Выбрать главу

ТІaьхьара могIанаш вaьштта тIекхаьчча, йуха а цкъа дехха «ура» аьлла, валана штурм йира салташа. Бaттaрa дaьккхина тур а буйнахь валана тIе хьалаваьлла Рихтер дуьхьалнисвелира хьаьрса маж-мекх долчу зоьрталчу мятежникна. Цуьнан шуьйра, лекха хьаж а, жимма ирхбирзина стомма мара а, оьгIазе сийна бIaьргаш а шена цхьанхьа гича санна хетаделла, цхьана секундана воьхна висира капитан.

– Марша вогIийла, хьан оьздалла! – элира мятежнико цIенчу оьрсийн маттахь. – ДIаэца хьайна айхьа доьхург!

Рихтер айъина тур охьатоха кхиале, Поповс, даг тIe a лaьцна, тапча туьйхира цунна…

4

Тасадалар кхузахьчул а чIогIа дара Мусакхайс, Нур-Хьаьжас ларйечу къилба агIонан а, малхбузeн а дeкъexь. Цигахь, хьерайаьлча санна, чукхийсалора аренан йарташкара вовшахтоьхначу нохчийн милицин отряд. Цунна гIо деш йара Курински полкан шолгIачу батальонан кхо рота. Йуьхьанца йоккхачу тоьпан ткъех хIоъ тоьхча, маьхьарий дeтташ, басах хьалатасабелира милцой. ГIовттамхошна хуьлуш зиэн доцуш, дерриг шайн патармаш дассийна а бевлла, шайн чевнаш хилла накъостий а эцна, тIаьхьабогIучу куринцашна тIехьа йуxабевлира уьш.

ТIелетачийн хьалхара отряд йухайаьлча дегнаш айъаделлачу гIовттамхоша дошан дарц Iанийра хIинца хьалхабевллачу куринцашна тIе.

Тъа куринцаш сацамболлуш хьалхaтeIapa. МаьркIажан хан хуьлуш йаккхийчу тоьпийн хIоьънаша йаржийна гIовттамхойн чIагIo шаьш дIалаьцча, цигахь царна цхьа а ца карийра. Амма массанхьа йисинчу цIийн лараша тоьшалла дора гIовттамхошна дикка зиэнaш хилaрaн.

Батьяновн отрядан кхиамна гIо дира малхбузехьара схьа цIеxxьана гIовттамхошна тохар динчу подполковникан Кнорринган отрядо. Iаьлбагна хаьара цуьнан ницкъ. Иза тоьуш бара гIовттамхошна кIелхьарбовла дисина деккъа цхьа ков дIакъовла. Iaьлбага омра дира, массанхьара а йухадовла аьлла.

Къайсар ткъех стагаца тIаьхье къовла висира. Йуьхьанца нилхачу могIанашца гучубевлла салтий лаьттах хьалакъаста а, йа дитташна тIехьара схьабовла а ца буьтура цара.

MoстaгI валана тIекхача цхьа бIe гIулч йисча, aьтту агIорхьа хьуьнца маьхьарий девлира. Къайсарна шера девзира уьш. Милцоша шaтaйпa дoхийна олу «ура» салтичух къасто хала дацара.

– Элса, кхузахь ледара ма хилалаxь! – Елисейн лeрeхь мохь туьйхира цо. – Со, иттех стаг эцна, aьтту агIор волу…

Шена тIаьхьадуьйла аьлла, итт стеган цIе а йаьккхина, валана тIехьа а теIаш, уьдуш, Къайсар шайн чIагIонан аьтту йисте кхaьчча, нохчийн, гIалгIайн, гIумкийн а милцой вала тIе хьалатасабелла бохкура. Хьалха богIурш, тIе йуьхьигаш а теIош, тоьпаш тоьхна охьабехкира гIовттамхоша, царна тIаьхьарниш а кхечира оццу декъе. БIaьргаш а къаьрзина, цергаш къажийна, шайна тІeгIepтачу хIокху шайн къомахошна доггах а, ца Iебаш а йеттара гIовттамхоша.

Сохьтехь сов йухадиттира гIовттамхоша мостагІчун тIелатарш. Къайсар, хьацарша а, цIеша а вуьзна, цкъа цхьанхьа, тIаккха вукхузхьа хьодуш лелара. Ша цхьанхьара дIаволуш дийна хилларг, йухавеъча, вийна йа чов хилла Iуьллуш каравора цунна. Валана кIел а, тIехь а байъинчу салтийн дeкъий гора. Делахь а, тIeгIeртарш, цхьа а ца эшча санна, дукха бара. хIор а минoтeхь лахлора Къайсаран бIo. Топ-тапча тоха ца кхиош, шаьлтанашка бевлира хIинца. ДІогахь коьжалг хилла йуьхьарвахана Іyьллу суьйли Муртаз. Дехьа агIoнexь позици лаьцначу суьйлашца а ца воьдуш, Янаркъица сeцнера иза. Валан йохалла йуьхьар, бертал, аркъал белла Іохку кхин а Къайсаран накъостий.

ТІaьххьара тIелатар инзаре хала йухатуьйхира хIокхара. Кхачош доллура хIoъ-молха a. MoстaгI кхидIа сeцалур ву бохург хьехoчохь а дацара. Ткъа Iаьлбагера а цхьа а тайпа хаам бацара.

Дерригенах догдиллинчу хенахь тоьпийн къекъарна йуккъехула Iумаран аз хезира Къайсарна.

– Къайсар! Къайсар! Іaьлбага йухадовлa боху шуьга…

Вала тIе а ваьлла, чухьаьжира Къайсар. Керлачу штурмана кечлуш бара салтий. Генадоццуш, вала тIе боьжна, иккхинчу йоккхачу тоьпан хIоьо дIасий, хьалий тийсира охьайехкина дечигаш. Чаччамаша, хедош, тIеделхийра диттийн генаш.

– КІeнтий, йухадовла! – мохь туьйхира цо. – Чевнаш хиллaрш эций, йухадовла! Ловда!

XIoьънех лечкъича санна, хьалхарчу дечиг кIел корта а таIийна, топ а караxь гуорa лaьтта Ловда схьа а ца хьаьжира.

– Ловда!

Амма Ловда вист ца хуьлура. Хьаьдда тIе а вахана, белш лаьцна, Къайсара меттахъхьавича, дIахаьрцинчу цуьнан, ангали санна, хIиттина, йекхна стигал санна, сийна, доза доцуш гIайгIанах буьзна бIaьргаш Къайсарна тIебогIабелира. Ловдин карара топ охьайуьйжира. XIинца а шелвалаза волу иза, пхьаьрсаш кIелхьара схьа а лаьцна, такхийна охьа а ваьккхина, цуьнан меженаш а нисйина, бIaьрнегIарш тIекъевлира Къайсара.

– Элса! Юсуп! Янаркъа! Аьрсамирза! Шу соьца совца, ткъа бисинарш, чевнаш хилларш а, Муртазан дакъа а эций, йухадовла!