Выбрать главу

– Іалха, ахь хІун до?! – цецвелира наьрсах тасавелла воллу Николай Кузьмич. – Ахь хьалха-м ма молура?

– Тахана ца молу ас.

– И хІун ду? Тахана а ца мелла, хІара маца а, хьанна тІера а мала воллу хьо?

– Ма хеттахьа, Николай. Цул, соьга хІума йаийтахьа. Тахана кийра рицкъа дахана дац сан.

Мария Петровнас, йовха борщ йоьттина, бошхап хьалха хІоттийра цунна. Іалха йиъна валлалц вист ца хуьлуш Іийра Николай Кузьмич.

– Бехк ма биллахьа суна, Іалха. Суна дагара даьллера нийсса шо хьалха, 23-чу февралехь, шу махкахдахар…Aммa… Шун бохамна бехке вайшиъ санна болу советски тІемалой ма бац.

Іалха, вист ца хуьлуш, мІераца копаста кегош Іара.

– Ас хьуна дийца ма ца оьшу фронтехь вай а, вайн накъосташа а лайнарг, ловш дерг а. Фашисташа оккупаци йиначу Украинехь, Белоруссехь, Россин областашкахь а динарг.

Эххар а мІара стоьла тІе охьа а биллина, дегІ нисдина, доккха садаьккхира Іалхас.

– Иштта-м, дера, дара иза, Николай. Украинехь, Белоруссехь,

Россин малхбузе областашкахь йарташ, гІаланаш йохийна, бІe эзарнаш машаре адамаш дайъина, эзарнаш лолле дигна. Байъинарш а, белларш а денлур бац, амма йийсаре лецнарш а, лолле бигнарш а шайн даймахка цІа боьрзур бу. Украинцаша, белорусаша, оьрсаша шайн йарташ, гІаланаш, бахамаш меттахІиттор бу. Йукъахйисинчуьра дІа керла гІулч йоккхуш дІайолалур йу культура. Йазйийр йу историн керла агІонаш. ХІокху тІамехь шайн халкъаша гайтина турпала хьуьнарш гойтуш. Цара а, вайн махкарчу массо халкъаша а. ХІунда аьлча церан даймохк бу, шайн дайн лаьттах кІоргга тесна орамаш ду церан. Орам буьтуш, хадийна дитт, йуха маргІалш а тосий, денлой, заза доккхий, дІахІутту, цунна тІера даьржинчу стоьмаша кхин хьун кхиайо. Амма орамашца бух даьккхина дІакхоьссина дитт, дакъалой, дахкалой, хІаллакьхуьлу. Ткъа нохчий а, гІалгІай а, кхин масех халкъ а и орамаш бухдохуш шайн даймахках даьхна, казахийн аренашка, лаьмнашка даржийна. Уьш хІаллакьхуьлуш ду, мозий санна, мацалла, шелонна. Шайга беана бохам цалалуш а. Іожалла ца хилла дийна бисинчех хІун хир ду? Цхьа ах бІе, бІе шо даьлча, бухарчу къаьмнех дІаийна, ларйоцуш довр ду и халкъаш. Шайн къоман мотт, истори, культура, гІиллакхаш, амалш йицйина. Дуьненахь нохчийн, гІалгІайн, гІалмакхойн, балкхаройн, кхарачойн, гІирмерчу гІезалойн а халкъаш хиллийла хууш цхьа кІеззиг Іилманчаш хир бу. Оцу халкъийн цІе йоккхур йу «деллачу халкъашна» йукъахь. ТІаккха хаьий хьуна, Николай, сан халкъе беанарг мел боккха бала бу?

Николай Кузьмич, шен киснара бІаран диттах дина томкийн гІутакх схьа а даьккхина, газетах цигаьрка хьарчо вуьйлира.

