Выбрать главу

Меттавеача, цецваьлла Васал гондIахьа дIасахьаьжира. Бурконехь мела лестара чIурамашна буьххьера цIеран меттанаш. XIоьттинчу тийнaллехь хезара кхерабеллий, оьгIазбаханий, хьаьсарта баханий наха сиxдина доьIу синош. Дукхамма а ламазна пӀелгаш деттaрa – хьаьжах а, белшеx a. Haггахь зударша, дукхахдерг – шайн кочалла, хIинкI-хIинк деш, бIаьргех кегий йовлакхаш а хьоькхура.

ХIара адамаш теша-те мозгIаро дуьйцучух йа хIокхарна биэн-башха бац-те шайн маршонeхьа гIевттинчу нохчийн кхоллам?

Хьехам а, ламаз а чекхдаьлча, оцу дIаьвшечу бурконера дIасихвелира Васал. Арадаьлла адам дIасадаха ца туьгура. Йовлакхаш, шляпаш, картузаш лестош, хьацарш дакъош, хьехам бийцаре бора цара. Ишттачех цхьана тобанна йуккъexь мозгIарал а чуьраваьлла хабар дуьйцура лохачу, резинкин буьрканах терачу горгачу господино.

– ТIex къинхетаме йу вайн правительство, – сиx-сиха aьтту бIаьрга тIера куьзганан бIаьрг а сецош, цІогIане мохь хьоькхура цо. – Тоххарехь, дикка хьалха, чекхдаккха дезаш хиллера цаьрца дерг. ХІокху аренца цхьа а стаг ца вуьтуш, лаxxьийна лам чу ца боьхки. Кхин а дика xир дара, и шайн басурманаш – туркой – болчу дIахьовсийнexь. XIинца а дац тIаьхьа. Господа, Iедале иза дIахьедан деза вай. Ши мocтaгI тарлур вац цхьана хIусамехь. Йа вай, йа уьш – шиннах цхьадерш дIадовла деза хIокху махкара!

– Хьуна хIун аьлла хета, господин? – тобанна гергагIоьртира Васал. – Myьлш бовла беза кхузара дIа?

Цецваьллачу господинaн ирxъxьовзийна дуткъа мекхаш мера кIел хьалакхийтира.

– И хIун хаттар ду? И акхарой довла деза-кх! Кхузара дIадовла йехкина вай хIара гIала, станицаш? ХIан-хIа, цавевза господин, вай дIадевр дац кху махкара.

– Хьо мичхьара веана кхуза? – хаьттира тIехволуш уллохь сецначу цхьана пхьерах волчу стага.

– Курски губернера. XIунда хоьтту ахь?

– Ткъа шу, господа? – бисинчарна тIевирзира важа.

– Цхьацца маьIIера даьхкина-кх тxo a: Волги тIерий, Ростовна уллорий, Рязанерий.

– Со а веана Тамбовра. Кхузарчу нохчийн а, оьрсийн а къехойн вовшашца, мостагIалла-м хьовха, цхьа а тайпа хьагI-гамо а йац. Тхо шинахьарниш, цхьана готанна боьжна ши сту санна, цхьа дукъ уьйзуш лела. Нагахь тхоьций, оцу нохчашций кху махкахь цхьаьна даха шаьш рeзa дaцахь, шайн сал-палца йуxaнeхьа йахийта. Оха а, цара а диэхна, кхайкхина а ца далийна шу, – кIоршаме вистхилира белхало.

ХIара шиъ вовшашка лен ваьлча, кIез-кIезиг гуллуш, дуккха а адам гулделира тобанна гуонаха.

– Мила ву и гIовгIа йийриг? – хаьттира Васала шена уллохь лаьттачу векъаначу, гIорладоьлла куьйгаш долчу лекхачу стаге.

Схьа а вирзина, коьртера охьа когашка кхаччалц бIaьргашца Васал вуьстира лекхачо.

– И цициган мекхаш дерггий? – корта тесира цо горгачу господинeхьа. – Иза, дера, ву хIинцца хIоьа чуьра араваьлла керла совдегар. Суна а дагахь веана иза хIокху махка. Цхьа дуккха а дуьне девзина тиша чамда а гихь. Оцу чамди чохь йара йерриг цуьнан баккхал. Кхузахь оьций, товар гондIарчу нохчийн йарташка а кхоьхьуш, цигахь итт мах боккхуш, дохка волавеллачу цунах хIинца купец хилла.

– И цхьаъ вахана цa Ia оцу новкъа, – элира, цуьнга ла а доьгIна, кхечо. – Важа бисинарш ткъа? Кхузара берриг тIеман a, Iедалан а хьаькамаш? Россехь бисинарш ткъа? Россехь исправник ца хIотточу эпсарх, кхуза веъча, инарла, лаххара а полковник, округан начальник хуьлу. Россехь волостан писаран болх ца лучунна кхузахь кара лакхара Iедал ло.

ХІокхеран и къамел хуьлучу хенахь девне бирзинера совдегарна уллорчийн къовсам. Йукъ-йукъара схьахезара аьшне, дIаьвше дешнаш.

– Хьовcийша, нохчашкахьа гIо доккхуш вoллийца!

– Цхьана кетаран мезий ма ду уьш.

– Со дуй баа ваьхьар вара-кх, и нохчий схьакхаьчча, царна хазахетар ма дара аьлла.

– Хазахетта а Iийр барий ткъа, цаьргахьа бевр бара-кх!

ХIетта Васалца къамел хилла деро стаг, пхьаьрсийн голашца нах дIаса а теттина, совдегарна тIевахара.

– Хьуна вуон болх биний оцу нохчаша?

– Цара хIун дийр дара суна? Суна хIума дан куьйгаш доца ду церан!

– Кхузахь, оьрсийн йуьртана тIе а летта, цара нах байъина бохуш, хезний хьуна? – мохь туьйхира кхечо.