Товханара цIе марсайаьлча, цунна хьалха а лахвелла, куьйгаш дохдан хIоьттира Абросимов. Ша вогIийла хаийта, йайн йовхарш тоьхна, цIа чу велира къона хIусамда. Коьртара схьабаьккхина куй, чу ши куьг доьллина, дIасатоьхна, тIера хи а дожийна, схьахьажавелча, шен хьаша голаш тIе лахвелла а гина, араваьлла иза, лоха гIант дохьуш сихха йухавеара.
– ХIан, хIокху тIе хаа, – Абросимовна улло гIант теттиpa цо.
Абросимов цецвелира цунна мелла а оьрсийн мотт xаарх.
– Оьрсийн мотт хаьа хьуна? – xaьттира цо.
– Туда-суда, почом ала хаьа! – велавелира иза хьаьвзинчу мера кIелхьара Iаьржачу мекхийн йуьхьигаш а хьовзош. – Хаси-Юьрта базара воьду. ГIалгIазкхийн станице балха воьду. Цигахь кIез-мезиг Iемина.
Товханна улло охьадиллинчу цхьа мор дечигна йукъара стоммо гал схьа а хилийна, чоин тIемаш кIел хьарчош, Абросимовна улло охьахиира иза.
– Важа эпсар стенга вахана? – xaьттира цо шен хIиллане боцу Iаьржа бIаьргаш Абросимовна тIе а боьгIна.
– Салти болчу вaханa иза.
– Хьо хIунда цa вaхана?
– Со эпсар ма вац.
– Салти ву хьо?
– Салти а вац.
Къона хIусамда, цецваьлла, къаьрззина хьеше хьаьжира. Схьахетарехь, хIинцций бен цуьнан тидам ца хиллера шен оцу хьешана тIехь тIемалочун духар цахилaрaн.
– Дурной башка! – шен хьаьжа тIе куьг туьйхира цо. – Хьуна тIехь салтин, йа эпсаран духар ма дац. Цуьнан тидам ца хилла сан! XIета, тхоьгара налог йаккха йа латта дIадаккха веана хир ву хьо?
– ХIан-хIа. Иза а йа важа а дац. ДуьххьалдIа отрядца схьавеана.
– ДуьххьалдIа вархьама, цхьа а ца вогIу тхо долчу, – гIайгIане корта ластийра хIусамдас. – ХIета, тхо дойъуш, тхан цIенош дагош, йалташ дохош, тхо схьа а лоьцуш, Сибрех дуьгуш хьажа веана хир ву хьо?
Яков Степанович воxийра цо дуьххьал схьа хIоттийначу хаттаро. XIун аьлла жоп лур ду ца хиъна, корта ластийра цо.
– ЦIе хIун йу хьан? – xaьттира нохчочо.
– Яков Степанович.
Цо шозза-кхузза корта таӀийча, иза резацахилар хиира Абросимовна. ДIакхевдина, товханара дечигаш хьадина, цIе марса а йаьккхина, хьешехьа вирзира иза.
– Ши цIe xила ца йеза стеган, цхьаъ хила йеза. Цхьа цIе а, цхьа дош а. Шун ши цIе йоккхуш гIиллакх дуй, хаьа суна. Оха и ца до. Ас Яку эр ду хьох. Реза вуй хьо?
– XIунда вац? Ткъа хьан цIе?
– ИсмаьIал. Ахь сан хаттарна жоп ца делла, Яку. ХІyндa веана хьо хIокху догIанехула тхан лаьмнашка?
Жоп дала дешнаш ца карош, куьйгийн пӀелгаш сеттош, цхьа йукъ йалийтира Абросимовс. ТІаккха, дайн куьг а ластийна, нийсса ИсмаьIалан бIaьргаш чу хьаьжира.
– Шу дойъуш, шун цIенош дагош, йалташ дохош, шу Сибрех дуьгуш хьажа веана.
Цецваьллачу ИсмаьIалан ши бIaьрг, къаьрзина, хье тIе белира. Цкъа оьгIазаллин ткъес кхерстира царна чу, тIаккха хьалхалерчу амате баьхкира уьш.
– Вуон оьрси ву сан хьаша, – корта хьовзийра цо, – Йаман урус. Паччахьо шен ницкъаца инaрлaш бахкийтина, инарлаша эпсарш балийна, эпсарша салтий балийна. Салтий а, дукхахболу эпсарш а шайн лаамехь ца баьхкина. Ткъа хьо? Хазахеташ хьажа воллу хьо тхан зударий, бераш доьлхуш? Адамаш ма ду тхо а, Яку! Шуна санна, тхешан мохк безаш, маршо йезаш, тхешан да-нана, доьзалш безаш. Даа а, тIедуха а лууш, хазахетар хилча – диэла а доьлуш, халахетар хилча – диэлха а доьлхуш, адамаш ма ду тхо а.
ИсмаьIалан багах долу хIор а дош, шаьлтанан йуьхьиг хуьлий, дага йуккъе доьдура Яков Степановична. Иза оьрси вара, ша бакъволу шен халкъан кIант а хетара цунна. Шен халкъах дaьллачу дикачух дозалла а деш, цуьнан цхьана нахах даьллачу вуочух хета эхь а долуш. Тховса генна ломахь къечу нохчочун хIусамехь боданечу нохчочунна хьалха цуьнан жоп дала дийзира шен къоман правительствос лелочу эхьечу гIуллакхах. Амма муха кхетаве-те цо хIара ламанхо и правительство, ламанан халкъийн санна, оьрсийн халкъан а мостагI хилаpx?
– Хьуна моьттучу дагахь ца веана со, ИсмаьIал, – элира цо ша-шега луьйш санна. – Шуна тIехь латто Iазап, харцо сайн бIaьргашца ган веана. ХIай-хIай ткъа, салташа шу дойъуш, шун цIенош дагош, шун йалта дохош, шу Сибрех дуьгуш хьажа, шун зударий, бераш доьлхуш ладогIа. Шух дог лазарна, шух къахетарна веана, кхузахь сайна мел хезнарг, мел гинaрг дерриг а дIайаздан, тхешан халкъе дIакхайкхо веана со, ИсмаьIал.