Выбрать главу

Цкъа а ца гора и когахь пазаташ йоцуш а: йерзина настарш эхьар маьттаза лорура Тавсолтас. Садайча, массо гIуллакхаш дIадерзадой, Тавсолта волчу а хIуттий, ша кхин цунна ца оьшийла хиъчий бен метта ца йолура иза. Цундела, Нурбика даима йекъна йара, амма Тавсолтас: «ХIумма а дац, жIаьлин даьIахк санна, чIогIа йу!» — олий, хастайора и.

Бакъдолуш, йуьртахь а ша саннарш дукха хир боцуш, беркате хIусамнана йара иза. И Тавсолтина а хаьара. ХIетте а, йиллина ладоьгIуш, йулайелла хила дезара цуьнан: данза диснарг сиха гора Тавсолтина. Цкъа а ца хаьара и муьлхачу агIорхьара тIекIирлур ву.

Тавсолтас ша дан дагалаьцна дов цу сохьта ца дора: массо а хIуманна шен меттиг хоржура цо. ХIинца а пхьор диъна довллалц тIаьхьатеттира цо шен къамел. Нара тIехь дIанисвеллачу хIусамдена шенна хьалха кхача а хIоттийна, Нурбикас берашна стоьл тIе йуург охьайуьллушехь, цхьаммо-м неI туьйхира.

— Мегар дуй? — схьахезира оьрсийн зудчун аз. НеI ма-туьйххи а, и мила йу хиъначу Нурседас, хьаьдда йахана, неI схьа а йиллина, Анна Львовна чуйелира:

— Суьйре дика хуьлда шун!

Массара, хьала а гIевттина, хазахетарца тIеийцира хьаша. Нурседас, тIекхетта схьа а эцна, соне хьалаоьллира цуьнан плащ.

— Марша йогIийла, Ана! Хьо ма дика йеа!.. Охьахаа, хIума йаа тхоьца! — элира Тавсолтас, сирла вела а къежна, оьрсийн а, нохчийн а дешнаш эдеш: Анна Львовна, стоьла йуххе берашца а ца хууш, нара тIе, Тавсолтица хиира, ша деанчу гIуллакхна мелла а оцуьнца а бух кечбеш.

Йуучух йукъах а девлла, бераш цу сохьтта, хьешана пapгlaто йуьтуш, арадовла гIоьртира, амма Анна Львовнас, дега дехна, чохь совцабайтира уьш. Нурседа, гирз даьлча санна, шен гIанта тIехь дIасахьера: иза кхоьрура, хIинца, ша а йолчохь, Анна Львовнас и гIуллакх дийца долийча, шен айкхйалар а гучудаларна.

Школера ма-йаллара, йуучух кхета ца кхиош, схьайеанчу Анна Львовнас дезаш дуура, тIера Iаь гIуьтту, чомехь кечдина жижиг-галнаш, нохчаша санна, уьш саьрамсекхан берамала а Iуттуш, йукъ-кара чадица тIе чорпа а молуш. И къаьсттина хазлора Нурбикина. Хьешана йела а къежна, товхана йуххехь лаьттара иза, йуург тIе а йуьллуш. Амма ша охьа ца хуура. Анна Львовнас дийхира:

— Охьахаа тхоьца, хIума йаа!

Цунах кхеттачу Тавсолтас а элира:

— Охьахаа…

Йела а къежна, корта ластийра Нурбикас.

— Муха Iа шу? ЙоI йуй могуш? — хаьттира Тавсолтас, кхуо деанарг хаа шена луъушехь.

— Дика Iа тхо-м… Ниночка а йу детсадехь йеддий, хьаьддий хьийзаш. Шу дахкалой… дуй могуш? — Анна Львовнас а эдора оьрсийн а, нохчийн а дешнаш… Цакхетарг Дауда гочдора.

— Дика Iа… Иван хIун деш ву?.. — цуьнан майра хаьттира Тавсолтас. Он мой хороший изнаком! — тIетуьйхира.

— Иза а ву-кх шен тракторшца воллуш…

— Савва Ильич как? — цуьнан марда а хаьттира Тавсолтас.

— Иза а могуш ву, — жоп делира Анна Львовнас.

Тавсолтина оьрсийниг хуъучул Анна Львовнина нохчийн мотт а хаьара. Бераш, хIума йиъна а девлла, арадовлуш, массарел хьалха араиккхира шех йогу Нурседа; цунна тIаьххье арайелира Селита а.

— Дауд, хьо тхуна оьшур ву, — кIант чохь сацийра Анна Львовнас. Иза, охьа а ца хууш, коре дIахIоьттира.

— Тавсолтан Берсанович! — долийра Анна Львовнас. — Селитас тахана «шиъ» даьккхина, цкъа а ша даьккхина доцу. Оцуьнан бахьана шуьца къасто йеанера со-м.

Тавсолтин йуьхь шатайпа кхоьлира, цхьа бохалун боцу сацам ша бина ваьллачух тера.

Нурбика Дауде хьаьжира. Дауда талмажалла дира.

— Кхин доккхур дац! — хадийра Тавсолтас.

— И муха боху ахь?

— Тоьар ду Iамийнарг! Кхин ца дешча а мегар ду, шиммо а! — тIетуьйхира Тавсолтас къорра декачу озаца.

— ХIундий?! Дешарна дуьхьал ву хьо? — цецйелира Анна Львовна.

— Дешар ша ду, ткъа… доьшу бохуш, эццахула божаршца коьрта Iуьйра хехкабалар ша ду!.. ХIан-хIа! Кхин ког ловзор бац!

— Тавсултан Берсанович! Неханаш-м ма бу доьшуш! Ма делахь и… Хьо-х колхозехь жигархо а, цIен партизан а ву!

Тавсолта IадъIара.

— Хьан кIант, Дауд, школехь комсорг ву! Цунна а эхь хуьлуьйту ахь, Тавсултан Берсанович!

— Бакъду, дада, суна а вон хастам бу иза… со а вуьтур вац цхьа жоп ца доьхуш, — тIетуьйхира Дауда.

Тавсолта IадъIара, амма кIантана цунах бала тарлучу сингаттамах ойла йеш, цIоцкъамаш хабийра цо. ТIаккха, эххар: