Фронте баханчу Даудера а, Увайсера а кехаташ доцуш, тIе Терентьевгарий, Керимерий догIурш а севцца, хIинца къаьсттина сахьийзара цIерачийн. Газеташий, радиоссий схьакхоьхьура фронтера буьрса хаамаш. Адамаша, лергашца ладоьгIна ца Iаш, шайн дегнашца а ладоьгIура радион дикторе, цуьнан озах а хаан гIерташ фронтехь хилла болу хийцамаш.
Йурт, гlap йайна, таьIнера, амма дорцана гулйелла марха санна, йулайелла хетара.
* * *
ТIаьхьо чувеъна Тавсолта дIавижа кечвеллачохь цхьамма-м кор туьйхира: боданехь халла къаьстира райкомерчу Юсупов Далхьадан амат. Цкъа шен бете пIелг а баьхьна, меллаша куьг ластийра цо, арахьа кхойкхуш. Лаан доцийла кхетта Тавсолта, сихха барзакъ йуха тIе а дуьйхина, чуьранаш сама ца бохуш, меллаша аравелира. Далхьада, шаьшшиъ сельсоветехьа дIавоьдуш, шабарца дийцира:
— Немцойн кема, ЧIап-ломан тIоьхула а хьаьвзина, цига боьра чу хIинцца десантхой а кхиссина, дIадахна… Уьш схьалеца кечйина группа лаьтта вайшинга хьоьжуш. Цигахьара гIашнекъаш дика девза аьлла, хьо дагавеанера тхуна…
XIapa шиъ дIакхаьчча, группах ах, коьртехь кхузарчу гарнизонера лейтенант Еланцев а волуш, дIайахана хиллера, десантхой тIебогIу некъ дIалаца. Ткъа йисинчу группин ах, коьртехь хIинца Далхьад а, милицера капитан а волуш, десантхой бухабовла тарлу некъ царна тIехьашха бехка новкъа йелира, массеран а карахь кийчча герзаш а долуш.
Боьрахула, йукъ-кара соьцуш, богIура xIopш: бодашкахь Тавсолтина а халла къаьстара гIашнекъаш. Эххар, мархаш дIаса а хилла, схьакъедира беттан марс.
— Хьажал! — сецира Тавсолта. Схьаийцира, дукха хан йоцуш, дойна диттан га. И саннарш кхин а гора Iохкуш. — Кхузахь чукхийсина и йовсарш: дукха ду маждаланза кIеда гIаш а…
Беттан марс мархийн йарашлахь йуха а байра. Капитана, дуьхьал йовлакх а лаьцна, лаьттахула лохха электрофонарь хьовзийра: эткийн лараш йара!
— Кху лорах гlyp ду вай, — сацийра Далхьада.
Кестта ЧIап-ломан когашкара схьа герз долу хезира.
— Вайчех дац, — билгалдира Тавсолтас.
Дуьхьала а тоьпаш йийкира.
— Вайчара йетта, — соцунгIа хилира Тавсолта.
Тапча а карахь Расул хьалхаиккхира Далхьадна:
— ТIеххьашха тIегIо вай царна?
— И кхераме ду: кхиссарш хилахь, царна хьажийнарг вайчарна а кхета тарло, — ца магийра и капитана, — мелхо а кхузахь дIатеббина собардан деза: десантхой эххар а бухабевр бу. ТIаккха, кхуза уьш схьакхоччуш, гойтур вай царна. Дийна карабахка а мега, гуо лаьцнийла хиъча.
Далхьад резахилира. Йуха а герзийн татанаш схьахезира. ДалхьадгIар тапъаьлла дIатийра…
Цу хенахь ЧIап-ломан когашкарчу боьрахь, боккхачу шина кхерана йуккъехь, хьуламна бегIийла меттиг а карийна, севцнера десантхой, шаьш гучубевллийла а хиъна, кхеташо йан. Уьш кхоъ вара: немцо, нохчо, оьрси. Царалахь коьрта волчу немцойн лейтенанта элира, ладугIу аппарат цкъа шен лере а йаьхьна:
— Вайна тIаьххьашха богIуш бу. Духадовлийла йац. Хьалхара некъ а дIалаьцна. ХIун де вай?
— ТIамца чекхдовла деза вай! Хьуьн чохь некъаш дукха ду, — элира нохчийчо.
— Нийса боху! — тIетайра оьрси.
— ХIан-хIа! — корта ластийра немцойн лейтенанта. — Вай гучудевлла. Кхузара вай цара довлуьйтур дац. Ирх-пурх а схьалоьцур ду. Йа къовсаделччохь дойур ду дерриш а. Цул тоьлу — карадахча. Шен лаамехь йийсаре ваханарг вуьйш Iедал дац, тIе йийсарехь вай деха а Iийр дац: вайчара хуьйцур ду. ТIом а кестта вайн толамца чекхбер бу. Вай барт бинчу легендица, хьо немец ву! — тIе пIелг хьажийра цо оьрсичунна. — Хьо — румын ву! — нохчочуьнга элира… — Вешан эскар лоьхучохь, гIалат а девлла, чукхиссина вай… Вай карадоьлху! И сан омра ду! — аьлла цо, ладугIу аппарат а, компас а тIулга кIел хьулйира, карта кхуззахь, чим беш, дагийра. ТIаккха, хьалхахьа дIабуьйлабелира уьш, гIожа буьххьехь кIайн йовлакх а айъина.
* * *
ДалхьадгIарна тийналла йахйелча санна хийтира. Хьоьжуш Iен кIорда а дина, цу агIорхьа дIабуьйлабелира хIорш, десантхойн лорах ца туьлуш, лар а луш. Боьрах чекхбевлча гира, дIо йуьрта боьдучу новкъа дIайоьду бодане пхьоьха. Кхийтира: вайнаш бу, десантхой а лецна боьлхуш. Царех, кхаьрга хаам бан тIевеана жимха а схьакхетта, хIорш а царна тIаьххье сельсовете дIакхаьчча, эскаран хьаькамаш чубаханера, йийсархой а эцна, арахьахула неIаре гIарол а хIоттийна. Биснарш, тоба а йина, арахь лаьттара. Милицин капитан а, Далхьад а чувахара хецца. Тавсолта а, Расул а арахьарчаьрца висира. Кестта милицин капитан йуха аравелира цхьана накъостаца: хIоранна тIе а воьдуш активисташкара дIагулдира цо шаьш цаьрга делла герзаш. Тавсолта чордо вистхилира цуьнга: