Выбрать главу

Дисина гIуллакх шеца баьхкинчарна тIе а диллина, «виллис» тIехь дIавахара иза…

Вукху дийнахь сарале, хьалхаваьлла Тавсолта а волуш, Эскинойхь герз дIагулдира: шалгу-тоьпаш, тарраш, шаьлтанаш… Тавсолтас, шен шалгу-топ а, доьхкарца кхелина шаьлта а ша дIалуш, элира:

— Граждански тIамехь кIайчарна йиттира… хIинца а вайн хуьлда аьтто!

Наха цIенчу даггара дIаделира шайн долу герз. Бакъду, наггахьчо, и дIадала ца лууш, цхьацца бахьана хьовзадора. Тавсолтас тIаккха цхьаболчаьрга Къуръана тIехь дуй боуьйтура. Пхьадуьхерачу, аьхка а кхакханан месала куй лелочу, тIехьаьжча цхьа пекъар хетачу Додин Якъубан а йу ворхIазза йолу тапча, олуш хезира.

И шатайпа стаг вара. Цуьнан багара, сих-сиха схьакъедий, цIен мотт, дакъаделла балдаш дашош, цхьана йистера вукхузхьа разбодий, дехках тера, дIалечкъара йуха. КIарул-Iаьржа хаза бIаьргаш сапаргIат хьуьйсура, дуьзинчу цициган санна. Виллина ламанца къахьоьгуш — йа жехь, йа бежехь, йа нахана дечиг кхоьхьуш — лелачу цунна хIунда оьшу а ца хаьара герз, амма цуьнан и хилар чIагIдора цхьаццамма. Ша Тавсолтас ца витича, цкъа шен чу а вахана, йуха схьа а веъна, цо дуй биира Тавсолтина нахана а хьалха:

— Со кхетам чохь а волуш, xlapa корта ас аганара айичхьана, цхьа а герз хилла ма дац сан карахь!

Нах шайн дагахь буьйлура.

Пхьакхочехь вехачу Сатус а, лоьдгашца ийзинчу томкано мажйина, аьрзун зIок санна, чухьаьвзина, пIелган мIара тIе а йетташ, биира дуй:

— ХIокху Делера охьадоьссинчу, хIокху Делан Къуръанора и хьуьлларниг йоцург кхин топ ма йац сан долахь! — аьлла, шайн цIийнан геннарчу туьнкалган тоьпа тIе пIелг хьажийра цо, массо а бийлош. Ша а тIаккха кIажвахана велавелира и, хераевлла можа цергаш гучуйохуш. Нахана хаьара, цо шен топ цу чухула хьалаоьллина хила тарлой.

Амма цуьнца къовса лууш цхьа а вацара. ТIехьашха «Чамзаркъа» олура цунах наха.

Цуьнан бегаш а, шеха-а шога хуьлура. «Хьо ма хьалхе къежвелла?»— хаьттира цуьнга цхьамма бегашена.

— «Дера, ца къежвелла, хьуна, со дуьненан гIайгIанна-м… Къаьркъа дан ваханарг схьакхаьчна ца волуш, дог эттIа къежвелла-кх», — шен даимлера жоп делира Сатус.

— И таьжгенаш а йитий, долчо герз охьадилла. Ца диллахь, Iедало могуьйтур дац! — элира Тавсолтас.

— Ва Тавсолта! Дуй биъча-м, лачкъийна говр а ма йуьту! Бита беза ахь уьш! — элира маслаIате наха. — Тхан кIоштахь кхин герз дисина дац хьуна!..

Герз шайн долахь доцчара а, дакъалацархьама, таллархойн туьканашкара эцна, тIейехкира шалгу тоьпаш:

— Тхоьгара а хилийта! Партизанашна! — олура цара. Нахана лаьара тIемалошна гlo дан.

Гулдина герз, даьхьна, сельсоветан чу охьадиллира.

Кхано шен «виллис» тIехь, веана, «воккха хьаькам» — Церетели схьакхечира. Резахилира. Тавсолтин белшах дерстана куьг туьйхира цо:

— Молодец, воккха стаг, молодец! ЦIен партизан а эрна ца хилла хьо!

Там хиллачу Тавсолтас чукхайкхира хьешашка:

— Шу иштта дIадахийта йиш йац… Вай цхьа кавказхой ду… Тхуна халахетар ду, тхан кхачех кхетаза шу дахча.

Церетели, велакъежна, гонаха хьаьжира: гIеххьа мацбелла накъостий резахилира, шайца райкомера Далхьад а волуш.

— Дика ду… Дика ду… — аьлла, хьалхавелира Далхьад. Тавсолтас сов сиха, лере цхьа-ши дош аьлла, шайн чу хьажийра, говрахь дIаиккхина тохарлера жима кIант…

ХIорш чукхаьчначул тIаьхьа, дукха хан йалале, Нурбикас хьалха йиллира йуург.

— Цкъачунна xlapa шозза йайина котамаш йу шуна… ХIинцца ас цхьа кхин гIайгIа а бер вайна! — элира Тавсолтас, хьеший охьа а ховшош.

— Муха… шозза йайина? — хаьттира цецваьллачу Далхьада.

— Цкъа — уьрсаца, тIаккха — кечйан цахаарца.

Котамаш, шортта хохаш а, даьтта тоьхна, мерза кечйина йара, амма нахана хьалха зуда хастор осала лорура Тавсолтас.

Хьешашка хьажар Далхьадна тIе а диллина, аравелира и. Цхьа хан йаьлча кертара схьа, къиладаьлла доьлхучу беран мохь хезира Далхьадна. ХIун ду хьажа уьйтIа ваьлча, цунна гира, шен цхьаъ бен йоцу газа дитта кIел охьа а тоьхна, шаьлта хьакха гIерта Тавсолта. Газанан къаьрзинчу можачу бIаьргех, ладар санна, бIаьрхиш охьаоьхура: Iоьхуш, йалан ца лууш, ворта дIасахьийзайора цо шаьлтанна кIелхьара.

— Хьо хIун деш воллу, Тавсолта?

— Цхьанххьа а уьстагI ца карийна, xlapa авст, мукъа, йен воллу-кх…

Хьешаша маларца цхьаьна чомехь йиира къона газа. Далхьада мотт ца туьйхира.

Хьеший дIабахча, Тавсолта йуха а кхоьлина вара: иза реза вацара Нурбикина, — шега геланчо дIааьллашехь, цуьнга урс ца хьокхуьйтуш, газа цо кхоайарна… TIe, Нурседас динарг а ца долура даг чуьра…

Кхин цхьа кIира даьлча хезира: Расул, райцентрехь керла квартира а йелла, шен нускалца ваха хиъна аьлла.

полную версию книги