Эххара некъан йистера схьадаьккхина цхьа доккха даьржина петIамат кховдийра цо Селите:
— ХIа, дIаэцахь xlapa, Селита!.. безамна!
— Баркалла!..
ЙоIа и атта дIаэцарх майраваьллачу, xIapa сахьт а кхин хир доцийла хуучу, кIанта:
— Селита! Суна йеза хьо. Соь хьожур йуй хьо? — хаьттира.
ЙоI тийна йогIура.
— Алахьа, Селита! — цуьнан и цIе йоккхуш а там хуьлура кIентан дагна.
— Ткъа хьо хьоьжур вуй соьга?.. Хьуна со цигахь йицлахь? — кIентан бIаьра хьаьжира Селита.
— И санна дерг хила йиш йац цкъа а, Селита!.. Алахьа!..
— Хьоьжур йу.
— Со везий хьуна… жимма а?..
ЙоI тийна йогIура.
— Алахьа!
— Ца везахьара дош лур дарий ас?.. Веза!.. Веза!.. — йоIа шозза аьлла долчу цу дашо гонахарчу Iаламан йерриге а хазалла шена чулаьцна, тIома даьккхира Увайсан дог.
— Селита! Соьгара кехат цадарах, со тIамехь вийна аьлла, хьайна хазарх — иза билггал бакъду йа дац къастталц, хьайн дашах йуха ма йаьллахь! ТIамехь хIуъа а хуьлу боху, хьуна… Со вуха вогIур ву хьуна! Со цIа кхаьчначу дийнахь гуттаренна а цхьаьнакхетар ду вайша!
— Кхерам бац хьуна!.. Иза а аьлла, соьга кехат ца йаздеш Iен-м ца воллу хьо?
— ХIан — хIа! XIop мукъачу сохьтехь йаздийр ду ас хьоьга кехат… школе.
— Жоп доцуш дуьсур дац хьуна. Йазделахь, Увайс, со хьоьжуш Iийр йу хьуна! — барт хилира церан.
— Селита! Вайнехан Iедалехь, ишттачохь, барт чIагIбеш, кара хIума луш хуьлур-кх!..
— Суна xlapa зезаг тоьар ду!.. Хьоьгахь… сан йовлакх а ду! Царел тоьлаш кхин хIун йу вайшинна?
Шен кофтин кисанарчу блокнота йуккъе диллира йоIа зезаг:
— Xlapa-м ас лардийр ду, хьуна, хьо цIа кхаччалц!
Селитин куьг лаца гIоьртира Увайс.
— ХIан-хIа! И мегар дац! — йухахилира йоI.
— Селита! Вайша бохучу тIехь хьо йелахь, вайшиннан барт чIагIбеш, куьг дала-м деза ахь соь, хьо сан хирг хиларх дуй бууш… Ас дуй боу, хьуна, xIapa Iалам теш долуш: вайша дийна а долуш, хьо йоцург зуда хир ма йац сан!
Увайса йоIе куьг кховдийра. Селитас дIаийцира.
— Ас а боху: вай дийна а долуш, хьо воцчуьнга гIyp ма йац со!
КIентан дог тешшош, доггах дийкира йоьIан аз.
Цу сохьта, Увайсана зезагийн курс а, Селитина зазкочар а дохьуш, схьакхечира Анна Львовна.
— Варийлахь, Увайс, школе йазделахь! — элира хьехархочо. Къона йогу церан беснеш гича кхийтира и кхеран къамел даггара нисделла хиларх. Хьуьнхара арабевлча, эскаре боьлхурш йуха а шайн могIаршка нисбелира, вуьйш уллобевлла а богIуш.
Шайн эшарца, шайн гIовгIанца дIакхечира уьш райцентре. Эскаре баьхнарш военкомата хьалха дIа а хIиттийна, кIеззиг къамел а дина, военкомо тIаккха омра дира, киралело машенашна тIебовла аьлла. Эскаре баьхнарш, тIаьхьабаьхкинчеран Iодика йеш, хьаьвзира. Дауд мараиккхира йижаршна а, Кесирина а, Анна Львовнина а. ТIаккха, Эскинойхьа бIаьрг а тоьхна, машена велира. Увайс Кесирина мара а иккхина, Анна Львовне куьг а луш, Iодика йина ша ваьллачул тIаьхьа, шина йишига дIа а хьаьжна, висира. Анна Львовна сакхйелира: цунна хаьара вайнехан Iедалехь нехан мехкаршка Iодика йеш куьг далар, йа мараэккхар ца догIийла. Амма xIapa меттиг шатайпа меттиг йара: нах луьрчу тIаме дIабоьлхуш.
— Ткъа кхеран Iодика йан ца лаьа хьуна? — йелайелира нохчийн гIиллакхех кхета Анна Львовна. ТIаккха Нурседас майрра куьг дIакховдийра Увайсе. Цул тIаьхьа Увайса а куьг делира, ша муха, хIун дича нийса хир дара-теша бохуш, йоьхна лаьттачу Селите: куьйгаш лецна а долуш, и шиъ вовшийн бIаьра хьаьжира — оцуьнца, дашза, кхин цкъа а, чIагIбира цара шайн хьуьн чохь хилла барт. Увайс тIаьххьарчу машена велира. Къона эскархой къайлабевлира, машенаш тIера схьа куьйгаш а лестош… Ойлане тIаьхьа хьуьйсура бухабиснарш. Уьш новкъа баха хIинцца схьакхиъна Расул, цIийвелла, ша-шех вогуш лаьттара, ша тIаьхьависарна. Нурседа шех кхаьрдий-техьа аьлла, дагахь эхь хийтира цунна, шел кегийнаш кхин цкъа а, ша цIахь а вуьсуш, тIаме дIабоьлхуш а байна: Нурседа баккъал а кхоьлина хьаьжира цуьнга.
Анна Львовнина дагатесира: «Сийлахь-доккха декхар тIелаьцна цара… амма… буха ца боьрзу берш а бу-кх цаьрца»…
ХIинца, Увайс а дIавахна, ша йуьсучу Кесирица цхьаьна цIехьа дIайолайелира Анна Львовна.
Школера божарий тIаккха а бехха лаьттира, дIабаханчарна тIаьхьа хьуьйсуш…
Шайн йуьрта йухакхаьчча а, кегийрхойн бIаьргаш чохь, хIинца а даза дисина, суйнаш догура, зударийн бIаьргаш чохь, охьаэгаза дисина, хин тIадамаш лепара…
БУЬЙСАНАН ДЕСАНТ
Гуьйрено басешна тIера баьццара хут оззийна охьа а даьккхина, царна можа кортали тIетесира. Амма иза а, де-дийне мел дели, сихха макхлуш догIура. ДогIанаш дуьйладелира. Денош сихха шеллуш, мохо раз деттара дерз. Дерзаца наггахь хаалора лайн жоржан буьртигаш а — тIетеIачу Iаьнан геннара геланчаш. Мох, цкъацца кхин а карзахболий, Iаннашкара барзах схьахьодий, буьйсанна сахиллалц такхорех каетташ, тхевнаш дегош, yгlypa. Кхин а сингаттаме хетара, вуьшта а сакъерадала кIезиг бахьанаш долчу йуьртахь.