун некъ лецира цо.
– ХІун до бохург, хІун ду? Арайолу-кх. Кху хьайн йамарт цІа чохь со кхин дІа а йуьсур йу-м ца моьтту хьуна?
– Арайаьлла, стенга гІур йара хьо? Хьуо дагайоьхна Іаш бу-м ца моьтту хьуна нах?
– Дуьне доккха ду. Сайн Іожаллина меттиг миччахьа а карор бу суна. Кху чохь йалар а сийдоцуш хета суна. Ткъа нахах жоп ахь ма ло. Хьо санна, боьха дац адамаш…
– Ас хьоьца йинарг-м забар йарий
– ХІаъ, оьзда забар йу иза-м!
Ша бохург ца хуьлийла хиъна Асвад ша лелийнарг кхечу агІор дерзо гІоьртира.
– Хьо нах безаш йу бохуш, хезнера суна. Цундела хьо зиэн гІоьртира co…
– Зиэйелин хьуна?
– Со тийши наха дуьйцург бакъ цахиларх. Хьайн сал-пал охьайилла. Вайшинна йуккъехь хиллачу къамелах лаций цхьана а адаме цкъа а бага ма гІаттайе. Нагахь ахь цхьа дош аьлла меттиг хаалахь, ас аддамна хІума ца хоуьйтуш, са доккхур ду хьан. Охьайахка хьайн гира хІуманаш!
Занун гира йургІа а, истанг а схьадаккха дагахь, тІе куьг кховдийра Асвада. Амма, цхьа гІулч йуха а хилла, Занус, куьг тІехьа а дохуьйтуш, жІоммагІа хьалалецира.
– Сох куьг ма Іотталахь, ас, диг тоьхна, корта батІор бу хьан! Хьан несалара со дІайаьлла, суна хийра стаг ву хьо. Некъ бита суна!
ОьгІазаллех буьзна, цІе санна, богучу Занун бІаьргаш чохь бохалур боцу сацам гина Асвад, кІилло йуьстах а иккхина, дехьа чу велира.
Мийра тоьхна неІ дІа а йиллина, арайаьллачу Зануна, лергашкахь дера шок йетташ, дуьхьалкхийтира Іаьнан тІаьххьарчу денойн шийла тІуьна мох.
Асвадан кертара арайаьлла Зану урамехь йехха лаьттира, ша мича гІур йу ца хуьуш. Хелипат дагайеара. Амма иза йуьртан дехьа йистехь гена йара. Цига дІагІерта дегІехь ницкъ бацара. Цхьа-ши цІа дехьа тоьли чохь Іаш долу бераш дагадаьхкира цунна. Царах воккхахволу кІант Решед дечке баханчохь цкъацкъа ЗанугІаьрца нислора.
И буьйса оцу берашна йуккъехь а йаьккхина, шолгІачу дийнахь
Іуьйранна хьалххе Хелипат йолчу йаха дагахь, шен мотт-гІайба ги
а тоьхна, новкъа йаьлча, ша хІун до а ца хууш, эвлал арайелира. ХІор а дІа тосучу гІулчаца дегІ гІелдала доладелира. Гира мохь беза бацахь а, амма кийрарчу балано, кІез-кІезиг саттош, букархьовзийра нийса букъ. Цунна ца хаалора цІеххьана тІеделха доьлла, раз йуьхьа дуьхьал деттало шийла догІа, дегІах чекхбуьйлу шийла мох. ДогІанах а ийна, беснешна тІехула комаьрша охьахьаьлхинчу бІаьрхиша хІоттийначу дахкаро долчу тІе а кхолийнера цунна и йочане де.
Урамехь дуьхьалкхеташ стагга а вацара. Массо а шен-шен хІусаме воьллинера цІемзачу дийно. Диттийн дерзинчу гаьннашна тІера охьалиэдара догІанан мела тІадамаш. Мотталора, уьш а шеца цхьаьна, къаьхьа бІаьрхиш Іенош, доьлху. Ткъа Зану хьалха дІайоьдура. Цо хІинца тергал а ца бора хатт, ца ларйора когара хІетталц ша леррина ларйина Маилах йисина хохолаш а. Иза хьалха дІайоьдура, амма стенга йоьду шена а ца хаьара.
Стенга гІур йара иза? Асвада ма-аллара, цхьа а вацара иза шайн хІусаме йаре сатуьйсуш. Вац цхьа а йуьртахо а, гергарниш а. Цхьа волу цхьа йуьртахо марваша Асвад а йамарт хили. Мичахь бу-те бисинарш? Ца хаьа. Хьаьнга балхо беза дагна Іаьткъина къаьхьа бала? Вац цхьа а.
«Вац цхьа а. Сайн нах лоьхуш, бІаьргаша йуьгучухула дІайахча? ХІан-хІа, тІаккха а гена гІур йац. Баттахь шозза вогІу комендант нохчашка куьйгаш таІадайта. Иза ван ши де бен ца дисина. Куьг таІо шена тІе ца йеача, цунна хуур ду хІара йедда йаханийла. ТІаккха тІаьхьа орца доккхур ду. Йа орцане а ца хьоьжуш, хьалха тІекхаьчначу милцочо йухайалор йу. ТІаккха, хан тоьхна, Сибрех йохуьйтур йу…
Зану, йуьртал ара а йаьлла, шакъаьстина лаьттачу гу тІе хьалайелира. Кхузахь нохчийн кешнаш дара. Дуьххьара дІавоьллинчу шинна-кхаанна гІевланга хІиттийна халла къаьсташ тІе цІераш а, терахьаш а йаздина шога тІулгаш дара. Жимма тІаьхьо беллачеран гІевланга йоьгІна ІандагІан дечкаш. Царна тІера йозанаш тоххара дІадайна. Ткъа дисинчу кешнийн гІевлангахь йоьгІна хІумма а йац. ТІе буц йала а кхиале, бицбелла оцу баьрзнашна кІел берш. Церан тІаьхьенаш дІайевлла, йа мацаллина Іохкуш йу. Белларш дагабогІучохь дац дийначийи хьал.