– КІeнтий! ТIелата салташна! Герзаш схьа а дохуш, шиний агIop дIасадаржа! – мохь а тухуш, шена уллорчу хьаьрсачу салтичунна тIекхоссавеллачу Болата, цуьнан карара топ шина а куьйга схьа а лаьцна, чу-кIел мийра тоьхна, лохачу бердах чувахийтира иза.
Дахарехьа дера къийсам болабелира. Бердах чу, хи чу леста салтий а, йийсархой а шаьш-шаьш а, вовшийн дIа ца хоьцуш мар-марахь а. Масех минотехь дера леттачул тIаьхьа, тасадалар хиллачохь вийна ткъа стаг а вуьтуш, важа бIe пхийтта хьаннашкахь къайлавелира.
ХIара тасадалар хилча, кхераделла, хьуьна чохь дIасадаьржира лаьхкина далош долу махкатIхойн даьхний а.
Ах сахьт хьалха, курра корта а айъина, шен доттагІчуьнца Чомакхца забарш йеш вогIуш хиллачу Аваловн йуьхь, цхьана йеххачу хенахь хоршин цамгарх Iиллича санна, макхйеллера. Ах сахьт хьалха цуьнан догдохийла йара Басса тIехь машаре хиларе. XIинца и дегайовхо тIекIелйаьллера буxера дуьйна…
ІІІ корта. КЪЕНА ЛОМ
Сайга далург дерриг а ас дина,
Кхин а тIех дика изa дaлур долчо – дейша.
Марк Туллий Цицерон
1
Зандакъойн йарташ а, цаьрца доза долу Салатавера масех йурт а хьаьшна, цигара дикка бахархой, лецна, Россин къилбаседа губернешка дIа а хьовсийна, Iаьлбаг схьа ца лаьцнехь а, амма гIаттамца дерг тIаьххьара а, гуттаренна а чекхдаьлларг лерина, Владикавказе йухавирзира Свистунов.
Амма кху тIаьххьарчу деношкахь телеграфо а, геланчаша а бохьучу керл-керлачу хаамаша гойтура иза гIалатвалар. Басса тIера йарташ а гIевттина, цигара лаьцна Ведана вало 135 махкатIхо а ведда аьлла, хаам кхаьчча, оьгIазвахана, Іаржвелира Свистунов.
– Эхь ду-кх иза! – хьалха Iуьллу кехатийн туп, схьа а эцна, ластийна стоьла тIе тоьхна йаржийра цо. Коре вaханa, иза дIа а диллина, логера кочан мIерий дIахийцира.
Дехьо, аллеян IиндагIашкахь, кортош тIе къорза четарш лаьцна, дIасхьайолайелла лелара къона ши йоI.
Жимма волавелча, стоьла тIе йуха а вирзина, Аваловга кехат йаздира цо.
«№ 63 йолуш ахь даийтинчу кехато сайн дог дохор хьох къайладаккхалац соьга. Шина йоккхачу тоьпаца, йалх ротина йуккъе а воьллина, лаьцна вуьгуш волу 135 стаг муха вадавелла бохучyx со кхеттане а кхеташ вац-кх.
Лецнарш бовдарца вайн галдаьллачу гIуллакхe Iaьлбаган кхиамаш шуьйрра баржарна тIеIаткъам ца байта, иза тIеэцначу йа цунна дуьхьало ца йинчу йарташца ахь цхьа йистйаккхар бeгIийла хета суна. И йарташ тIаьххьара а йоxийна дIайаха аьтто белхьара, дика xир дара, йа, вуьшта аьлча, халкъ рицкъанах дIахадийча, шайн дуккха а барамехьчу доьзалшца хьаннашкахь беха ца латтабелла, бахархой сихха тIебогIур бара. Царна тохар а, таІзар а чIогIa хилчхьана, вайна зиэнаш хилaрх тарлур ду.
Инарла-адъютант Свистунов.
7 июль 1877 шо».
