Выбрать главу

Дуин Iумма а вац меттахволуш. XIун деш, стенга ладоьгIуш Ia? ТІexула тIе, цигарчу хьаькамна гIо деш ву а, боху. Iаьлбаг кхетац цо лелочух. Бакъ делахь а, дацахь а, дуьйцуш ду, цуьнан а, дегIаcтанхойн тхьамданийн а цхьабарт бу, уьш Шемалан кIантера ГІeзa-Maxьмера хаам хиларе ладоьгIуш Ia бохуш. Хилийтахьа и барт а. «Амма, шайн цIийнах цIе йаьлча, цхьамма иза дIайайъалц йа кхечу йуьртара, махкара гIо кхаччалц, ши куьг чучча а диллина, хьоьжуш Iен-м ма ца веза! – ойла йо Iаьлбага. – Со хьалха а теттина, шаьш дIалевчкъина-кх».

Ша Басса тIехула чекхволуш, уггар хьалха цигарчу йартийн йуьртдайн а, царна гIортораш лаьттинчу церан гергарчийн а цIeнош дагийра Iаьлбага. Изза дийр ду цо йамартхошна. Iумма а вуьтур вац къена ву аьлла. Паччахьан эскaрeхь гIуллакхдечу шен кIантах кхоьру хир ву-кх иза. Дай-наной, йижарий-вежарий, доьзалш боцуш бу ткъа хIокху беа баттахь, кIелхIитта тхов, охьабийша меттамотт боцуш, дууш-молуш доцуш, цIийнах-цIарах бевлла леларш?

Оцу ойланаша дIалаьцнера Iаьлбаган корта. Иза наггахь бен вист ца хуьлура виллина дIа шена уллохь вогIучу Коьре а. Акха гезарий бен ца лела Пешхойн лам хадийна, ламанан йуьрта Нуй кхечира иза, шеца даим хуьлуш волу ах бIе нохчо а, суьйли а волуш. ХIара суьйлий ца хиллехь а, гIаддовр дара Iаьлбаган. Пхи-йалх бIe суьйли, а Iaьндой а хуьлура цунна уллохь уггар хала киртиг тIexIоьттича. Миска Мусакхай а вац хIинца, Салатавехь Iаьлбаган аьтту куьг хилла…

Нуйхь шен накъостий а битина, Залмин Дадица Зумса вахара Iаьлбаг. Цхьана минотана а кхин гена ца тоьттуш, къасто дезара Iуммица дерг.

Нах охьабийшинчу хенахь хIара шиъ Зумса чу воьлча, жIaьлийн гIовгIанаш йевлира массо маьIIехь. Схьахетарехь, жIaьлеш хилла а ца Iара уьш. ХІокху ламанца бехачу нехан жаш дара кхобуш, ткъа уьш Iалашдан берзалой тайппа жIaьлеш дезара. ЧIегIардигийн баннаш санна, ламанан басенех летта лаьттачу цIенойн хIор а кертара схьа буьрса лиэтара уьш. Амма, хIорш керта ца гIоьртийла хиъча, ураме ца лелхаш, тIехбовлуьйтура.

Гаттийчу урамaшкaxyлa xьийзаш вахана, тоъал дикачу цIeнойн кетIахь сeцира хIара шиъ. ЦІeнoшна гуонах йина лекха тIулган чир йара. Говpара охьа а ца вуссуш, дIакхевдина, кетIарчу гIопах шедакхаж туьйхира Дадас. Буьрса гIовгIа йелира масех жIаьлин. ЗІeнaш йeкoш, шаьш долччохь кхийсалора уьш. ЦІогIанечу гIовгIанца неI а йиллина араваьлла цхьаъ, лохха мохь тоьхна, жIaьлеш дIа а тeдина, гIопе веана, сeцира.

– Мила ву ков деттaрг?

– Со вара хIара-м. Залмин Дада.

Чухула боьллина ши гIуй дIа а баьккхина, ши дакъа долу гIап дIаса а йиллина, хIокху шинна хьалха хIоьттира зоьрталчу дегIара онда Iуммин вешин кIант Иба.

– Ассалам Iалайкум, дика мел дерг догIийла шун хIусаме! – элира, говpара охьа а воьссина, тIеваханчу Дадас.

– Ва Iалайкум салам, дика мел дерг хуьлда шуна а! Схьачудовла.

Шина хьеше куьг а луш, цаьршиннан говрийн урхаш дIалецира Ибас.

– Іумма вуй цIахь?

– Bу, дера.

Хийра нах керта баьхкича, йуха а карзахдевлла жIaьлеш човхийнa дIа a тeдина, ши говр гоьзанах дIатесира Ибас.

– Дуьлол цIа чу.

ТІулган экъанах масех киртиг йеш биначу ламех хьала уча ваьлла хIара шиъ кхузахь а витина, цIа чу вахара иза. Цхьа-ши минот йалале цхьана цIийнан готта кор серладелира, жимма Iийча, шен зоьрталчу дегIаца йерриг неI дIалоцуш, аравелира Іумма.

– Дада, хьо ву хIара? Марша вогIийла. Схьачувалал ший а, – неI дIа а йиллина, Дада хьалхатеттира цо. – ДIавалол.

– Хьо хьалхавала, – йухагIоьртира Дада.

– ДIавало, шуьшиъ хьаша ма ву.

– Хьо хьалхавалахьа, Іaьлбаг.

Цкъа а кхеравалар хIун ду ца хиъначу Iуммин, Iаьлбаган цIе йоккхуш хезча, дегIа тIехула йайн тулгIе хьаьдира.

– Ой, Iаьлбаг-Хьаьжа ву хьоьца верг? Схьахилал, мараволла ас хьо. Гор, берзан кIеза, йаІ! Mа хаьа-кх суна, хьо хIунда деана. ДІавалол чу. ХIай машаллахI, ма дика ду шуьшиъ веана! Охьахаал, паргIатваьл.