Выбрать главу

— Йалх баттахь бен ца хилла со фронтехь. Чов хилча, тыле ваьккхина. Амма суна даима хьалха лаьтта цигахь бевзинчу вайн тIемалойн аматаш…

Дукха масалш далийра Еланцевс:

— Цхьа сержант вара тхан, Стручко Богдан цIе йолуш, окоперчу телефонан тергаме дIахIоттийра и, хьайна чов хилахь а, хьо вехь а, меттах ма ваьллахь, хьайн метта оха кхин ваийтталц! — аьлла. Цу агIорхьа шена мел гина а, телефонехула хезна а хийцамаш цу сохьтта командни пункте а хоуьйтуш, дика лаьттира Стручко. ЦIеххьана сецира цуьнан телефон. Эххара йуха а йийкира.

— ХIун хилла цигахь? — хаьттира командиро.

— Чов хилла! — доьхначу озаца жоп делира.

— И-м хIумма а доцург дара тIамехь! Латта хьо! Веллалц латта! Тхан гIуллакх гIоьртина ду!

— Бехк ма биллалахь, накъост командир, цхьана куьйга схьалаьцна чуьйраш йу сан, багахь къевлина телефонан тел доллу, иза йуккъехь хадийна ду. Бехк ма билла!.. Со… вийна! — цо олуш, цуьнан карара охьабоьжначу телефонан мукъан тата хезира тхуна. Цуьнан метта хIотта цу сохьта кхоъ велира. Цу кхааннах цига хьалха дIавахана шиъ дIа а кхачале, цхьаъ вукхунна тIаьххье вийча, командиро кхоалгIачуьнга элира:

— ХIа! Хьан ца ваха а бакъо йу… хIинца. Бухасаца!

— Накъост командир! — элира бIаьхочо, — хIинца къаьсттина бакъо йац сан буха саца! Вахийта со!

Иза, ца вуьйш, дIакхечира. Итт дийнахь гергга, тIеман цIергахь лаьттира иза, дууш а, йа молуш а доцуш. Цо шен декхар кхочушдарна тхан аьтто а хилира, фашисташа го бина йолу вайн полк кIелхьарайаккха а, мостагIчунна кхин дIа болу некъ бехка а…

Лейтенанта йукъкара, бай корта ластабой, йухатосура шен хьаьж тIе охьаоьху боьмаша йуькъа кIужал.

— Тхан кхин цхьа бIаьхо — Гинатулин Тукай, дегIах гранаташ а йихкина, тIейогIучу немцойн танкана нисса кIел вижира, иза оьккхуьйтуш, ша а леш. Вукхо — Кавказера вара и — Анзор Бекхоевс — ша, граната а тоьхна, сацийначу немцойн танка чуьра аралилхина масех фашист цу сохьта автоматца охьа а виллина, маса цу танка а чу хиъна, иза йуханехьа чухаьхкира фашисташна, церан магIарш отуш, ша а хIаллакьхиллалц…

Лейтенанта дуккха а далийра цу тайпана масалш. Хьалхарчу гIенташ тIехь Iачу Савва Ильича а, Анна Львовнас а, Кесирас а, царна тIехьа хевшинчу Селитас, Нурседас, Дауда, Увайса а, кхечара а, бIаьрг тIера ца боккхуш, ладоьгIура цуьнга. Селитина товш хийтира ур-атталла, лейтенантан аьрру бесни тIехула разбоьду беса мо а. Шен доклад дIайоьдуш, лейтенанта элира:

— Вайн советан халкъан а, берриге вайн Даймехкан а доккха ирс ду тахана, кху халчу муьрехь, вайна куьйгалла деш, дуьненан массо а къинхьегамхойн тхьамда, вайн заманан гений сийлахь-воккха Сталин хилар…

Савва Ильич Анна Львовнина лере таьIира:

— ХIинца тIуьла ботта волавели…

Анна Львовнас пхьарс къовзийра цуьнан «сацийталахь!» бохучу маьIнехь.

Докладчико дуьйцура:

— ТIеман Iилманан а корифей волчу цо, тахана кху тIамехь шен амалехь цхьаьна тоьхна: Суворовн масалла, Кутузовн тидамалла, Наполеонехь хилла стратегин кIоргалла. TIe, царел сов, тылехь а болх айарехь Сталина гайтина хьалха цхьаьннан а хилла доцу хьуьнар. Цундела бакъонца вай тахана чIагIдо накъост Сталин массо а заманан, дуьненан массо а къоман а уггаре говза воккха полководец хилар…

— Iалелай!.. — йуха а Анна Львовнин лере таьIира Савва Ильич.

Цуьнга шийла дIахьаьжира Анна Львовна: «Савва Ильич! Валохьа, уьйтIахь хIун ду хьажахьа!»… — шабар дира цо мардега.

Савва Ильич хаза а хеташ уьйтIа велира. «Цуьнан а хIун бехк бу: Сталина и тайпа докладаш, ша кеч а йойтуш, дIасакхоьхьуьйтуш хилча», — ойла хилира цуьнан, араволуш.

Докладчика дуьйцура:

— Тахана вай а и къобалдеш, хиндерг дика гуш волчу Сталина, кху дийнах вай лардеш, шен хеннахь, I937- 38-чуй шерашкахь, вайн мохк дIацIанбира халкъан мостагIех — оцу «пхоьалгIачу колоннех». Оцо а гойту Сталинехь йолу, наггахь бен хуьлуш а йоцу, йоккха пайхамараллин похIмалла…

Иштта дIа кхин а, барамза хестош, вазвора лейтенанта шен докладехь Сталин. Иза ша а, кхузахь цуьнга ладоьгIу Анна Львовна а, Кесира а, кхиберш а, къаьсттина кегийрхой, даггара тешара Сталин ца хилча вайн йиш а йоцуш, берриг мехкан хьекъале тхьамда хиларх.

Цундела Анна Львовнас тIе ца оьцура шен мардас Савва Ильичо кест-кеста Сталинна йо кхиссарш. Иза кхеттане а ца кхетара хIунда вац-те Сталинна муьтIахь, ширачех партиец а хилла, Зимний йоккхуш а дакъалаьцна, Смольнехь Ленинна гIароллехь а лаьттина волу Савва Ильич. Анна Львовнас и шега хаьттича а, Савва Ильича мегарг жоп ца лора. Доцца олура:

— Со кхечу хьесапехь ву…

Сталинан чIагIделла даьлла луьра низам гуш, Савва Ильична ца лаьара, шен кIентан зуда — Анна Львовна, цуьнан шен дагахь дIахIоьттина даьллачу ойланийн куьцах и эрна йохош, хIинца, цунна кхераме долчу, кхечу хорша йаккха. Амма Савва Ильич дукха хенахь дуьйна а шек вара Сталина а, цуьнгахьа бевллачара а, Ленин веллачул тIаьхьа дIакхоьхьу некъ, харц хилла ца Iаш, йамарт хиларх. Дуьххьара шеквелира и Сталинах I930-чу шерашкахь, цо, хьалхалера шира ленинцаш дIа а теттина, церан метта шега ладугIу болу, кхиберш хIиттийча. Кхин а чIогIа дог делира Савва Ильичан Сталинах, цо, цхьацца цIерш а тохкуш, шена резабоцурш хьаша болийча. Ца тайра: цо НЭП дIалакъор… ДIайевлла «тIеман коммунизман» амалш карлайахар… Кулакаш дIабоху а бохуш, йуьртабахамхой бохабар…