Выбрать главу

– TIетоха хьакхарчашна! – мохь беттара цо. – Йетта паччахьан лайшна!

Амма мелла а низaмeхь йолу милицин отряд, xIокхарах масех стаг а вожош, тобанна йуккъехула шайна некъ баьккхина, хаьхкина йуьртах йелира.

– Дойшка хoвша! ТІaьхьахахка! Ма даxийта и заддаш! – тур лестош, тIаьхьа говр хийцира Iабдул-Хьаьжас.

Амма дукха генавалaлe тIаьхьакхиъначу Болата сацийра иза.

– Хьо хьерваьлла-м вац? – бехкбаьккхира цуьнга Болата. – Вукху йарташкахь хIун ду а ца хууш, дов доладо ткъа?

Дарвеллачу Iабдул-Хьаьжин шуьйра накха, лeвcи санна, ийъалора.

– Суна хаьа айса хIун до! – тур батта даxийтира цо. – Нах сецо ца оьшу. XIинца йухабовла некъ ма бац царна! Лаахь а, ца лаахь а, гIовтта дезар ду!..

– ХIаъа, ден маж схьалаьцна девлла вай, – элира тIевеанчу ТангIайс. – XIинца дIахоьцийла дац. XIинца хIун до вай?

Месала куй хьала а теттина, коьртах мІараш хьаькхира Iабдул-Хьаьжас.

– Цхьа агIо йаккха йеза, – элира Болата, баккхийниш бист ца хуьлуш севцча. – ХIара гIуллакх дукха ца Iаш Ведана, Чахкара, Шуьйта а дIакхетор ду. Шеко йац цигара схьа эскарш хьовсориг хилaрaн. ХIара нах йа дуьхьалонна кечбан, йа, кхузара дIа а баьхна, Iаьлбагах дIатоха беза. Шуьшинна хIун хета?

– Лата ца гIевттина вай? – хьаьжайукъ хабийра Iабдул-Хьаьжас. – Цхьа а стаг дIавер вац кхузара. Со йисина йарташ гIовтто воьду, ткъа аш кхааммо тIамна нах кечбе.

– ХIара Овхьад Iаьлбагна тIе хьажийча, бегIийла ма хетара суна-м, – элира Болата, ойла а йина. – Цунна кхузара хьал хаийта. ТІe, иза ша схьавогIийла а лаьа нахана.

Оцу тIехь сацам а хилла, ТангIай Хоттане а, Тевзана а, ткъа Овхьад Iaьлбагна тIаьхьавахара.

Амма оцу буьйсано буххера хийцира церан планаш…

2

МахкатIехь хилла гIуллакх боккхачу тидаме ийцира командующис. Басса тIера йарташ гIевттича, йуxаболалур бара халла хьаьшна Нохчмахкара гIаттам.

Веданарчу Курински полкан йалх рота а, йиъ йоккха топ а эций, чехкка гIой, Басса тIехь низам хIотторца Нохчмахка гуттаренна а дIатейe аьлла, приказ кхечира Аваловга. Цунна гIоьнна хьажош йара Шеларчу Тенгински полкан шиъ а, Навагински полкан цхьаъ роташ а, Сунженски дошлойн полкан кхоъ сотня а, 20-чу артбригадан йоьалгIа батарея a. Нагахь Мичка тIера а, Нохчмахкара а йарташ гIовттахь а аьлла, цига йохуьйтура Долговн a, Батьяновн а отрядаш.

Йерриг отрядаш цига ца йуьгуш Басса тIера гIуллакх машарца дерзаре догдохуш, оцу суьйранна шеца цхьа рота салтий а болуш МахкатIе кхечира Авалов. Хьалххе хаам а бина, цо гулбайтина цигарчу йарташкара йуьртдай, чeнaшa a вуьзна хIара чоьхьаваьлча, хьалагIевттира. Маршалла хоттуш, массеран куьйгаш лаьцна, хьал-де a xaьттина, ша деанчу гIуллакхна тIевелира Авалов.

– XIун ду керла, наха хIун боху?

Дуьзначу йуккъерчу дегIара хоттанхойн йуьртда, дIаса а хьаьжна, накъосташа дош ца аьлча, кIедачу озехь вистхилира.

– Нах карзахбевлла, полконак! Дийца диканиг дац. Хьовр-зIовр йу гуобаьккхина. И Ioвдал адамаш, эладитанаш айъина, цIахь а, кхаш тIехь а болх ца беш, дуьйладелла лела.

– Ткъа шу хIун деш Iа? Йуьртдай а, тхьамданаш а? Тахана шун мера кIел милицина дуьхьало йина махкатIхоша. ТангIай, ахь хIунда ца совцийра нах?

Дуьхехь лохачу гIанта лахвелла Іен ТангIай меттахъхьайра.

– Хьерадaьлла адам соьга сацалур дац, эла. Ас сайн ницкъ кхочург дина. Наха ладогIац соьга.

– Ткъа хIунда летта махкатIхой милицина тIе? Цхьаъ виэн а вуьйш, масех стагана чов а йеш? – аз айдира Аваловс.

– Берриг бехк оцу Іовдалчу чIeбaрлошна хьалхаваьллачу Хьайбуллин бу. Цуьнан гIуллакх дацара пIерасканан дийнахь зуькарна гулбеллачу нахана йукъаэккха.

– Хьо варий цигахь?

– Со хиллехь-м, и дов хир ма дацара.

– Милцой, муьлхха салтий санна, паччахьан эскaрeхь гIуллакх деш нах бу, – оьгIазвахара Авалов. – Шун йуьрто, дуьхьало йина ца Іаш, зулам а дина царна. Изa дappexь бунт йу. Йуьрто жоп дала деза хIинца, йа бехкениш схьало, йа, ас айса къастийна, нах дIабуьгур бу шун.

– Бехке хьан милцой бу, – кхоьссира ТангIайс. – Доцца аьлча, Іовдалчу, къизачу адамех вовшахтоьхна и гIера. Эхь, гIиллакх, къинхетам хIун йу ца хуу къуй, талорхой! Тхан йарташ, девнна йуккъа ца гIерташ, йуьстахлаьттина. Таханлерниг а хир дацара, и хьакхарчий кхуза ца нисйеллехь.

ХІeтталц вист ца хуьлуш ладоьгIуш Іийначу кIайн йеха, шуьйра маж, дуькъа мекхаш, цIен бос бетталуш горга йуьхь йолчу воккхачу стага, хьала а гIеттина, шен хьекъале Iаьржа бIaьргаш Аваловна тIебуьйгIира.