–Ас-м цхьа бІе шо даьлча хиндерг дуьйцу, – йуха а къамел долийра Іалхас. – Тхо махках даьхна цхьа шо кхаьчна, амма тхо махках дохуш йа схьадалош новкъахь гинчарна, йа кхузахь дехачу халкъашний бен ца хаьа тхо махках даьхнийла, тхоьга хІоттийна Іазап а. Ткъа иза хууш болчу нахах дукхахберш теша тхуна тІехь дина таІзар нийса дина хиларх. Уьш теша, нохчаша Гитлерна гІо дина, нохчаша даймахкана йамартло, тешнабехк бина, уьш шен йерриг исторехь Россина тІелеташ, разбойникаш, цІийна сутара халкъ хилла бохуш, даржочу харц эладитанех. Царна ца хаьа нохчийн халкъо цхьа а кхечу къоман махках цхьа ге латта а дІа ца лаьцнийла а, кхечу халкъан махка тІе а бевлла, цхьана а стеган цІий ца Іанийнийла а, цхьана а халкъан маршонна дуьхьал герз ца айбинийла а. Macex бІе шарахь нохчийн халкъо шен маршонехьа къийсам латтийна паччахьан колонизаторшна дуьхьал. Ткъа нохчийн халкъо Гитлерна гІо муха до, нохчийн махка тІе фашистийн цхьана а салтичо ког биллина ца хилча?

Къамеле бевллачу божаршна йуург йицйеллийла хиъна, Мария Петровна чай кечдан хІоьттира. Даима шен коьртехь бала хилла лаьтта цхьа хаттар дан йукъ ца йолуш, цигаьрка уьйзуш Іара Николай Кузьмич.

– Шуна йукъахь дуккха а бандиташ хилла бохуш а дуьйцуpa…, –волавелира иза.

Амма Іалхас оьгІазе йукъахваьккхира:

– Бандиташ, йовсарш йукъахь йоцуш халкъ дийцал ахь? Украинехь, Белорусехь, Россехь кІезиг бу тахана бандиташ, дезертираш, даймахкана йамарт хилла нах? Фашисташкахьа бевлла, шайн даймахкана дуьхьал летарш? Полицайш? Ткъа Власовн эскар? ГІалгІазкхийн корпусаш? Юккъерчу Азерчу, Закавказерчу, Прибалтикерчу халкъийн легионаш? БІе эзарнаш бу уьш, фашисташкахьа, шайн халкъан даймахкан мостагІашкахьа а, бевлла, советски эскаршна духьал тІом беш, шайн къоман вежарийн цІий Іенош. Буй?

– Бу…, – корта таІийра Николай Кузьмича.

– XIapa тІом болабеллачу хьалхарчу шина шарахь шовзткъа эзар сов нохчо а, гІалгІа а вахана фронте. Царах дукхахберш – шайн лаамехь. Царах цхьа а стаг йийсаре ца вахана шайн лаамехь. Бертаза йийсаре нисбеллачу нохчех а, гІалгІайх а цхьа взвод а вовшех ца тохайелла фашисташка. ХІунда аьлча тхо цкъа а йамарт хилла дац даймахкана, халкъана, доттагІашна а, цхьанне а. Ткъа бандитех дерг аьлча, уьш бацара тхан. Цкъа а хилла а бац. Паччахьан эскарша тхан мохк дІалоцуш, дуьззинчу шина бІе шарахь царна дуьхьал тІом бина нохчийн халкъо. Оцу тІамехь ах халкъ хІаллакьхилча, уггар тоьллачуьра ах мохк шайгара дІабаьккхича, кхин дІа дуьхьало йан ницкъ ца тоьъча, паччахьан правительствоца машаре барт бина, тІом сацийра тхан дайша. Амма Нохчийчохь российски Іедал чІагІделча, паччахьан правительствос йамартлонца бохийра и барт. ТІаккха масазза а гІеттира халкъ. ХІор а гІаттам чекхболура нохчийн йарташ йагош, адам хІаллакдеш, Сибрех лоьхкуш. Йукъарчу гІаттамах догдиллина, амма паччахьан къизаллина, Іазапна, олаллина кІел севцца, лайш хилла баха ца луу нах, лаьмнашкахь, хьаннашкахь къайла а буьйлуш, цхьацца ша-ша, йа кегийрачу тобанашкахь цхьаьна а кхетий, партизански тІом бан буьйлира. Царах обаргаш олура, ткъа оьрсийн зорбанехь – абрекаш. Революци хилча, нохчийн, гІалгІайн халкъаш, цхьаъ санна, массо а стаг цуьнгахьа велира. ХІунда аьлча, большевикаша царна дош делира, бІешерашкахь цара сатийсина, шегахьа цара турпала къийсам латтийна, оцу къийсамехь бІе эзарнаш кІентий хІаллакьхилла маршо, латта а царна дала. Советан Іедалехьа тІамехь итт эзарнаш кІентий байъира, иттаннаш йарташ йагийра. Ткъа оццул хала тІамца, цІийца оха даьккхинчу Іедало а кхочуш ца дира шен дош.