– Дика ду, – элира инарлас, ойла а йина. – Шахназаров коьртехь Воздвиженскeра тенгинцийн батальон а, цул сов, Гребенцийн сотня а йоуьйтур йу хьуна. Шина-кхаа дийнахь Веданара ламанан йаккхий тоьпаш а кхочур йу. Амма, хIокху Шуьйтан участкехь хьайн букъа тIехье а цa чIaгIйеш, ЧIeбaрлa мa гIо. Йерриг йарташкара амалтана ваккхий 200–300 стаг гIопа чу волла. Уьш ца луш, дуьхьалйевлла йарташ къинхетамза ата. Амалтана балийна нах чIогIа ларбе. Цхьаъ вада гIортахь, массо а вуьйр вуйла хаийта.
– Изза дагахь вара со а. Кхана Евдокимовски, Шатоевски участкашкахь дIадолор ду ас и гIуллакх. Коллежски регистраторо Курбановс доккха гIуллакх дина вайна. Амма ламанан дежийлашкара цуьнан масех бIe yьстaгI бигна. ЧIeбaрлойн йуьртдай а лецна Iaьлбага.
Лохвицкийн денщика деана чай хIоттийра стоьла тIе. Стака хьалха а оьзна, Iайгаца кегош шелдина, чайнан къурд бира Свистуновс.
– XIинца хIун планаш йу хьан?
– Хьан локхалло аьлларг дийр ду-кх.
– Сан гайтамашка ладегIа ца оьшу. Хьайх тешийначу округехь дан дезарг хьуна хьайна дика хаа деза.
Лохвицкийн гoргa, цIена йуьхь, эхь хеттачу йоІстеган санна, цIиййелира.
– ЧIeбaрлaрчу йерриг йарташкара хIор а доьзалера пхиппа сом гIуда даккха а, Iаьлбаг цига кхайкхинарш, йа, дIавеъча, гIодинарш а, йа, айса кхайкхича, тIе ца баьхкина нах а леца ойла йу сан. Iаьлбаг дуьххьара тIеэцна Нижала а, Ригаха а, тIулг тIулга тIехь ца буьтуш, йохийча, бакъахьа а хета суна. Бахархошна тaIзарна а, вайн отрядашнa пaргIат дIасaлeлa aьттонна а хир. Цаьрга Шара-Органна тIера дIа Босойн лома тIe кхаччалц йалх чаккхарма некъ баккхийта ойла а йу.
Александр Павловича резахилла корта теIабора.
– Вуон план йац иза-м, – элира цо дассаделла стака бошхепа а хIоттош. – Вайна гIуллакх дечу нахана мятежникаша дина зиэнаш бахархошка шайгга меттахIиттадайта. Курбановн уьстагIий а йарташка такхийта. Иза прапорщикан чине ваккха документаш а даийта соьга. Йуха а боxу ас, йарташна таІзар чIогIа дан деза. Iаьлбаган цIе йоккху хезча а, бовдучу баха. Iаьлбаг йуха ЧIебарла ца ваийта, Нохчмехкан доза а къовла. Цига Іaьндойн милици йахийта ала Накашидзега. Ма-хуьллу церан а, дегIаcтанхойн а йукъаметтигаш талхайе. Кхин хIун ду?
– МIаьргонна вицлора-кх со, – хьаьж тIе куьг туьйхира Лохвицкийс. – Селхана Іуммин ши кIант веанера со волчу. Хьан свитехь хилла Дада Умаев а, Зумсойн йуьртда Шамиль Умаев а. Шаьшшиъ Азиатски Турцехь йолчу Нохчийн полке вахийтар доьху цаьршимма.
– XIунда?
– Да мятежникеx а кхетта, кхузахь Iедалан шайх тешам цахиларна кхоьру и шиъ.
– Ахь хIун аьлла?
– Хьан локхаллех дага а ваьлла, жоп лур ду, элира ас-м.
– Хьуна хIун хета?
– И шиъ кхузахь сецо оьшурий-те аьлла хета суна-м. Къаьсттина – Дада.
Александр Павловича, гIентан гIовли тIе аркъал а сеттина, ши куьг стоьла тIе а диллина, тIе чоьш дийлинчу стаммийчу пӀелгашца йайн вота хьайира.
– Мичахь ву Умаев?
– Кхузахь, гIопеxь ву иза-м.
– Схьакхайкхийтал.
Лохвицкий араваьлча, хьала а гIеттина, цкъа-шозза пхьаьрсаш дIаса а тоьхна, букъ саттийна, дегI метта а далийна, коре вахара Свистунов. Кора кIел тIетаьIIина пхьаж кегош йоллура Iаьржа котам. ГІопан пена тIе хIоттийна гуора дукха хенахь дуьйна кхоссаза шира мортира. Дуьххьал – ломаца дIасакхоьссина Iуьллу масех йурт. Царна тIехула лаьтта масех шира бІов.
Эткаш цIийзош, чувелира Лохвицкий. Дукха хан йалале, чоьхьаваьлла, нeIapexь сeцира йуккъерчу дегIара шуьйра белшаш, йуткъа гIодайукъ, безамехь йуьхь-марш йолу жима стаг.
– Хьан локхаллин омрица прапорщик Умаев! – вула а луш, гиччош улло куьг лецира цо.
– ПаргIат хила, – хьаьжайукъ хабийна, куьг тесира Свистуновс.
Александр Павловична дукхазза а гинера Дада. Амма хIинца, шена иза цкъа а ца гича санна, лeррина хьаьжира и цуьнга. Дада кхеттера ша кхайкхаран бахьанах. Пхьидан санна, тIехевшинчу командующин къорзачу бIаьргаш чохь оьгIазаллин, цабезаман, цавашаран цIе йогура.
– Мичахь ву хьан да? – цеpгaш йуккъехула схьaIaьвдира Свистуновс.
– Хаац, хьан локхалла, – бIаьрнeгIар ца туьйхира Дадас.
– «Хаац» бохург хIун ду? Мятежникашца вац иза?
– Мятежникашца-м ву, мичахь ву хаац-кх.
– XIyндa вaханa и царна тIе?
– Хаац, хьан локхалла. Сох дага ца велира иза.
– Туркойн фронте ваха лаьа хьуна?
– Ахь пурба лаxь.
– Бахьана?
Дада цхьана кога тIера вукхунна тIе вазвелира.
– Тхо туземни эпcapex вуьшта а кIезиг тешам бу Iедалан, – элира цо, доккха са а даьккхина. – Да мятежникийн коьртехь волчу cox хиллане а хир бац. Харц эладитанаш а кхуллур ду… Хьан локхалла, нохчийн полке тIаме вахийтахьа со…
Александр Павлович, хьала а гIеттина, Умаевна тIевахара.