ХIан — хIа! Уьш лаццане тIе ца лоцура Савва Ильичан даго, амма хIетте а и IадIара, ЦК-н а, партин пленумаша а Сталин бакъвар а гой. Эххар, шен собар кхачийча, I934-чу шарахь, партин съездехь, Ленинградерчу делегацица волчу Савва Ильича къайллаха дIайайъира Сталинан цIе харжаман кехатана тIера. Делахь а Сталин йуха а хаьржира. Амма Сталина хIаллакбира цу съездан делегатех дукхахберш а. Савва Ильич цецвуьйлура Сталинан массо а хIуман тIехь а аьтто баларх.
Сталинна новкъахила тарлург а, шен хеннахь, йа «ша — шаха» лара: Менжинский, Дзержинский, Фрунзе, Горький, Крупская; йа цхьамма воьра: Киров, йа баланза бисина резабоцурш, реза ца хила мега-кх аьлла, шена хеттарш а Сталина, нуй хьоккхий, ша хIаллакбора, партера цхьа а дуьхьало ца хуьлуш. Къаьсттина тамаш бора Савва Ильича, паччахьна дуьхьал майрра къийсам латтийначу, эзар Iазапе ца къарлуш, чекхбийлинчу ширачу революционераша, Сталина шайна йойтучу суьдашкахь, боцу бехкаш тIе а оьцуш, Сталинна луъучу кепара шаьш-шайн бехке барх: паччахьна шаьш лелийначунна а ца дина мукIарло, хIинца шайн боцчу бехкана Сталинна хIунда до-те цара? — олий, хетара Савва Ильична…
Эххар тийнна шен болх а беш Iаш волу xlapa а I939-чу шарахь, тIе а кхайкхина, партера дIа а воккхуш, (мацах цкъа Зиновъевгахьа хиллера хьо аьлла) Ленинградера араваьккхира, столицашкахь ваха бакъо а ца йуьтуш. КIеззиг Киевехь а Iийна, цигара а араваьккхина, кIантана тIе, кхуза схьавеара xlapa, тIом балале шо хьалха. «ХIинца а хIун хир ца хаьа», — бохуш, гIийла ойланаш йеш, уьйтIахула а лелла, йуха зала чу веъна, Анна Львовнина йуххе охьахиира Савва Ильич.
— Декъала хуьлда Сталин — таханлера вайн Ленин, вайн ирсан тешаме гIорто, массо а къинхьегамхойн сийлахь-воккха тхьамда! — аьлла, чекхйаьккхира лейтенанта доклад.
Массара а, хьалагIевттина, чоь йекош тIараш туьйхира. Охьахевшира. Беснеш цIий а йелла, хьаьж тIе дайн хьацар а тоьхна, шен дика нисделлачу къамелах воккхаве лейтенант, тIевеана, Селитина йуххе гIанта охьахиира. Селитин тидам хилира: лейтенантан бесни тIера беса мо а кIеззиг цIийбеллера.
Доклад дIайаьлча, зала чуьра гIанташ дIасахилийна, меттиг а кечйина, школин самодеятельносто, эскарера баьхкинчу хьешашна нохчийн хелхарш гайтира. Массеран а самукъаделира детсадерчу Ниночкассий, Каташий цхьаьна баьккхинчу вайнехан хелхаран болах. Шаьш хелхадевлла довлуш, берийн гIабали йуьйхина йолу Ниночка, ког тасабелла, охьакхийтира. БIаьрга буй а хьоькхуш, цIенкъа йуккъехь йоьлхура иза. ТIеваханчу Каташа, шен «чоин» тIам йуха а тосуш, куьг лаьцна, дIайигира иза, берриш хьуьйсуш а болуш. Ниночкица тIе а веана, Кесирина йуххехь Iачу лейтенанте куьг кховдийра Каташа:
— Хьо а валахьа хелха!.. Хаьий хьуна?
— Хаьа-те!.. И мегар ду! — самукъадаьллачу лейтенанта зала йуккъехь оьрсийн «чечетка» хелхар дира. ТIаккха цуьнан накъост велира. Йуха, Нурседица Расул ваьккхира. Расула дина тIахъаьлла хелхар кхин а хазахийтира хьешашна. Эхь хета Селита, ша хелхайаккха хьовзаяле, Савва Ильична тIехьа тебира.
Керим тIаме вахчахьана школин директор йолчу Кесирас, гулам чекхболуш, баркалла элира хьешашна а, хIокху суьйренна дика кечам бинчу комсомольцашна, — Даудний, Увайсаний а, даггара школин гIайгIа бечу Расулна а. Цуьнан цIе йаьккхича, Нурседин йуьхь къегира…
* * *
Расул кест-кеста вогIура цул тIаьхьа школе, йаго хIума оьшийла хьажа.
Школехь шело кхин ца хаалора. Амма Даймахкана тIехIоьттинчу кхерамо кхолийна латтайора адамийн дог-ойла.
Радиочухула, дикторан гIийлачу озо схьахоуьйтура фашисташа Ленинградна го лаьцна хилар, цигара адамаш мацалло таIабар. Дуьненахь уггаре хазачех йолу и шахьар, цуьнан хазалла ца кхоош, чуьрачу адамех а къа ца хеташ, фашисташа денна а йохош лаьттара, чу йаккхий тоьпаш, бомбанаш йетташ. Бераш мацаллех дадийна догIу хIордан кеманаш а, тухий, хин буха дохуьйтура берашца.
Амма мокхазах тера лаьттара ленинградцаш. Цаьрга радиочухула дерриг а советски халкъан цIарах кхойкхура генарчу къеначу казахо: