Выбрать главу

Ткъа муьлш бара хIетахь йуьртахь Тойсум санна берш? Къехошна йуккъехь а дукха бара, цхьацца бахьанашца де эшарна, къахьега тIера а болуш, амма, аьтто ца нислуш, кIелбиснарш. Делахь а царалахь кхин тайпа а дара: болх бан цахаарна йа и доггах бан мало йарна къийбелла, оцу хьолах а боьлла, и хийца а ца гIерташ, иштта дIа бехарш.

КхоалгIа тайпа а дара — ТойсумгIар: керлачу замано шайна лучу аьттонех кхетта, цунна тIе а тевжина, амма цунна шаьш хьанал а боцуш, ма-хуьллу цунах шайна пайда оьцуш, цуьрриг а кхечарна шайх зулам даларх эхь а ца хеташ. Ишттачара, шаьш башха къа а ца хьоьгуш, Iедалан некъ дIакхоьхьу а бохуш, катоьхнна шайн гIуллакх дора хIетахь.

Тавсолтина дагадогIу: билггал ишттачийн аьтто беш мур бара и, хIетахь Ленинан некъ а хийцина, Сталина йукъабаьккхинарг. Ша йайтинчу коллективизацех а кхачам ца хуьлуш, Сталина кестта хIетахь «сплошной коллективизаци» кхайкхийра. ТIаккха Тойсума, йа къехой а, йа шен тайпанхой а ца кхоош, шена мел цавезарг, кулак а веш, ондда дIайаьхьира йуьртахь «сплошной коллективизаци» а. Тойсум «принципиальни» белхахо ву аьлла, кестта парте ийцира, йуьртда а вира. ХIинца иза кест-кеста НКВД-чу оьхуш а хаалора нахана. Цунна дуьхьал ваьлларг чувуллура йа балхах вохавора. Цунна хIума аларх а ларлора нах. «Сексот» боху цIе, цхьанна а гуш йоцуш, Тойсуман букъа тIелетира кестта. Тавсолтина дагадогIу, ша тIаьхьо Далхьаде хаьттичахь хIун ду и «сексот» бохург? — «къайлаха гlo дийриг» — ву цо аьлла.

— Хьанна до-те цо гlo? Нахана-м зуламаш ма до цо, — элира Тавсолтас.

— Iедална… Хьавха… НКВД-на, — къорра дIахадийра и къамел хIетахь Далхьада, ша а оцу гIуллакхна резавацар гIеххьа схьакъажош.

И тайпа «къайлаха гlo дийраш», миччахь а тосабелча, уьш кхахьпанел а боьха хеташ, ма-хуьллу царех ларлора нах.

Хьаькамаллехь берш а къаьхкара царех: уьш царна а кхераме бара. «Мотт беттарш» аьлла, и кхардаме цIе а тиллира ишттачарна халкъо, шена царех гlo ганне а ца го дела. Амма цу тайпана «къайлаха гIодийраш» — «мотт беттарш» — шен халкъана йуккъехь Сталина шуьйрра баржор дара иза халкъах цатешар гойтуш: Ленин веллачул тIаьхьа ша йукъадаьккхинарг халкъана деза хIума доцийла шена а хаьара цунна. Ленина кхоьллина йолу халкъан пачхьалкх, халкъах а йаьккхина, цунна дуьхьал йерзийра Сталина, цундела и тайпа «къайлаха гIодийраш» Сталина халкъана йуккъехь а, пачхьалкхан маьхькамашлахь а тIех шуьйра баржор, халкъан дуьхьа а доцуш, мелхо а, халкъана дуьхьал дара, и халкъ Сталинан буйнахь латто аьтто беш. Амма халкъана и моттбеттарш ца оьшура.

Баккъал аьлча, халкъан йолчу пачхьалкхехь халкъана дуьхьал цхьамма дийриг, цунна гучу а ца долуш генна дIагIойла а дац, халкъан гIорто ша халкъ хиларна, Ленина и ма-аллара.

Ширачу Египтехь, Римехь, ГIажарийн имперехь, Паччахьийн Россияхь, массо а халкъа йоцчу пачхьалкхашкахь цундела Iедалхоша баржош а хилла и тайпа моттбеттарш шайн халкъана йуккъехь. Цундела Гитлера а, цунах терачу вайзаманахьлерачу кхечу диктаторша а шайн пачхьалкхашкахь вайн заманахь а шуьйрра дIахIоттийра и гIуллакх. Амма массарел а чIогIа, массарел а шорта и гIуллакх шен махкахь дIахIоттийнарг Сталин вара: цо йоьттира шен пачхьалкх сексотех, царех халкъана дуьхьал гIорто йеш, адамаш вовшех цатешарх пайдаоьцуш. Цундела халкъана кIорггера ца безара моттбеттарш. «Дош дацар-кха уьш берриш а лаххьийна дистина доьдучу хиэ ца бахьийтича», — олура Тавсолтас а, царах къамел ма-тасаделли.

Амма Сталинна а, цуьнан коьрта гIорто хилла дIахIоьттинчу НКВД-на а чIогIа оьшура уьш: царна тIе а тевжина латтадора Сталина шен карахь Iедал. НКВД-ссий, и моттбеттачарий гlo дира Сталинна парти шена кIелхьаша а. Цундела Сталина, гарехь, церан а аьтто бора.

Тавсолтина дагадогIу, «сплошной коллективизаци» дIахьош, Тойсуман кхин а майравалар: шеца накъостий а оьций, хьеннан а чу воьдий, цIийнах хьожура, карийна йалта «пачхьалкхана» дIахьора, «совнаха бежана» колхозна дIадуьгура, тIечехара, луъу стаг, лоций, дIавуьгуьйтура. Тойсумна дуьхьал наха оьхуьйтучу аьрзнех а хIума ца хуьлура. Нах Iадийча санна бисира. Тойсума байира цу йуьртахойн Советан Iедале болу тIаьххьара безам. Iедалх а наха дог диллира хIинца.