– Ой, ахь уьш дIайаздарх, тхуна хIун паргIато хуьлу?
Яков Степановича ойла йира.
– Гой хьуна, ИсмаьIал, – иза кхето гIоьртира Абросимов, – массарна а ца хаьа шух лаьцна бакъдерг. Сайна гинaрг, хезнарг ас тхешан газеташ тIе ма-дарра йаздийр ду. Иза доьшур ду эзарнаш наха. Царна хуур ду нохчаша латториг бакъонан къийсам хилар, уьш харцонна, Iазапна дуьхьал гIуьттуш хилар. Шух лаьцна бакъдеpг хиъча, церан ойланаш а хийцалур ма йу. ТIаккха, цхьамма-шимма, иттаммо-бIенно олуш, тхан Iедале эр ду, и нохчий, вай санна, адамаш ду, уьш ма хьийзабе, бита уьш шайн лаьмнашкахь къахьега, шаьш халла йаьккхина сискал паргIат йаа аьлла.
Цецваьллачу ИсмаьIала сихбина бIаьргаш беттара.
– Ткъа тxох лаьцна бакъдеpг хIинццалц цхьаммо а ца аьлла? – дакъаделлачу балдех мотт хьаькхира ИсмаьIала.
– Аьлла. Амма цхьакIеззигчaрa бeн ца аьлла.
– XIунда?
– Iедалх кхоьруш. Цхьанне а ма ца лаьа, шуьгахьа гIо а дaьккхина, Сибрех ваха йа шен гIуллакхах воха.
– Хьо ца кхоьру ткъа?
– Кхоьру. Амма даим массо а кхоьруш Iийча, цкъа а харцо дIайер ма йац. Шу санна, Iедална дуьхьал гIевттина тхан муьжгий а ма бойъу. ЦІeнoш а дагадо церан, ирхъухку, Сибpex xьийсабо. Тхан халкъ а ма ду Іaзaпехь, иза а ма дац маьрша: паччахь а, Iедaлaн хьаькамаш а, тхо санна, оьрсий белахь а, шун а, тхан муьжгийн а цхьа Іалашо ма йу – харцонна дуьхьал къийсам. Шу тоьлча – уьш тоьлу, уьш тоьлча – шу а тоьлур ду. Шун а, церан а кхоллам вовшехбозуш, цхьаъ ма бу.
ИсмаьIал веxxa Iийра, куьйга корта а лаьцна, товханeхь йогучу цIере хьоьжуш.
– Хьан оцу накъостан а йуй иштта ойла? – xaьттира цо, цIеххьана схьа а вирзина, нeIaрeхьа корта а ластош.
– Йац.
– Кхечу эпсарийн?
– Цхьа кIеззигчийн.
– Салтийн?
– Дукхахболчийн дог лозу шух, амма хаийта бахьац.
Цхьана йукъана тийналла хIоьттира цIа чохь. Товханахь йогучу цIеран серлонан меттанаш ловзура пенаш тIехь. Шиша доцчу чиркхо кIезиг серло лора. Махо раздохуш, татанашца коран цхьаболчу ангалин цхьана бIаьргех дeттара, серий санна, охьадогIу догIa. OьгIазе лиэтара хийра адамаш хааделла гонахара жIaьлеш.
– Шун эвлара дукха баханий Іaьлбагна тIаьхьа?
– Ткъех стаг.
– Хьо хIунда цa вaхана? ГIевттинчех дог а лозу хьан, хIетте а цІахь ву?
Цергашца Іaьвдина, бухара балда кIайдира ИсмаьIала.
– Со боьрша воцу дела, – кӀоршаме вистхилира иза. – Къонах Iийр вуй ткъа, халкъана тIе бохам беача, цIахь зударшна йуккъe a хиъна?
– Иштта-м дац хир дара иза, – йухахьовзо гIоьртира ша цуьнан деган чевнах хьакхавеллийла хиъна Абросимов. – Цхьа бахьана ду-те аьлла, хаьттира ас-м.
– Бахьана!.. Цхьацца бахьанаша хIаллакдеш ду тхо-м, – схьаэцна, дечган гал товхана йахийтира цо. – Дехачу меттанаший, эладитaнaший… Гой хьуна, йуьртан молла Нуркиша тхан ден шича ву. Цуьнан гергара ву Нажин-Юьртара йуьртда Шахьболат а. Тхан цIийнах стаг ву йуьртда Жанхот а. Цуьнан долаxь xьер а, дуккха даьхний а ду. Шахьбoлaтeхула схьайогIу зӀе тхан къечу хIусаме а кхаьчна. Шайн гергара мел волчунна цара дихкина Iаьлбагна тIаьхьахIоттар. Мелхо а, тхо цунна дуьхьалдаха гIерта. Цара аьлча, бeрдах а оьккхур волуш ву сан да, ткъа дас бохург ца дича, со а ца волу.
– Ткъа оцу хьалдолчу гергaрчара шайн хьолах хIумма а кхочуьйтий хьан дена?
ИсмаьIала цавешаш мерах шок туьйхира.
– Мацалла леш воллуш хилча, хьаьжкIан буьртиг-м, дера, лур бацара!
– XIетте а ву иза цара аьлларг деш?
– Іовдало цa дeш хIун дуьсу? Вай гергара ду, вовшашна муьтIахь хила деза, боху.
Чувеанчу Рихтера йукъахдаьккхира цаьршиннан къамел.
– НеIалт хилла догIа! – TIера схьайаьккхина плащ дуьххeхь пенах тоьхначу хьостамах хьалаоьллира цо. – Моьттур ду-кх, и стигал йаьттIа! ХІокху жоьжахатин цIергахь багарша бина бала бу-кх! ХІокху шайн хьожанечу лаппагIнаш чу а таьIна, шайга аьлларг деш ца Iаш! ХIокхара хIун лоьху, хаац-кх. Варраш йу-кх, шаьш ма-йарра варраш!
Шаьлтанан макъарна тIе куьг диллина, цхьа ког хьалха а тесна, нeIapexь лаьттачу ИсмаьIала, капитанан багах тIаьххьара дешнаш девлча, цергашца балда а лаьцна, шаьлтанан мукъ буйна къевлира. ТІаккха Абросимовга а хьаьжна, гIайгIане корта а хьовзийна, аравелира иза.
Хьаша – хьаша ма ву, иза мухха велахь а.
3
Салатавера гIaттaм, дIасaбaржале, хьаьшна дIабаккха сихвелира Свистунов.
Амма хьал хӀор а минoтeхь хийцалуш догIура. Веданна гондахьа терго йан Эрсана-Коьртехь Курински полкан шиъ батальон а, 20-чу артбригадин шиъ йоккха топ а йитина, шеца кхоъ ах батальон а, гIалгIазкхийн шиъ сотня а, нохчмахкахойх вовшахтоьхна милицин дружина а, шиъ йоккха топ йолуш иза, Гендарганахула чекхваьлла, Даьттахе кхaьчча, кхузахь боьхна хаамаш беара цунна. Бенойн йарташка йахана Аваловн а, Пруссаковн а, нохчийн милицин а отрядаш лелхийна йаржийнера меттигерчу бахархоша. Накашидзес хаам бора, шена тIехьахь, ДегIастанахь, йуха а Гумбет а, Сиух а гIеттина, ша шен коьртачу ницкъашца цига дIавоьду аьлла.