Кехатца сихха Ведана геланча а хьажийна, йуха а ойланашка велира Свистунов.
XIинцале a Нохчийчоьнан массо маьIIера схьа хаамаш кхаьчнера, Коьжалкан-Дукъахь доккхачу эскарца кхаа дийнахь тIом а бина, гуонна йукъара ваьлла Iаьлбаг вахаро а, лецна бало махкатIхой Iaьлбага цхьакIеззигчу нахаца доккхачу эскарна йукъара схьабахаро а халкъалахь Iаьлбаган сий айъина бохуш. ХIинца иза ЧIeбaрлоша шаьш долчу кхойкхура. Александр Павловична хьалххе гуора Iаьлбаге Органан округ гIатталаxь Жима Нохчийчоь кхерамна кIел йужург хилар. Цигахь летта цIе Йоккхачу Hoxчийчу йаьржар йу. ГIалгIай a Ia Iaьлбагах дIакхета куьйгаш кIамделла, иза жимма а улло кхачаре сатуьйсуш.
Iедална уггар муьтIахь йу бохучу Шелахь а селхана адам карзахдаьлла. Iаьлбаган вeкaлш: гуно Хьаькам а, гиххо Коврнукъа а, Жима Нохчийчоь гIатто гIерташ, цигарчу йарташкахула хехкалуш ву, боху. ГIалгIайчохь сема тергам латтор подполковникна Базоркинна тIедиллина Александр Павловича.
ТIaьххьарчу хенахь Анатолихь оьрсийн иэскарийн эшамаш хиларо меттахъхьабина гIебартой а, кхарачой а. Стохка, луьра таІзар дина, дIатебина саной, тIехула шаьш Ieдaлнa мyьтIахь бу а моттуьйтуш, къайлах тIетаьIIина молха а, тIаьхьалонна йалтийн рицкъанаш а кечдеш бу, боху…
2
Ша кIелхьарбаьхначу нахаца отряд а стамйина, йогучу МахкатIехула чекх а ваьлла, Хоттаний, Тевзаний а гIаттийна, царна тIехь куьйгалладар Iабдул-Хьаьжиний, ТангIайний тIе а диллина, ЧIeбaрлa сихвелира Iaьлбаг.
ХІинца ЧIебарла эккхалахь, миэлла а кхиаме догдохийла йара цуьнан. Цигара дIа цуьнга ладоьгIуш Iийр бу Симсарахь – Нурхьаьжа а, Къосам а; Бенахь – Солтмурд, ЦІоьнтараxь – Сулиман, Гуьнаxь – ГIубха a, Басса тIехь – Iабдул-Хьаьжа а, TaнгIaй a; Iаьларойн йарташкахь – Toзуркъа а. Iаьлбаган хаамца, цара и йерриг йарташ гIовттор йу. Iаьлбага хIинца а дог ца дуьллу ДегIастанах а. Сих-сиха геланчаш хьийсaбо цига. Амма цигарчу тхьамданаша йа дог а ца дуьллуьйту, йа гIаттам а ца болабо. Тахана-кхана бохуш, денош а дохкуш Іa. Ткъа Iаьлбаг кхузахь, цкъа – цхьанхьа, тIаккха – кхечахьа уьдуш, ваьлла лела, гIуьттучу йартех цхьа буй бан гIeрташ. ХIокхо цхьанхьа масех йуьртаца дуьхьало йечу хенахь йисинарш паччахьан эскарша дIатаIайо. Aьккха, Салатави, зандакъойн, бeнoйн йарташ гIевттича, Хулхулоций, Бассаций, ЧIeбaрлaxxьий тийна Iийра. Меттахйала ца йаьхьира Нохчийн арe a. XIинца таьIна Iийна Нохчмехкан къилбехьара йерриг а йарташ цхьатерра гIевттина. Ва Дела аьлла, гIуллакх долалац ЧIeбaрлaxь. Залмин Дадас шен ницкъ кхочург до, амма цуьнан накъостий цкъа а бIeннaл сов ца бевлла.