И болх «дика барна» Тойсум, кхо шо а далале, — Тавсолтина иза а дагадогIу, — райисполкоман председателан заместитель вира, цул тIаьхьа кестта председатель а хилира цунах. Тойсум райисполкоман председатель хIоьттийчхьана районан гайтамаш, дикка лакхабовлар хоуьйтура кест-кеста районерчу а, гIаларчу а газеташа. Цхьадерг, баккъал а, цо, ондда тIетоIIий, дан а дора, нахе дан а дойтура, нах ца кхоош, тIаьххьарниг а цаьргара схьайоккхий: «коьртаниг — пачхьалкхан хьашт ду, неханиг — цара шаьш дер», — бохучу хIетахьлерачу хьесапехь.
Цкъа обкоман пленумехь Тойсума шен къамелехь аьллера (Далхьада, вела а воьлуш, и дийцина дагадогIу Тавсолтина): «Вайн Даймахкана и эшахь, партис, пачхьалкхо и алахь, оха районехь хIинццалцчул кхузза а сов дохур ду йуьртбахаман сурсаташ. ГIалахь шура ца тоьу боху. Оха, иза эшахь, шо далале и хIинцачул пхоьазза сов а йаьккхина, молокопровод а йина, цу чухула схьатоттур йу гIалина и шура, партис алахь»…
Эццигахь, соцунгIа а хилла, зал чу хьаьжира Тойсум, аплодисменташ хуьлий хьоьжуш. Чохь цхьаьнга белар делира, цо аьлларг бух боцуш хетта. Президиумехь а цхьамма-м, лере а таьIна, вукхуьнга элира:
— Вай шурех хьегийта-м ца воллу xlapa!
— Сан нанас а ца йаийна суна оццул шура… — аьлла, важа а велавелира.
И хезна йуххернаш а бийлабелира. Президиум йоьлуш гича, зала чуьрнаш, оцуьнан дуьхе ца кхиънарш а тIехь, массо а, и чоь а йекош, бийлабелира. Эццахь дуьйхира Тойсуман лоппаг.
ДIаса а хьаьжна, йуха меттавеанчу Тойсума, аз айъина, ондда чекхдаьккхира шен къамел:
— Декъал хуьлда вайн хьоме Парти, вайн сийлахь-воккха тхьамда накъост Сталин!
Ша хьаьгна аплодисменташ а йехира цо эццахь майрра. Амма цу чохь хиллачу Далхьадна, даггара хазахеташ, пленумо цхьадика йуххе а ца дитира молокопроводах лаьцна цо аьлларг. Ткъа нагахь ца хууш а пленумо и тIеэцнехь, — Далхьадна хаьара — Тойсума дакъаза а бохур бара-кх хьуна районера бахархой, и план кхочушйан гIерташ, пачхьалкхан дуьхьа а доцуш (цуьнан ойла-м багахь бен ца йора цо), адамийн дуьхьа а доцуш (уьш-м дага а ца лоцура цо), — дуьххьалдIа хьаькамашна хьалха ша вазваларан дуьхьа, шен цIе йаккхийтаран, ша айъийтаран дуьхьа! Цу заманахь, и воцург а, дукха бара, оцу тайпанчу амалехь хьалакхиъна белхахой. Коьрта долчунна цара хIоттадора цу заманан политикин де а.
ТIехIоьттира эххар а Сталина цIий Iеночу шерашлахь а уггаре а мIаькдаьлла I937-гIа шо. Moгlapepa нах а, баккхий хьаькамаш а, аьтту а, аьрру a aгlop схьа а лоьцуш, гуш бахьана а доцуш, «халкъан мостагIий» бу а бохуш, тIепаза бойуш хан йара. Тойсум санна болчеран дезде хIоьттира. Тойсума массо собранешкахь а массарел чIогIа кхойкхура хIинца, «халкъан мостагIий» шайн орамашца дIабаха беза, бохуш.
Оццу муьрехь кхеран райкоман шолгIа секретарь а ваьхьира, цуьнан метта Далхьад а воккхуш, Далхьадна и хIумма а хаза ца хеташ, амма цунна дуьхьалойар а кхераме дара xleтахь. Хьалхара секретарь а таьIно лелара. Райисполкоман председатель волу Тойсум хIинца цо кхайкхича а дегазо вогIура тIе, ца вогIуш меттиг а йора, тIе, районан активехь цо, демагогех йуьззина, бух боцу критика а йира райкоман хьалхарчу секретарна: «Шен меран кIелахь, ша бIаьрзе волуш санна, ган а ца гуш, «халкъан мостагIа» шолгIа секретарь а вина лелийра цо», — аьлла. Тойсум хIинца, дарехь, нахана а, райкоман куьйгалхошна а цхьабосса чIогIа коьртахвелира. Цунна хIун дийр ду а ца хууш, кIордийнера и массарна а. ТIаккха Далхьада — и хIинца а шерра дагадогIу Тавсолтина — ша волчу дIа а кхайкхина, Тавсолтига шегга къайллаха цхьа хьехам бира Тойсумах лаьцна. Тавсолтас и кхочушбира.
Цул тIаьхьа йуьртахой, Тойсумна луьйчуьра а сецна, мелхо а собранешкахь, хьала а гIуьттуш, шайн къамелашкахь, иза Сталинга дIа нисвеш, хесто буьйлира, тIе xlopа къамел чекхдолуш, массара а, цхьамма санна, мохь туххий кхайкхам а бора:
— Декъала хуьлда халкъийн тхьамда сийлахь-воккха Сталин! Декъала хуьлда вайн тхьамда Тойсум Мотбехов.
Кхин а сонтавелира Тойсум. Цунна ца хаьара и мел кхераме ду! Амма, дукха хан ца йелира: I938-чу шарахь бIаьста, дагахь а доцуш, газето хаийтира, Тойсум, и «халкъан мостагI» хиларна, чувоьллина аьлла.
Цу заманахь керла мур бара Сталина нахана гергахь ша закон мелла а меттадалоран куц xIoттош: ша хIинццалц мел Iенийначу цIийн бехк а халкъана гергахь шена тIера дIахило лууш, Сталина, шен амалехь, лаххьийна цхьаболу лакхара а, меттигера а НКВД-н хьаькамаш, лецна а, байина а, дIа а баьхна, церан цхьа чкъор хийцира. ХIинца тIебаьхкинчу НКВД-н керлачу хьаькамаша гIурбанна шайна эшначохь ТойсумгIар а башха кхоа ца бора: уьш кхин а шортта бара.