Даудера а, Увайсера а кехаташ ца догIура.
«ХIун хилла-те цу атакехь?» — дагара ца долуш, хила тарлучун ойла йан ца йаьхьаш, къийлайала а ницкъ ца кхочий, ший а йиша цхьаьний йоьлхура хIинца кест-кеста.
Тавсолта а тата дайна лелара, вониг ма-хуьллу даг чуьра дIатоьттуш, мукъа ца виса гIерташ, саццанза гIуллакхаш деш цIахь а, колхозехь а: иза шен даг чохь хьалххе дуьйна а кечвеллера, мичча а хенахь, нахана санна, шена а тIехIотта тарлу дика а, вон а, наха санна, ша а лан дезийла хууш.
Нурбика, синтем байна, амма татанза хьийзара: Тавсолтас ца могуьйтура «эрна чIечкъар». Ша йисча-м хоьцций йоьлхура иза: даго, цо и тIе мел ца дитахь а, вониг алсам хьоьхура цунна, ишттачохь массо а нанна санна. ТIаьххьарчу деношкахь гIенаш а вонаш сов гора. Самайаьлча а, диц ца луш даг чу дижина гIан лорура цо декхадала хьаьхначех. Дийнахь шена керла мел гинчу хIуманца дустуш и, шен хьесапехь декхадаллац, ладоьгIуш, сагатдора Нурбикас.
Иштачех гIан дара, тахана а даг чуьра ца долуш, цунна сийсара дайнарг. Школин кертахь гly хуьлу. Нурбика йоьду цига хи дан. Чухецна чийлик, зIе мел чIогIа схьаозайарх, хьала а ца даккхаделла, xlapa чу хьаьжча, гIy бухахь, хин куьзганахь Даудан сурт гира нанна, тIемалочун хормехь, ведарх а тасавелла, и дIаийзош: «Хьовсийша, гly чу воьжна-кх и!» — дагатесна Нурбика, гIори-гIоддах и хьалаваккха йоьлча а, зIе дIаийзо ницкъ сов а баьлла, гly чу йуьйжира xlapa ша а, нисса шега схьахьоьжучу Даудан сурта тIе…
ЧIогIа дог доьхна самайелира Нурбика. Тахана а, йуьхь жимйелла, кхин а кIорге чуэгна сийна бIаьргаш Iаьржа хеташ, бос а баьхьна йара и. Сихха чуьра гIуллакхаш дIа а дерзийна, аьхна тужурка а йуьйхина, кортали а кхоьллина, тIергIан пазаташца калош а туьйдина, ведар чохь хи дан школе йаха арайелира иза, шен дагахь — и гIан Iexo!
Нурбикас цкъа хьалха шен и гIан, цхьаьнгге а дийцале, шайн кертахула доьдучу татолан йисте а йахана, шабарш деш, цуьнга дийцира, и хица дIадахьар доьхуш. ТIаккха хи чу эппаз а кхоьссина, кхин цкъа а дагахь доIа а дешна, школе йахара и. Леррина школин кертарчу татола чу хьийжира: хин куьзга сирла цIена къегара. Цу чуьра эцна дуьззина хин ведар уьйтIахь а дитина, чуйахале, школи чу хIоьттира Нурбика, мехкарий цIабахккалц а дан собар ца хилла, цига мукъна а кIантера кехат деанийла хьажа.
Xlapa комсорган цIа чохь Нурседица Iаш, цIеххьана чувелира, машенахь школина кIорий, дечиггий дахьаш веъна Расул. Чохь Нурбика йайча, кIеззиг вуьйхира иза. Нурбика шеконца хьаьжира кегийчаьрга: хьалха а цхьацца хезнера цунна.
— Xlapa… Даудера кехат дохьуш веанера со-м, — стоьла тIе конверт а диллина, Iодика а йина, сихха аравелира Расул. Ненан бIаьрг серлабелира: «Дийна ву!.. Дийна ву!..» — некхан ваз а дегош, детталора дог. Конверта чуьра сержантан хормехь, некха хьалха шортта мидалш гун, Даудан сурт караэцча, Нурбикин хеназа хебаршка йахана йуьхь, шарлуш, нур санна, къегира…
«ХIун ду-техьа ирс? Шен долахь хилларг, цкъа дан а дайна, йуха схьакарор ду-те? Йа хан йаларца, цуьнан буьззина болу мах бовзар ду-те? Тохара Дауд денна а, ма-варра, хьалха гучу хенахь ма ца хьоьжура и цуьнга иштта лерина, хIинца цуьнан сурте санна. ХIетахь ма ца хуьлура ненан йуьхь цкъа а иштта ирсе», — бохучу ойланца хьоьжура, ша а йоккхае Нурседа нене. Суртах шен энжеде куьг хьоькхуш, барташ дохура Нурбикас. Беснешна тIехула охьаоьхура бIаьрхиш. Нурбикин дог хIинца Iийжадора тохара и цIахь волчу хенахь ша цунна цкъацца барт беттар дагаоьхуш: «ХIан-хIа, и цIа веъча, кхин цкъа а дийр дац ас цунна дов», — нигат дира цо дагахь. Оба а аьлла, цкъа некха тIе а таIийна, кIентан сурт чета диллира цо. ТIаккxa цIеххьана: «ГIан а декхаделлийца сан!» — дагадеана, сапаргIатделира цуьнан. Шуьйра йелакъежира и ша-шена, цу гIено ша эрна кхерайар дагадеъна. ТIаккха йоIехьа йирзира:
— Иштта эвхьаза кху чу оьху «иза?» — Расул араваьллачу неIарехьа корта ластийра Нурбикас.
— Кху чу дуьххьара веана… Керта-м вогIу… школина дечиг дохьуш.
— Ча тешийла хьайх!.. БIаьргаш дукха сийна бу хьан!
ТIаккха Нурседас, нана къевллина мара а йоьллина, йуха хаьттира цуьнга дуьххьара:
— Нана! И ма олу ахь даим… Хилча хIун ду бIаьргаш сийна?
— Эхь доцчийн хуьлу ма олу уьш сийна.
— Хьайниш а… ма бу уьш… сийна! — эккхийтира йоIа, нанна барт а луш.
— Дера, хир бац-кх! ХIинццалц соьга-м ца аьлла цхьамма а… «сийна бIаьргаш!»… Со-м ца хилла эхь доцуш.
— Ой, куьзгана хьаьжча а ца гина хьуна, ва нана?.. Цунах ца хаьа хьуна и бакъ доцийла?
— Шу санна, куьзгана хьежа мукъа мила хилла?.. Ткъех шо хьалха, шун дега йогIуш, хьаьжчахьана кхин суо куьзгана хьаьжна де дага, дера, ца догIу суна… И-м вайнехан Iедалехь осала а лорий… Шу санна, гуттар куьзгана хьалха хьийзар, баккъал, товш ду моьтту хьуна? — аьлла, корта а ластош, дIайахара Нурбика, шен ведар а эцна, Тавсолте гайта четахь сурт а хьош.