— Суна хаьара: хьан санна, тхан йуьхь йийр йацара цо! — хастийра и Керима.
Анна Львовнин майра балхара цIа ваза вара. Уьш цхьаьний детсаде бахара. КеримгIеран Каташший, Анна Львовнин йоI Ниночкий цIа дало…
Ниночка мардеца — Савва Ильичца — чохь а йитина, йуха кетIа йелира Анна Львовна: мар хьелуш сагатдора цо. МаьркIаже луьстта Iаржйелира. Де Iинах дахана дайра. Стиглара чукъедира эзарнаш седарчий. Буьйсано сийна гуьлмаьнда тIетесна лаьмнаш тийна лаьттара эсалчу беттан серлонгахь.
Кестта массо а корехь стогарийн цIерш къедира. Чуйахана шайн стогар а латийна, йуха а арайелира Анна Львовна. Эххар а схьакхечира тахана дикка тIаьхьависина Иван Саввич.
— Хьо ма хьевелира?
— Тахханехь тракторан мотор леIна тхо ца девллехь, кхана болх кIелбуьсура, — шен боьха куьйгаш цунах ца хьакхадолуьйтуш, пхьаьрсашца марабоьллира цо зудчун корта.
Уьш чубахара. Цхьа хан йаьлча, массо корашкара стогарш дIадайра. Ламанан йурт буьйсанан марахь маьршачу набарна дIатийра.
TIOM!..
Кхин новкъарло ца йолуш дIаоьхура йижарийн дешар. Тахана, уьш уьссалгIачу классе а бовлуш, ДаудгIар уьтталгIачу а бовлуш, дешархой аьхкенна дIахецна хан йара…
Iуьйрре дуьйна колхозхой белхан аренашкахь бохкура, гlo деш шортта дешархой а болуш. Де сиха дох а делла, аьхкенан дуьххьарлера тов лаьттара. Геннарчу ломан тарха тIехь, меттах ца хьовш, кхозура цхьа йоккха, бамбин сомалкхах тера, кIайн марха. Йуьртан бошмаш, тоххара заза охьа а тесна, хIинца йуьккъа сенйелла, буса дилхинчу догIанаша ченах а цIанйина, малхехь гIаш а лепош, шабарш деш, мела лестара. Эзар олхазарийн аьзнаш декара, адамашна ца хуучу маттахь, аьхкенан хазалла хестаеш. ТавсолтагIеран кертарчу, стелахаьштиго дагийначу, дерзинчу кхуран гаьн тIехь, цхьаъ-м дуьйцучух тера, вовшийн лере а таьIна, Iapa чIегIардигаш. Колхозхойн йаххьех а хьерчалуш, хIаваэхула меллаша дIасакхоьхьура, хьиэна, соз долу, сеаларш. Саьнгарш чохь тхин тIадамаш седарчех сегара, куьзганан кийсико санна, бес-бесара нур хоьрцуш.
Малхана дуьхьал кортош айинчу, кIайн, можан, цIен зезагаша луьста кхелинера аре. Даьржинчу петIаматна тIехула хьийзара къорза полларчий; накхармозий лелара зезагашна тIехула, дургал оьцуш.
Басешкахь маьрша йежаш гора хецна говраш, царна гонаха дIасауьдуш, ловзура бокъий. Шайн хIусамна хьалхарчу дехачу гIантахь Iapa Савва Ильич, аренга а хьоьжуш, шен кIентан йоI — Ниночка, йуххе а хаийна, цуьнан тамашечу хеттаршна кхин а тамаше жоьпаш луш. ЙоIиго дадега хоьттура:
— Дада, дада! оцу хьуьлла йоьдучу котаман когаш вукхерачел беха хIунда бу?
— Малх гIоттуш йина иза: IиндагI дехха дуьжуш, когаш а бехий хилла.
— Дада, дада! И хьуьллара лаьмнаш хIокхарел лекха хIунда ду?
— ХIокхарел сехьа дерг ган а лиъна, айаделла уьш.
— Дада! Царна бухахь хIун йу?
— Царна бухахь дIабоьхкина наьрт-эрстхой бу боху нохчаша… Цхьа тамашена, баккхий нуьцкъала турпалш…
— Дада, дада! Хьан месаш кIайн хIунда йу? Ткъа сайниш хьаьрса йу.
— Сайнаш лайца йилина, хьайнаш — малхо кегийна…
Ниночкин хеттарш а ца кхачалора, дадин жоьпаш а ца лекъара.
Малх делкъанга баьллачу хенахь колхозхой, гIел а белла, йуург а кхоллуш, цхьацца тобанашца дитташ кIел хевшина Iapa. ЦIеххьана, генара гира царна, тIаьхьий-хьалхий школехьа дIаоьху нах а, цига хьалхахь гулйелла пхьоьха а. Школин кевнан бIогIамах йоллу радиорепродуктор цхьа шатайпа буьрса луьйш хезара. Ниночкина гира: цIеххьана ирахIоьттира, ворта хьала а озийна, Савва Ильич. Цуьнан лерга йуххера, даим семса, хIинца ирахIиттина, йусаелла кIайн месаш, кхерайеллачу котаман кIорничух тера хийтира Ниночкина. ЙоIе цо дIакховдийна аьтту куьг, хIаваэхь пIелгаш а даржийна, шен карахь йоьIаниг дацар а ца хаалуш, десса кхозура. Йуххерчу бешара а, кхаш тIера а белхалой, цхьаъ вукхунна тIаьхьа, зIе йинна схьаоьхура… Радиос схьакхайкхийра инзаре дош:
— ТIом!..
Пхьоьха сихха стамйелира.
Баккхий нах: цхьа а вист ца хуьлуш, цхьаверг школин кетIарчу хена тIе лахвелла, важа лаьттах гIортийнчу Iасанна тIе ши куьг диллина, кхозлагIниг бIаьрнегIарш а дийшийна, шена хьалха лаьттах, боьххьехь цхьамза боллу, Iaca Iуьттуш — массо а гIайгIане ладоьгIуш Iapa. Шен Iаьржа месала куй а коьртахь Тавсолта а лаьттара, марха санна.
Уьш бехха Iийра ойлане тийна: царна дика хаьара: «тIамо шура ца йохьийла!»
Керим а, шен шуьйрачу белшаш тIехь, жIанк санна, жима хета хьаьрса корта кIеззиг aгlop а таIийна, шен цIен йуьхь а, кегийра боьмаша бIаьргаш а кхоьлина хьоьжура. ТIехьа ладоьгIу кегийнаш-м: Дауд, Увайс, Селита, Нурседа, кхин берш а — царел сапаргIат хетара: къоначарна вон кIезиг дайнера, церан син гlopa а сов дара. Делахь а, гIодайукъ а къуьйлуш, дегIаца айабелла, цIеххьана баккхий хиллачех тера-м хьоьжура уьш: царна а даго хьоьхура и хIинца схьахезарг уггаре а даккхийчех хилар.