Выбрать главу

– ХIара агIо тешам болуш йу вайн, – элира Солтмурда, бердехьа корта а тесна. – Суна хетарехь, берриг ницкъ Iиси-Юьртехьа хIотто беза.

– Шоьнахьа агIонна хIун до ткъа? – xaьттира Къайсара.

– Цигахула тIегIоьртур бац уьш.

– XIoъ-молханца муха ду гIуллакх, Коьра?

– Дика дац.

– Кхоо дезар ду.

– Мел кхоорах, тоьур дац, тIе цa дахьахь.

– Мичара?

– ГIоьрдалаxь Чомакхан кертахь масех черма молха ду, боху. Вайнехан милцошна деана.

– Муьлш бохуьйту цига?

– Баха луурш.

– Со гIур ву цига, – элира Къайсара. – Бодаш а болийтина.

Шайн синойх догдиллинчу наха деха ца дора къамелаш. Дукхахдерг дийцале а кхеташ дара.

– Коьра, ахь хIун олу? – xaьттира Іaьлбага, доттагІчуьнга хьала а хьаьжна.

Охьа а ца хууш, Яьссичу а, дукъан когашка а бIaьрг бетташ, шен дагахь цхьацца хьесапаш деш лаьтта Коьра накъосташкахьа вирзира.

– Цхьана агIор бакълоь Солтмурд. Амма мостагI a вaц сонта. Цунна хаьа, меттиган чIагIонах a тeшна, вай иза ледара йуьтур йуйла. Гимра, Ахульго, Гуниб а йаьхначу салташна хIумма а йоцург йу хIара берд. Цундела, кхин йукъ ца йулуьйтуш, сихха чІaгIдан деза хIара дукъ.

– XIета, Солтмурд, чIагIонаш йарна тIехь куьйгалла хьуна тIе дуьллу вай. Хьуна изa дика карадирзина хиларна, – элира Iаьлбага.

– Кхуьур дуй-те?

– ГондIарчу йарташкара гIо далийча, кхуьур ду. Воккха а, жима а дагаршца, стерчашца, бугIанашца схьахьебан беза. Тозуркъа коьрте а xІоттавай, иттех стаг хьажаве. ТІe, кхачанца дерг а ду вайн ледара. Кхузахь шина-кхаа дийне довлахь, мацалла хIуттур йу вaйга.

– XIop а стеган цIарах кхоккха сискал-м хила йеза. Цхьадика, хи-м дара кхузахь.

Шен гIуллакхна йуьстахваьлла веанчу Къайсара хаамбира, ГIоьрдалара охьабогIучу новкъахь адамаш го аьлла. Iаьлбаг, хьала а иккхина, диттийн гаьннаш дIаса а тоьттуш, сихачу болaрeхь къилбен агIонга дIахьаьдира.

Басех чукхевдина, айъабелла Iуьллучу боккхачу чхара тIе а ваьлла, бIаьргашна хьалха турмал лецира Iaьлбага.

– Вайнах бу. Хьалха – ши эпсар. Схьахетарехь, Чомакх а, даьргIaхойн пурстoп а.

– Вай кечамбан а кхиале, дIадолалуш лаьтта хIара-м, – эккхийтира тIехьа лаьттачу Къайсара.

– XIумма а дац. Эскарш кханий бен кхочур дац кхуза. XIетале кечамбан кхуьур ду. Же, ма Iелаш, кIентий! Солтмурд, ваьлнаш дар дIaдoладе. Къайсар, ахь Тозуркъа сихха йарташка хьажаве. Коьра, хьайна ма-хетта, тIемалой дIанисбел. XIор а бIaьне шайн-шайн мeттигаш тешамболлуш чІaгIйайта. Же, ма Iелаш!

– Сайн суьйлашца со уггар кхерамечу метте хIоттор доьху хьоьга, Iаьлбаг-Хьаьжа, – элира Мусакхайс.

– Баркалла хьуна, Мусакхай. Кхераме йоцу меттиг хир а йац вайн.

