Выбрать главу

Мария Петровнас чай доьттира. Пиали чохь накхаран моз a хІоттийра.

– Изза хьал ма хІоттийна миллионаш адамашка… Кулакаш бина, махках баьхна а, бехк-гуьнахь доцуш лецна а…

– ХІан-хІа, Николай, тхан халкъана тІехь санна, харцо ца лелийна цхьана а халкъана тІехь. Дуьне кхолладелчхьана. Ас йуха а боху хьоьга, кулакаш бинчийн, лецначийн, байъинчийн шайн даймохк, оцу даймахкахь доьзалш, гергарнаш бисина. Шен хан йаьккхича валаза висинарг царна тІе вухавирзина, йа воьрзур ву. Тхоьгара даймохк дІабаьккхина. Тхан халкъо эзарнаш шерашкахь кхоьллинарг хІаллакдина. Тхоьга тхешан халкъан истори, мотт, культура а йицйайта, тхан синкхетам дІабаккха, тхо иэсах даха, дуьне мел ду даржийна!

Николай Кузьмич, чай шена хьалха а оьзна, бепиган цастарна тІе моз хьакха вуьйлира.

– Иштта хир дац иза, Іалха. Харцонаш лелла вайн махкахь. Иза шеко йоцуш ду. Амма, тІом чекхбаьлча, дерриг къастийна, нисдийр ду. Шу а доьрзур ду шайн даймахка. Тахана цкъа хала а, чолхе а зама йу хІоьттинарг. Шун халкъан исторех цхьадерш хаьара суна. Аш бІешерашкахь шайн къоман маршонехьа а, тІаккха советан Іедалехьа а латтийна турпала къийсам. ХІинца тІекхоьллинчу эладитанаша тиларчу вигнера со. Ас дукха ойла йора, хІунда даьккхина и халкъ махках? Со санна, кхетар ду вайн махкара халкъаш. Шуна бехк-гуьнахь доцуш къиза таІзар динийла хиъча, цара а шуьгахьа гІо доккхуш, аз ойур ду.

Іалхас цавешаш куьг ластийра.

– Россерчу халкъийн аз дан а дац. Хилла а дац цкъа а. Даима кхоьруш, даим кхерош, лоллехь латтийна. Шайна тІехь мел йоккха харцо, къизалла латтайарх, дуьхьало йан а ца даьхьаш. Ша маьрша а доцуш, маршо йаккха гІоьртина халкъ шен цІийла а карчош… Революци хилале хьалха шина бІе шарахь паччахьан эскарша тхан йарташ йагош, тхан зударий, бераш, къена нах хІаллакбеш, тхо махках дохуш туркойн махка а, Сибрех а хьийсош, биэндоцуш хьуьйсуш Іийна Россера къаьмнаш. Шайн йоцу маршо йаккха гІертарна, шайгахь доцу доьналла цаьргахь хиларна, нохчий ца безна цхьана а къомана. Цундела, цкъа а цхьана а халкъера гІо а ца хилла нохчашна!

Мария Петровнас чиркх латийча бен ца хиира Іалхина ша кхузахь дуккха а хан йаьккхинийла. ХІинца хІокху цІемзачу буса йалх километр гена гІаш дІаваха везара. Шелделла шен чай дІа а мелла, хІусамдайн Іодика а йина, араваьллачу цуьнан йуьхьа дуьхьал шийла мох а, тІуьначу лайн дарц а кхийтира…

(1960–1962 шш.)