Iай ша беш а доцу, амма хIинца жимделла Яьсса гомхадаьллачухула сехьа а йаьлла, йоьттинчу прицепца, хьалагIертара трактор, шена боккха ницкъ хуьлучух оьгIазе гlap йеш.
— Хьалайалалур йуй и цигаша? — лахара хьала мохь туьйхира Дауда, бете куьг а лаьцна.
Изий, цуьнца бершший, трактор кхуза кхаьчча, охьа а биссина, гIаш богIура.
— Цкъа хьала-м тосур йу! Лаахь, оцу бердах а! — тIера схьа мохь туьйхира, ткъех гергга шо долчу, тIехь йоца пальтой, коьрта тиллина лергаш долу куй болчу, беснеш цIазамах йогучу трактористо.
Прицепа тIера охьаэгга дечигаш а лехьош, тIаьхьа богIура дешархой.
Йоккха горга дечиг а марахь, прицепна тIаьхьа кхиъна, йогIучу Нурседина тайра кIентан жоп. Трактор нуьцкъаша хьалатеIара. Некъ, хала бара аьлча а, бан а бацара, дуьххьалдIа кхузахула ирх кхул хьалха а машенаш ихна лараш гар доцург. Гу тIе йаьлла йоллуш, трактор цIеххьана, цхьа хIума хаьдча санна, вон тата долуш, цкъа сецира, тIаккха меллаша кIегар текхира, шена тIаьхьара прицеп йуха а тоттуш. ТIера тракторист, Нурседин бIаьрг кхуьуш, шен цIен бос бовш, кIайвелира. Нурседа ша йолччохь йогIайелира: трактор шен прицепца йуха охьаоьхура, некъана раз а йаьлла, бердан йистехьа теIаш.
— Охьаэккха! Йита трактор! — мохь туьйхира Селитина уллохь вогIучу Увайса, куьйга эшара цунна и гойтуш. Изий, Дауддий цунна орцах хьалаведира.
Трактористо корта ластийра, ша «охьаэккха реза вац» бохучу маьIнехь. Массеран а бIаьргаш цунна тIехь севцира, шаьш дан дезарг ца хууш. Трактор, ца соцуш, меллаша кIегаръоьхура тIерачу трактористо, ма-хуьллу тIам дIаса а ийзош, эткаш чуьра когаш дера тормозашна тIетеIошшехь. Нурседас, цIеххьана тIе а хьаьдда, шегара дечиг тракторан тIехьарчу чкъургаш кIел тесира. Трактор сацийра, прицеп бердан йисте кхача ши-кхо гIулч йуьсуш. Берриш дIахьаьвсира Нурседе, тIаккха — тракторе: иза шен тIаьхьарчу чкъургашна кIел тесна дечиг лаьттах чу теIош, цунна тIоьхула йала гIертара. Амма схьаиккхинчу Даудий, Увайсий шайгара дечигаш а сихха, нис а йеш, тракторан а, прицепан а чкъургашна кIел йехкира. Трактор, ша йолччохь, сецира.
Массеран а сапаргIатделира. Дауда, тIе а вахана, вист ца хуьлуш, массарна а гуш, маракъевлира шен йиша. Эццигахь ган йезара Нурседин йуьхь: ма йогура иза!
Трактористо, цхьа сахьт далале, йуха тойинчу тракторца школин керта оьзна дечиг, мехкарша прицепа тIера охьа а кховдош, божарша paгly кIел, гIулч йеш, дIадоьттира.
ДIавоьдучуьра вуха а вирзина, тракторист paгly кIел пальтох куьг хьоькхуш йоллучу Нурседина тIе вахара:
— Алахьа, диканиг, цIе хIун йу хьан?.. Хьо ца хиллехь, тIаме а вахаза, эрна лара-кх со цхьана мIаьргона.
— Берсанова Нурседа йу-кх! — серладевллачу сийначу бIаьргашца синкъераме кIентан бIаьра а хьаьжна, пондаран мерз санна, зевне деккачу озаца, шек а йоцуш, йуха хаьттира йоIа:
— Ткъа хьан цIе?
— Цултигов Расул… Сан цIарх-м xIун дора? Хьо йу тахана коьртаниг! — аьлла, кIант шен догучу Iаьржачу бIаьргашца йуха а йоIе хьаьжира. Церан бIаьргаш севцира вовшашна тIехь.
— Хьо фронте ца воьдуш хIунда висина?
— Заявлени дIа-м делла! Делахь а… трактористаш ца тоарна, бронь а йелла, цкъачунна буха витина-кх!
— Дера, и трактор дIахоьцур йолуш-м ца хиллера хьо!
— Хала кхаьчча соьга… Керла йу иза, — аьлла, Iодика а йина, кхин а хьевала бегIийла а ца хетта, шен тракторан гloвгla а эцна дIавахара тракторист.
Йижарий школера цIа богIуш, гуттар йекаш хуьлу Нурседа хIинца мелла а ойлане йара. Шена а ца хууш, цуьнан аз а шатайпа лекхалуш, болар а, дайлуш, хийцаделлера. ЦIеххьана чубоьжначу тIулго шовда санна, марсайаьккхинера, беснеш йогучу кIанта, хIинццалц хьаьъна лаьттина, йоьIан деган айма: «Ма майра ву и… Ма товш а ву»… — дагара ца волура и Нурседина.
ДIайижале цкъа Селитица къамеле йолуш хуьлу Нурседа тховса, йист а ца хуьлуш, метта йелира. Оцуьнан бахьанех мелла а кхиъна Селита а IадIийра, хеттарш ца деш, цо ша и дийццалц.
Вукху дийнахь, paгly кIел гIортораш а йоьгIна, цIера дагарш, херхаш деана, кхоккха цхьаьна а хилла, дечиг хедо хIиттира дешархой. Селитий, Нурседий, Увайссий цхьаьна нисделира. Селитассий, Увайсий херх хьоькхура, даьккхина дечиг Нурседас жимачу гIудалкхаца дIакхоьхьура. Селитин синтеме, Iаьржа бIаьргаш, Нурседа йоцчохь цахуучуха Увайсехьа хьовсура наг-наггахь. Нурседа-м церан тидам бечохь ша а йацара: иза дIалаьцнера шен ойлано. Иза гIудалкха тIехь дечиг дIаэцца йахана а йолуш, Селитас херх хьоькхуш, ца хууш Увайсан пIелг хадийра даьIахка тIе кхаччалц.
Ша лазийча санна а ца хийтира кIантана: «ХIума дацара хIара-м!» — велакъежира иза.
Селитас, чехка кисанара схьадаьккхина, дIакховдийра мерах хьокху дарин йовлакх: