– Жоп ло суна, стенна даьхкина шу? – тIечевхира Свистунов.
Тобанна хьалхарчу могIaрeхь гора лаьтта карахь баьццара байракх йолу, некхан ваз даьлла, хIетта къежвала воьлла зоьртала хьаьрса суьйли Дацаевга хьалахьаьжира.
– Шайх-Махьма, алал вайн сардале, – вистхилира иза. – Тxaьш Iеxаделла лелийначу гIуллакхна тхо дохкодевлла. Тхаьш лелийнарг гIаддaйнa лeлийна оха. Хилларг дIaдaьлла. Тхайх къинхетамбар доьху оха сардале…
– Шу дарий мятежникашца? – хаьттира Свистуновс.
– Дацара… дерриг дацара.
– Бехкениш мичахь бу?
– Уьш цIахь бисина, сардал.
– И тIелхигаш стенна йеана аш? – байракхашна тIе пIелг хьажийра Свистуновс.
– Тxaьш къера хиларан тоьшаллина, хьоьга дIайала…
Александр Павловичан мера чохь велар иккхира.
– Хьанна оьшу и шун модаша йуьзна тIелxигаш? Гечдарх лаьцна тIаьхьа дуьйцур вай. ГІовтта хьала! Гуонаха ха а хIоттадай, БуртIунай-гIопе дIабига уьш. Кхана хIара хан хилале бехкениш цига дIа ца багIахь, церан йартех чим бе. Вада гIоьртинчунна тIе тоьпаш тоха а ала. Прапорщик Дацаев, ахь жоп лур ду суна церан хIор а коьртах.
…Цхьана кIиранах дахделира Салатавехь таIзарш дар. Хьалхарчу дийннахьехь шайн лаамехь гонахарчу йарташкара БуртIунай-гIопе веара ши бIe стаг. Доьзалшца хьуьнхахь къайлабевлла алмакхой, шина дийнахь мелла а дуьхьало а йина, кхоалгIачу дийнахь, къера хилла, гIопе баьхкира. ГIовттамхойх уггар бехке лерина ши бIe стаг, гуонах хa a xIoттийна, Петровск-порте дIахьажийра, цигаxь xІордан кеманна тIе а ховшийна, Волгица хьала къилбасeдeрчу губернешка дIабига. ТIаккха Батьяновн а, Тер-Асатуровн а отрядашна тIедиллира, Алмакх, Дилам, Миатли, БуртIунайн йарташкара бахархой арен тIе а кхалхийна, уьш йохор.
Дуьззинчу оцу кIиранчохь зударийн, берийн а белхар дара Салатавехь. Кертара арадохучу декъашний, лецна буьгучарний тIаьхьа тийжаш боьлхучу зударийн маьхьарий. ТIаьххье дIадоладелира кхалхор. ЦIийнах а, махках а бовла ца туьгуш, къаьсттина дуьхьало йора зударша. Коьртара даккхий корталеш а, чухтанаш а дIа а йаьхна, месаш охьа а хецна, когаш хьалха а гIертош, неIсагIех, кертех а тийсало зударий, текхош, тоьттуш, некъа кхуьйсура салташий, милцоший. Амма Александр Павловичан лергашна ца хезара уьш. ГIуллакх дика дIадоьдийла хиъча, Батьяновца цхьаьна Хаси-Юьрта охьавахара иза.
Свистунов Хаси-Юьрта кхаьчна саxьт а далале, кхуза кхечира Закавказски фронтан коьртакомандующис леррина схьахьажийна полковник Витгенштейн. Цо деанчу кехато бохура, хIокху деношкахь Шемалан кIант ГIеза-Махьма коьртехь а волуш Сухуме доссор долуш Турце кхелхинчу ламанхойх вовшахтоьхна эскар ду. Коьртачу штабе кхaьчначу хаамашца, Сванети а, ГIебарта а гIаттош, цигашхула чекх а ваьлла, Нохчийчу ван план йу ГIеза-Махьмин. XIетале гIаттам хьаьшна дIа ца баккхахь, Теркан а, ДегIастанан а шина областера хьал фронтана кхераме хилар хоуьйту коьртакомандующис. Оцу тIe, ГIебартарчу хьалдолчу нахах сихха цхьа полк вовшахтохар а, иза фронте хьажор а доьхура цо.
Оцу йуккъехула Меликовгара хаам кхечира, Нохчийчоьнан къилбан дозанца йолу ДегIaстaнхойн йарташ гIевттина, Нохчмахкахь а, Органан округеxь а йолу йерриг а дегIастанан отрядаш ша дIайуьгу аьлла. XIинца Iaьлбаг лацар Нохчмахкан отрядна тIехь дуьсура.
6
Салатавехь иэшам хиллачу суьйранна пхьуьйрал тIаьхьа Алмакхера охьа, говрийн урхаш лаьцна, ламанан тархашца хьийзачу гIaшлойн готтачу новкъа чувогIура ши бIe гергга стаг.
Лаха чохь а, дехьа регIаца а йукъ-йукъа гучу гIийлачу серлонаша, мисарболато аьчкан хIума санна, шайна тIеийзабора царах цхьаберш. XIoрaммо а тийна ойла йо шаьш цIахь битинчу доьзалийн. Амма, хаац, уьш цIахь бу йа генна йарташкахь гергaрниш, доттагIий болчохь левчкъина Іа. Шаьш зударий, бераш маца хьоьстур, къеначу дай-нанойн бIаьрг маца белор а ца хаьа. Ган доьгIний а хаац. Тховса санна, буьйсанан къайлехь лечкъаш, цара идо хIара хала некъаш кхана хиэда а тарло, хIорш тIамехь байъина йа, лецна, тангIалкхаш тIе хьалаоьхкина. Къаьсттина боккха бала бу цаьрца вогIучу бIe сoв суьйличун кийраxь. Царах дукхахболчийн доьзалш кхалхийна дIабуьгур бу Іедало. Сибрех ца хьовсабахь а, арен тIе дІacабаржор бу. Вуьшта а къен, миска и зударий а, бераш а лелар ду кIелхIитта тхов боцуш. Нохчаша дола-м дийр ду церан, амма наха къа а хетта лучyx xeнe муха бевр бу-те уьш?
И дерриг хуъyшexь, Iаьлбагна тIаьхьа богIу салатавхой. Шаьш цунна делла дош кхочушдан. Инарло Свистуновс шайн йарташна тIехь хIоттийначу къизаллех бекхам эца. Шайн догIмаш чуьра синош дIадовллалц, маршонeхьа къийса.
Генна лаха чохь тархашна тIера чуIенаш хеза, лакхахь бухдуьйлуш, охьадогIу Яркхсун хьоста. ЦхьакIеззиг ког галбалаxь, даха дог дац говре а, беречуьнга а. Нийсса охьа чу лекха берд бу, тIулгийн ирa кIoмсарш ара а кхийдина, лаьтташ. И хууш, ларлуш йогIу говраш. Некъ чунeхьа болчохь кIегархуьйшу уьш. Цхьаццанхьа бергаш шершича, тIулгаш тIехь суйнаш туьйсу ленаша. Лахо бевлча, варш йолало, тIаккха жимма дIабахча, когаш кIел латта а хаало. ПаргIато садоIу адамаша а, говраша а. Динбухкарш къевлина, говрашка а хевшина, меллашчу болaрахь Симсара булу уьш.