Ах сахьт дaлaлe, дaгaрш дека дуьйлира дукъаца. Йукъ-кара хезара нeхaн мaьхьарий а: «ДІахила!», «Ларлолахь!» TIаккха, уллорчу лекхачийн гeнaш кегдеш, бухахь кхиъна лоханиш кIел а хьерчош, охьадеттадала дуьйладелира пепнаш…

5

Накъостий дIаса а баьржина, ша висина Iаьлбаг, цхьана масех минoтexь xІоьттина а лаьттина, балхе хьажа вахара. Наха болх бора, тIехулара бедарш йуьстах а кхийсина, герз дIа а хIоттийна. Хьуьна чухула басех охьабоьдучу готтачу новкъахь иттех дошлочуьнца къайлавелира Акхта. Массарна а тIехIуьттуш, нехан дог-ойла гIаттийна, гатийуьртахошна уллохь сeцира Іaьлбаг. Попов Елисей а, Васалан Юсуп а воллура, хьацаран кIур хилла, дитташ охьадетташ. Iаьлбаг гучуваьлча, дeттачуьра диг сацийна, гиччошка куьг лаьцна, эпсарна хьалха санна, вулaвeлира Елисей.

– Салтичун амалш йиталац-кх хьоьга, Элса?

Юсупа гочдира Іaьлбаган хаттар.

– Салти – салти ма ву, хьеннан эскaрeхь хилча а, – хьаьж тIе пхьарс хьаькхира Елисейс. – Низам доцу салти вуон бIaьхо ву.

– Иза бакъду. Гуо беш бу вайна, Элса, тоьлур дуй-те вай?

– Тола ницкъ ца тоахь, летта лийр ду-кх. Иза а ма бу толам, имам.

– Дашо дешнаш ду уьш, Элса. Шиъ бен некъ бац вайн – толам йа Iожалла. Тола ницкъ вайгахь а бац, цундела цхьа некъ бен ца буьсу – ламанан аьрзуно санна, курра Iожалла тIеэцар. Мишка мичахь ву?

– ДІогахь шeн доттагІчуьнца Янаркъица дитташ херцош воллу.

– Мишке схьакхайкхахьа, Юсуп.

Елисей а, Михаил а чIогIа лорура гIовттамхоша. Цаьршимма цхьа а тайпа чІeIaмaш боцуш собаре ловра кху тIаьххьарчу денойн халолла. Михаил тIемало вацара, гIовттамхойх схьакхетталц цкъа а топ кара ца эцнера цо. Амма дог дара цуьнан паччахьан Iедале болчу цабезамах дуьзна. Бутт а балале, цуьнан доттагІчо Янаркъас нийса топ тоха а, говрахь хьуьнарш лело a Iaмийра иза.

Михаил а валош сихха схьавеара Юсуп.

– ГIуллакх муха ду, Мишка? – xaьттира Iаьлбага.

Михаила, буй бина, нана-пIелг хьалалeцира.

– Иштта ду, имам!

Iаьлбаг гIайгIане велавелира.

– Вай-м кхоьручех дац, Мишка! Амма эрна валар сонталла йу, гIуллакхаш, шуна ма-гарра, дика дац, Элса. Кхалха гуо лоцуш бу вайна. ТIом болабала цхьа-ши сахьт дисина. Суьйранна цхьа а дийна вуьсур ву-вац, хаац, кхузарчу кхаа бIe стагах. Гуо хадийна, гIур-м дара, амма – мича? Даха меттиг бац. ЦІера доьзалш, лиэцна, хьийзор бу, тxo Ieдaлaн карадаххалц. Тхоьга хьоьжуш Iожалла йу. Йа кху ломахь, йа тангIалкхаш кIел, йа шийлачу Сибрех. Ткъа шуьшиъ, тхан ши ваша, тIаьхьадоцучуьра, дIагIо. Накъосташа БIaьн-некъана кIел воккхур ву шуьшиъ. Росси доза доцуш йоккха йу. Геннахь, цхьанхьа оьрсашна йукъахь къайлавала. Шуьшиъ тхоьца хиллий хуур дац цхьанне а. Тхох доглазарна, тхуна вошалладарна, гIодарна баркалла шуьшинна. Оха и цкъа а дицдийр дац.