Выбрать главу

Кешнийн баьрзнашна йуккъехула хьийзаш йоьду иза. ГІевланга боьгІна гІамаран лоха тІулг а болуш, тІаламечу куьйгаша боккхачу безамца хьаьхначу кошан борзана тІехь соцу цуьнан ши бІаьрг. Цигахь дІавоьллина цуьнан хьоме Маил. Цунна тІейогІу иза даим а, шена бала базбелча. Кхузахь Маиле далхадо цо шен дог. Цуьнан бІаьргех Іенначу мелачу хиша кхиийна оцу кошан борза тІера йушанан корсам.

Зуда цкъа кошан гІевланга охьалахло, тІаккха, цхьа дуьхьало хаьддачу хих тера, цІеххьана мохь олий, барз мара а къовлуш, цунна тІейужу. ХІан-хІа, иза зударийн цІогІане йелхар дацара. Дуьххьара баьллачу маьхьарна тІаьхьа хезара беха узам. Шен садукъдала доьлча, логе ка а детташ, гІайри тІе тесначу чІеро санна, бага а гІеттош, йуьхь сенйелла, халла сауьйзура цо. ДегІера ницкъ эшар дара а хаац, йа йелхаро дог хьаийна дара а хаац, амма зудчун йелхар, тІаьхь-тІаьхьа лагІлуш, эххар а дІатийра.

Йакъайеллачу баца тІе деттачу догІано кІеда татанаш дора. Ши бІе метр бен гена йоцчу школехь бехха горгали бийкира. Цуьнан зов дІатен а кхиале, зевне маьхьарий а детташ, школа чуьра арахьаьлхира бераш. Амма Зануна уьш цхьа а гуш а, хезаш а дацара. Цунна ца хаьара, школина уллохула ша тІехйолуш, корах арахьаьжначу Николай Кузьмична ша гинийла а, тІаккха, араваьлла иза, шена тІаьхьахьоьжуш хІоьттина лаьттинийла а, хІинца иза, Іасанна тІе а тийжаш, оцу догІанехула кешнашка хьалагІерташ вуйла a…

«Маил, сан хьоме Маил, ас хІун де-те? – бохура Занус шабаршца ша-шега. – ХІунда ца йели Дала вайшинна цхьаьний Іожалла? Гой хьуна со, цхьаъ бен воцчу хьан маьхчин йамартлоно ара а йаьккхина, тІетовжа верас воцуш, кху доьхначу дийнахь хьо волчу йеана? Деле со йехахьа, Маил, дІайигахьа со кху къизачу дуьненара.»

ЦІеххьана цуьнан даг чу иккхира воккха стаг Іабдул-Іаьзам. Цхьамма цуьнан цІе йоккхуш, ша цунна тІехьоьхуш санна хетаделира цунна. Меллаша хьала а нисйелла, куьйгех летта хьаьрса поппарш а ца гуш, уьш бистинчу бІаьргех а хьаькхна, шен йуьхь мажйира цо. Воккха стаг дагавеача, цхьабоккха мохь шен гира охьабоьжча санна, сапаргІатделира цуьнан. Ша а цецйуьйлура иза хІинццалц шена Іабдул-Іаьзам дага ца варах. Иза ма ву дан амал доцуш кІелвисинчун гІо деш. Цуьнан гІийлачу хІусаме ма йоьду хІинца Зану санна, массарех хаьдда йисина зуда, байлахь дисина бер. Зударийн гергарниш лоху, бераш, Іедалца гІайгІа а бой, берийн цІеношка дІало. Зануна дуккха а ма хаьа цо дина дика гІуллакхаш. Иза тешна йара шена и нийса некъ Маила гайтина хиларх.

Оцу ойланаша дІалаьцна Іачу зудчун белша тІе цхьамма дайн куьг диллира.

– Ахь хІун до, Зану, кху доьхначу дийнахь кешнашна йуккъе а хиъна? –кІеда-мерза бехкашдаха вуьйлира иза. – Бистина ши бІаьрг, хотташа йуьзна йуьхь, ткъазйевлла бедарш. XIaн-xІa, кхузахь цІанлур йац хІорш. Йало, дІога татолна тІе а гІой, хьайн йуьхь-куьг дила.

Зану, дуьхьало ца йеш, йист ца хуьлуш, татол долчухьа дІайолайелира.

Шена хьалхарчу коше леррина хьежа хІоьттира Николай Кузьмич. Цунна шера девзира Маилан каш. Шина фронтовикна, шина заьІапхочунна йукъахь чІогІа гергарло тасаделлера цига нохчий балийначу дуьххьарлерчу деношкахь дуьйна. Амма цунна ца хиънера Маил цомгаш хилар а, иза дуьххьалдІа мацалло кІелвитина хилар а. Цунна ца хиира иза вала воллучу хенахь а. Маил дІавуллучу дийнахь нахаца цхьаьна кху кешнашка веара Николай Кузьмич, амма, баккхийчу нахана ша кешнийл чоьхьаволийла ца лаьийла а хиъна, арахьа сецира иза.

– ХІаъ, доттагІ, декъаза хили хьан Іожалла, – элира цо, доккха са а даьккхина. – «Даймахкехьа! Сталинехьа!» бохуш, шийла автомат хьалха а лаьцна, фашисташна тІе хийла атаке ихна хир ву-кх хьо. Иштта – эзарнаш нохчийн кІентий а. Мила ву-те хьуна а, хьан жимачу халкъана а бохамна харц дош аьлларг? И хаттар ахь дукхазза а дира соьга. Ткъа суна ца хаьара хьуна жоп дала. ХІинца а ца хаьа. Амма, хуур ду. Хено къастор ду дерриге а. Бехкеволчуьнга луьра жоп доьхур ду. Цунах тешалахь… Ткъа хІинца паргІат Іилла хьо.

Догдоьхна Николай Кузьмич, Іасанна тІе а тийжаш, Зануна тІевахара. Йуьхь-куьг дилина а йаьлла, шен йуьхьах йургІанан маьІиг хьоькхуш йоллура иза.

– Гой хьуна, хІинца цІанйели хьо. Дийцал хьайна хилларг.

– ХІумма а ца хилла…

Занун бІаьргаш йуха а хих дуьзира.

– Бакъ дац и. ХІуъу хиллехь, а цхьа цатам хилла хьуна. Суна цкъа а ца гина хьо иштта гІийла, догдоьхна.

– ХІумма ца хилла, Николай. Дуьххьал дІа са а гатделла, Маилан коша тІe хІотта йеанера со…

– Ткъа мотт-гІайба стенна лелайо ахь гихь?

Шен бІаьргех хьаьлхина хиш къайладаха дагахь, карара диг охьа а дожийна, иза схьаоьцучуха охьатаьІира иза.