Выбрать главу

Расулан да, маццах ДегIастанара схьакхелхина, Iаьнди вара, ткъа нана кхузара нохчо йара. Уьш тIом а эккхале беллачул тIаьхьа, Iаьндара тIаьхьавеанчу девашас дIаийзошшехь, Расул кхузахь, ша кхиийначу ненахошца висира. Тавсолтина лаьара шен нуц ондда тайпа долчу нохчех хуьлийла. Тавсолта аравелира, Нурбикина дов а дина.

Чуеъна Нурседа ша а йаьккхина, Нурбикас шена майрачо дина дов дIадира йоIана:

— Хьай, гаур йаI! Йоккхачу йишел а хьалха!.. Хьайн вешех а хIун хуьлу а ца хуъушшехь… Эхь ца хетий хьуна, нажжаз! Жимма сатоха ца мега… ваша цIаверззалц!

— И-м цIахь долчу вайх а ца хаьа хIун хир ду! — къар ца лора йоI.

КIантах йоьIан дог даккха а гIоьртира Нурбика:

— И суьйли бен кхин ца каравора хьуна кху ломахь?

— Имам Шемал а хилла суьйли! — жоп делира йоIа, Тавсолтин цIа чохь кхозучу суьртехьа корта а ластош.

— Хьажал! Хьо адам делахьара… — Нурбикас, ша гуттар а ишттачохь хIинццалц эриг хIинца ца олуш, эццигахь шен дош хийцира. — Массарел жима хьо, массарел хьалха йала йийзи-кх!.. ШайтIанан ког!

— Дика ду, нана! Дика ду! — аьлла, и тейира йоIа, ша тIетайна моттуьйтуш, дагахь къайллах кхин а сацийна.

Тавсолтас, йоI ца Iахь а аьлла, шега балу кечам бира, цо йиллинчу хенахь и ларйан…

ЙалхолгIачу июлехь, Iуьйранна, да балха ваханчул тIаьхьа нене, ша Анна Львовна йолчу йоьду а аьлла, арайаьлла Нурседа йуха ца йеара. Селитина этажерки тIехь карийра Нурседас дитина кехат: «Аш суна бехк ма билла! Сайн дош а, сайн лаам а кхочушбеш, со маре йаха айса хаьржинчу кIанте. Делахь а, даим дагца шуна хьанал йолу Нурседа».

Нурбикий, Селитий йилхира ший а.

Ша и дIадийца а ца йаьххьашехь, амма и къайладаккхар кхин а шена кхераме хиларна, Нурбикас кехат, куьг а эгош, дIауьйхьира делкъанна чувеанчу Тавсолтега:

— Йаха-кх!.. Йаха-кх! Гаур, йаха-кх! — бохура цо, куьйгаш хьалатуьйсуш.

Тавсолтас кехат, этIийна, цIенкъахула даржийра:

— НеIаллит цунна!.. Иммансиз! Кхин сан йоI йац иза!.. Эхь-бехк а, да, ваша а ца лоруш йахана-ц. Цуьнан цIе а ма йоккхийла кху чохь! Кхул тIаьхьа цуьнца уьйр лелорг а сан вац!.. — кога неI тоьхна, аравелира Тавсолта.

Нурбика, йоьлхуш, йиш йоьхна хьийзара. Селита Анна Львовна йолчу йахара цу сохьта.

Анна Львовна а цецйелира Нурседа шех а дага цайаларх, амма хиллачух хIумма а, Селита санна, вас хилла-м йацара:

— Расул дика кIант ву! — аьлла, мелхо а, къобалдира цо тIаьххьара а Нурседин маре.

Вукху сарахь, Тавсолтин кетIарчу гоьзанах дой дIа а тесна, схьахIиттира, лекха холхазан куйнаш коьртахь, гIовталш а йуьйхина, кечбелла, вайнехан Iедалехь захало дIадерзо баьхкина, Расулан кхочарш. Таьлсийн оганаш дуьзна дара: йух-йуххехь лаьттара цара йалийна йоккха старгIий, ши жий. Жимма манкха а луьйш, къамел динчу царех воккхачуьнга ла а доьгIна, Тавсолтас доцца дIадерзийра:

— ЙоI сан йац!

БIогIам санна, меттах ца хьовш, лаьттара Тавсолта. Баьхкинарш кхин а къамелаш дахдан дагахь бара, амма оцу сохьта, мичара вели ца хууш, Тавсолтин кетIа, дейтта-пхийтта шо хир долуш, бIегIаган куй а коьртахь, йайдакх говрахь цхьа бере хIоьттира. Багара чопа а йуьйлуш, гаьллаш Iуьйшучу шен говрал а хьуьхьвоьлла, шена тIедиллинчу гIуллакхах воккхаве кIант сиха луьйра:

— Тавсолта! Хьоьга колхозан керта гуламе кхойкху кху сохьта! Москохара баьхкина хьаькамаш бу… Сихло бахара! — цо берзана ког Iоьттина расха говр, шад бина цIога а ластийна, бергийн тата ойуш, дIаиккхира.

— ХIа! Аш бехк ма билла! ГIуллакх, шуна ма-гарра, сиха ду! Со ца вахча валац! — аьлла, Тавсолта, церан Iодика а йина, дIавахара…

* * *

Лохочу дегIахь, стоммо, хьена лепачу йуьхьца, шалха кхалкъ а йолуш, эскаран хормехь цхьа стаг вара, гонаха накъостий а лаьтташ, трибуна тIера къамел деш. Тавсолта лерина дIахIоьттира цуьнга ладогIа, иза бIаьрла стаг хетта. «Церетели» бохуш, йохура наха цуьнан цIе. «Сталина ваийтина»… «Бериян гергара», «Инарла» ву… бохуш, дуьйцура. Цо къамел оьрсийн маттахь, амма кавказхойн акцентаца дора:

— Цхьайолчу меттигашкахь партизанашна герзаш ца тоьу. Шуьга гlo деха даьхкина тхо. Шайн долу герз, башха а дац, муьлхха а схьалахьара аш: шалгу тоьпаш, шаьлтанаш, тарраш… Тишанаш а мегар ду. ХIокху муьрехь а муьлхха герз а оьшу вайн партизанашна. Шун массо йарташкахь а хIинца гулдеш ду герзаш. Шу царел эша мегар дац…