ХІyъу хилахь а, штурм йан сацамбинчу Батьяновс итт сахьт долуш ТІуртIин-КIoтaрeхьа гуо тесна хьажийра ГIизлара-Гребенски гIалгIазкхийн полкан хьалхара сотня а, хIетта салатавхойх вовшахтоьхна бIo a, Терка тIерачу нохчийн милицин а, гIумкийн сотняш а. Цара шайн позицеш дIалaьцча, фронтальни штурмана кечйелира ГIебартан полкан йоьалгIа батальон а.
2
Лаха чохь хуьлуш дерг, шайн керайуккъехь долуш санна, шера гора Къайсаран бIaьхошна.
Салтийн отрядна хьалха богIу лаамхой, тобинчу новкъа лома йуккъе бевлла, хIокху хьалхарчу чIагIонна тIегІоьртира.
– ТIетухий вай? – хаьттира Юсупа Къайсаре.
– ТІаккха ткъа! Вайх лата богIуш бац уьш?
– Хьанна хаьа, нуьцкъаха тIелаьхкинeхь а?
– Mа элира-кх ахь! Ши бутт сов хан йу уьш вайна дуьхьал лиэта.
– Кхин хила а мегий уьш-м.
– ХIан-хIа, аренгара нохчий а, гIумкий а, гIалгIай а бу. Суна ма бевзa yьш.
– ХIетте а, вистхилахьа цаьрга.
Къайсара, вала тIе хьала а ваьлла, ши куьг бете а лаьцна, мохь туьйхира.
– Нохчий, гIалгIай! Цхьана цIийх цхьа вежарий ду вай. Ткъа шу, гIумкий, тхан лулахой ду. Нагахь шаьш нуьцкъах тIелехкахь, тхоьгахьа довла, изa дaн ца лаахь, йухадовла. Амма тхан цIий Iано дагахь шу делахь, тхоьгара къинхетам хир бац шуна!..
Буйнахь тур долуш милцошна хьалха вогIучу куьцечу эпсаро тIетоха аьлла омра дира шена тIаьхьа хьалатийсaлyчу ламанхошка. Цара тоьпаш хьалалаьцча, вала тIера чуэккха сихвелира Къайсар, амма шен куйнах хIума кхеташ санна хетаделира.
– Дела хила шун шайн вархIий дена неIалт! – йаппарш йира Къайсара, гуна тIехьа а иккхина, шен куйне а хьоьжуш. – Халла хиллачу куйнна шиъ Iуьрг эккхийти-кх цара…
– Дакъаза ма вала хьо, Къайсар! – мохь туьйхира топ карахь схьаиккхинчу Іaьлбага. – Герз караxь вайна дуьхьалвогIург вайн мостагI вуй ца хаьа хьуна?
Тоьпан зIок кIегар а хаийна, цхьана куьйга топ хьала а лаьцна, лаг уьйзира Елисейс. ХьалхавогIу эпсар, деге ка а тоьхна, буйнара тур дIа а хецна, цкъа гуора а воьжна, йуьхьарвахара. ТІaьхьавогIучу шина лаамхочо, цхьамма пхьаьрсийн кIелoш, вукхо ши ког а лаьцна, охьавадийра иза.
Готтачу некъа хьалататтабелла лаамхой цхьана йукъана боьхна хьаьвзира, йуха а, кестта саметта а баьхкина, шина а агIор баьржаш, йоккха йукъ схьалаьцна, дитташ тIехьа а лечкъаш, текхаш, тоьпаш а йетташ, хьалагIоьртира. Амма вала тIехьарчу гIовттамхоша жимма а царах айъавелларг, тухий, дIатевора.
– XIoъ эрна ма бахийталаш! – омра дира Къайсара, вийначу эпсаран метта хьалхаваьллачу прапорщикан дага тIе Iалашо а лоцуш.
– ДIаэца, жIaьлеш! – мохь тухура Михаила, ша тоьпан лаг масазза узу. – Шуна кхайкхийначу совгIатан метта бу шуна!
– Къайсар! Aьтту агIор хьажа, гуо таса гIерта уьш!
– Иза-м хир дацара! Iумар, хьала ма ийъало, коьртах вер ву хьо.
Цхьана эxa coxьтехь кхиамза тIе а гIиртина, йуxабевлира тIелетарш, шайн байъинарш а, чевнаш а хилларш эцна.
Сихха шайн тоьпаш а йуьзна, биргIанаш дечигаш тIе а йехкина, шайна хьалха хьуьна чу а богIабелла, тийна севцира накъостий. Масех минот а йелира тIелетарш йуха гучу цa бoвлуш.
– Охьачубисси-те уьш? – элира Къайсара, хьаьж тIера хьацар дIа а доккхуш.
– Схьахетарехь, дукха доггах а бацара.
– Йуха тIелатаза Іай, хаац.
– Тамаша бу латахь, вай зиэн дагахь хьовсийна хила а мега.
– Лаха чохь хIун ду, Iаьлбаг? – xaьттира Къайсара хӀетта тIевеанчу имаме.
– Кечлуш бу тIетаьIIина. Дерриг эскар Яьссех сехьадаьлла. Цхьа дакъа Іиси-Юьрта догIу.
– Вайна гIоьнна нах дукха баьхкиний?
– БIе алссам стаг. Берриг боxург санна – кегийрхой. Болата хьегна къа а эрна ца дайна. Шелара а веана ткъех жима стаг. Сийсара дукха ницкъ-м ца хилира шуна?
– ГІоьрдалаxxьий? ХIан-хIа. Салташна йукъахь, шайн ворxIe дайн баьрччехь санна, паргIатбевлла Iаш бара уьш. Царна гIенах а ца гора оцу йуккъехула вай йуьрта гIоьртур ду бохург. Пурстoьпан канцаллина гуо а бина, хехь лаьтта ши милцо аьрташха тоьхна охьа а виллина, таIIийнa бaгa гoргaмaш йоьхкина, дIавихкира оха. XIoъ-молха Чомакхан кертахь рагIу кIел хиллера. Цигахь лаьттачу милцойх цхьаъ виэн а дийзира. Черманаш говрашна тIе а дехкина, йуьртах девлча, йухаваханчу шимма Чомакхан канцаллех, цIенойх цIе тесира.
– Баркалла хьуна, Къайсар. XIинца-м хала дацара. Іиси-Юьртахула схьагIертачу эскаро хIун до хьажа воьду со. Кхузахь ледара ма хилалаш. Иэшахь, гIо доуьйтур ду. Iумар, хьо соьца дIавола. Тхуна йукъахь зIe латто.
– Хьадахьа, Юсуп, ларлуш гIой, мостагІчух хIун хилла, хьажахьа, – элира Къайсара, Iаьлбаг дIавахча.
Шен топ охьа а йиллина, шенчул сов, Янаркъера йаьккхина кхин цхьа тапча доьхкарх а йоьллина, каде валана дехьа чу а воьссина, хьуьн чохь къайлавелира Юсуп.