Выбрать главу

— Дада, ас гlo де хьуна!

Малх тIехьаьжча санна, йуьхь серлайелира Тавсолтин:

— Диэ, хьайна лаахь, — хаза а хеташ, шена ца оьшу гlo дайтира цо йоIе: хьастагIа дуьйна вовшашка дист хилаза дара и шиъ.

— ХIинца дIагIо хьайн метте! — йоI сихха йухахьажийра цо — совнах дерг осал хетара.

Тавсолта, шен болх чекх а баьккхина, дIавахара.

Расул тIаккха тIевеара йоIана:

— Ахь кхоъ хIунда дуьйгIи, Нурседа?

— Цхьаъ — сан, важа — Терентьевна, кхозлагIннг — Кериман цIарах дуьйгIи-кх, — элира Нурседас. — Шаьш цIабаьхкичхьана цара а хьалакхиор-кх xlopш!

Расул, ойлане охьа а хьаьжна, соцунгIа хилира: цо шен дагахь цу сохьта тIаьххьара сацийра и йоцург шена кхин цаэшар.

ГIодина а ваьлла, Расул а дIавахара.

«Дада — бIар» долчуьра дIа, тIехьарчу ахкана тIекхаччалц, xlopa могIарехь пхиппа а долуш, хьехархочунна хьалха дуьххьара школе баьхкина дешархой санна, дIахIиттира дуткъий синтарш.

Дешархой гул а бина, Дауда шен некха тIе куьг даьхьира, вела а къежаш:

— Комсомольски комитетан цIарах оха сацам бина, дешаран отметкаш дика а йолуш, шен дитт диках кхиочунна xlopa баттахь xlapa значок йала! — цунна хаьара берашна и значок хазахетийла.

Синкъераме гlyгl делира. Цу дийннахь, и дерриге дуьйцуш, Нурседас йаздина кехат дахьийтира дешархоша фронте.

* * *

Кху аьхка йижарий уьтталгIачу а бовлуш, Дауддий, Увайссий чекхвелира… Шимма а дийхира военкомате шаьшшиъ, тарлахь, цхьаьна полке хьажавар.

Военкомо, тIамехь лазийна чолакх куьг хIоранна белша тIе а дуьллуш:

— КIентий иштта хуьлу! — элира…

Сарахь школехь йинчу комсомолийн собранехь, фронте воьдучу Даудан меттана Нурседа хаьржира комсорг. Селита комсомоле а ийцира… Шимма а, школера чуйеъна, буьйса йуккъе йаллалц, Нурбикица цхьаьна, кечйира кхана эскаре дIавоьдучу Даудна оьшу хIумнаш.

Iуьйранна, сиха хьаьвзина, бевза-безачийн Iодика а йина, Дауд хIинца нара тIехь ойлане Iачу Тавсолтина хьалха хIоьттира.

— КIант! — элира Тавсолтас, — вай йуха гой а ца хаьа, Дела воцчунна! Ас сайн весет цундела хьалххехь дIахоуьйту хьоьга. Адамна дуьнен чохь массо хIуманал дукха дезарг шен са ду, шен сил а дезарг — бер ду! Амма, хаалахь, берел а хьоме бу, хьуна, Даймохк! Хьо лахь а, висахь а, Даймахкана хьанал чекхвалар — сан уггаре а хьалхара весет ду хьоьга! Иванца, Керимца йохье валий, дика кхочушделахь командиро тIедиллинарг! Ца оьшучохь хьайн корта, майралла гайта a гlopтий, Iожална кIел ма лацалахь, амма толамна оьшучохь — и кхоо а ма гIорталахь! ТIаьхьенан ойла тIех йиначух къонаха ца хилла! Iожаллех ларло, амма ма кхера! Тахана дуьххьара араволу хьо хьайн цIентIера: дин некъаца бевза, кIант арахь вевза. Адамашца дог цIена, ийна хила. Царна дика дан мало а ма йе, вониг дан сих а ма ло: ахь диннарг, гобоккхий, духакхочу хьуна. Йуххерчарна хьайн хIума а ма кхоае: нахана делларг — йуха карийна, шена дитинарг — дайна. Хьайна оьшург дика Iалашде, амма хIуманна тIехь сутара ма хила: кIезиг эшнарг хьолахойл а тоьлла. Нахаца чорда ма хила, амма сов кIеда хила а эшац: тIех эсалла — осалла йу. Сов муьста хилахь, наха охьатосур ву, тIех мерза хилахь, верриг дIакхоллур ву. Де тоьлча кура а ма вала, амма де эшарх — кураллех а ма вада: коьртаниг — къонахалла йу! Бакъду, ойла йичахь — дуьне дош дац!.. Амма, кIоргга ойла йича, дуьненал дош долуш кхин хIума а-м дац кху дуьненахь… йуха а къонахчун цIе йоцург! Цундела даьхнел а чIогIа ларйе хьайн цIе: веллачул тIаьхьа а йуьсуйерг иза йу. Хьуо санначу нийсархошлахь накъост харжа — дог цIенаниг, куьг чIогIаниг: цхьана косказа тIехь гена вахалац… Ткъа кегийчу сакхаташна тIехула доттагIчуьнца эгIа кийча а ма хила: айп данне а доцу доттагIа лехнарг ванне а доттагI воцуш висина. ГIалат гечде, йамартло ма гечйе. Хьуо даим тешаме а хила доттагIчунна: накъост кхерамехь а витина, хьуо кIелхьара валахь — дийна воллушехь велла ву хьо тIаккха — хьайн синца! Амма накъостех тарвалархьама цаьргара вониг схьа а ма эца. Цкъа а ма Iамаделахь маларрий, цигаьркий! Зударшца леррина оьзда а хилалахь! TIe… хьо мукъаваьллачу сохьтехь цIехьа кехат а даийталахь! — дехха дийцира Тавсолтас ишта, йукъ-кара соцунгIа хуьлуш, ойлa йеш, кицанаш лехьош. Дийцина ваьлча бIаьрг-негlapш охьадийшийра цо, кIанта аьндолчуьнга ладоьгIуш.

— Дика ду, дада! Ма кхералахь, со ледара хир вац хьуна!

Оцу къамелан а, кху сохьтан а доккхаллех кхетта Дауд ша лаьттачохь вулавелира.

Тавсолтас, нара тIера хьала а гIаьттина, меллаша маравоьллира и. Шен некха тIеоззийначохь латтийра цо и вехха, дагахь доIанаш доьшуш. Ден куьг тIедижжинчохь, шен кач логана тIетаьIча, тIуналла хаайелла, цецвелира Дауд — бIаьрхиш ду моьттина. Амма и кхийтира: уьш дан а дара, кху чу а вале, дехьа чохь, кхунах къаьстинчу нанас, xlapa мара а къевлина, кхунна тIе Iенийна бIаьрхиш. Дас меллаша дIахийцира воI.