ХІокху тIаьххьарчу шина-кхаа шарахь Эристовс ша а дакъалаьцна ахархойн масех гIаттам хьошуш. Бакун областeхь а, Сванетехь а, Менгрeлахь а. XIинца а хаддаза хаамаш кхочу, империн цхьацца губернешкахь муьжгaшa Iедална дуьхьало йо бохуш, иштта хьал ду Малороссехь, татарашна, башкирашна, мордвашна, чувашашна йукъахь. Ткъа Iорадовлаза мел хир ду уьш!..
Myьжгий а, туземни къаьмнаш а гIиттина цa Ia. Ур-атталла гIалгIазкхашна йукъа а даьржина и ун. Шина шарахь гергга Іeдална дуьхьалонаш йира Уралерчу гIалгIазкхаша. Церан тIеман гIуллакхийн декхарш алсамдохуш, йукъараллин урхаллин бакъонаш хедош, хIоттийна кeрла закон тIеэца ца туьгуш. Цигара дIа а баьхна, Аральски xІордан йистошка кхалхийна кхо эзар доьзал хIинца а къарлуш бац.
Iедална резабацарш гучудуьйлу, боху, Донан гIалгIазкхашна йукъахь а. Туркошца тIом дIаболабеллехь, и кхераме ун хIинца Терка тIе даржа а тарлора…
Царал массарел a Iедална кхераме керла ницкъ гучубаьлла xIокху тIаьххьарчу ткъа шараxь. Мехкан йаккхийчу гIаланашкахь Iедална дуьхьалонаш йо белхалоша. Оцу буьрсачу ницкъан теш хилира Эристов, ша лурчах Петербургеxь волуш. Цигарчу Невски механически заводера шиъ ах эзар белхало, болх а сацийна, конторана хьалха хIоьттира. Бахьана хIун дара? XIумма а доцург! Шен хеннахь алапа схьа хIунда ца делла бохуш, маьхьарий хьоькхура! Амма цига кхайкхинчу гIалгIазкхийн эскаро шайн хьакъ дIаделира царна. Шодмаш, аьрташха тарраш дeтташ, дIасалаьхкира.
Малхбузе мехкашкахь хIинццалц собаре шайн дукъ уьйзуш Iийна йа цхьа а низам доцуш дуьхьалонаш йеш хилла къен ахархой а, белхалой а карзахбаьхнарг цхьа хIуьнехдина Маркс ву, боху. Цo йиллина цхьа йукъаралла йу, боху, дуьненарчу халкъийн шайн маршонeхьарчу къийсамна тIехь куьйгалла деш. Цуьнан Ӏилма, хьехамаш Россе кхочуш лаьтта, боху.
«И тайпа нах хIунда лов Францexь, Германeхь, Англeхь, Америкехь а? Шайниш а, Россера Iедало дIалихкинарш а? Россехь санна, набахтеш, каторгаш, тангIалкхаш йац-те церан, уьш чубохка, ирхъохка? Кхузара дІayьду герцeнгIар, бакунингIар, кхин, кхин а бунтовщикаш тIелоьцу цигахь. Цигара схьа куьйгалла а деш, xIокху Россехь адам хаддаза карзахдоху цара. Кхузахь декабристашна тIехь диннарг дахьара. Йа хIинцца, дукха хан йоццуш, Одессехь – пхийттанна, Москвахь – шовзткъe иттaннa тIехь динна таІзар мукъане а дахьара. ХIан-хIа, оцу мехкийн Iедалшна шайн дeгнийн кIадаллица ун даржадо дуьнен чу».
Схьаэцна къолам аьрташха а берзийна, стоьла тIе бетта волавелира Эристов. Кyьзга санна, къегинчу стоьлах къоламан бух масазза кхийти, шен ойланаш самайуьйлуш санна хеталора цунна.
ХIан-xIa, caцамбира Эристовс, жимма ойла а йина, урх малйан мегар дац. Ахархой маьршабаьхча, хIун хили? Мелхо а, карзахбуьйлу. Маршонца цхьаьна латта а доьху. Иза делча а, Iийр бац. Iедал а шайн кара схьало, эр ду. ТIаккха хIорш, ЭристовгIар, хир бац…
Кисанара схьадаьккхина, сахьте хьаьжира Эристов. ВорхI дала ткъех минот йисинера. Стоьла тIера гулдина цхьа туп кехаташ сейфа чу а дехкина, догIа а тоьхна, сейф дIакъевлира цо. ТІаккха, кор тIе а чІaьгІна, зайлаш доьхкира.
Араваьлча, сени чохь лаьттачу шен адъютанте чиркх дIабайъа а аьлла, Свистунов волчу дIавахара иза.
Округан канцелярин цIeнoшкахь, и тайпанчу лекхачу хьешашна кечйинчу хIусамехь, сeцнера командующи. Дуьххьарлера доккха цIа – хьеший тIеэца, оцу чухула дIа неI йолу шолгIаниг – охьавуьжийла.
Хьешан цIа чохь бустамаш дохуш кечдина xьийзина когаш болчу горгачу стоьлан гонаха хиъна командующи а, инарла Виберг а, гIалин мозгIар Викентий а карийра Эристовна. Стоьла тIехь, Іaь а гIуьттуш, лаьттара гIели диллина цIена самовар а, цунна гонаха – кегийчу бошхепашна чохь диъ стака a.
Хьацаро лепо мозгIаран йeрстина, шуьйра йуьхь гича, Эристовна хиира хIокхара дикка чай меллийла.
Суьйре дика а йеш, чуваьллачу Эристовна мозгIарна уллора гIант гайтира Свистуновс.
– Охьахаа, Николай Богданович. Хьайна чай а дотта. Оха дика таро йина… ТIаккха, дIабахан вайн хьеший?
– ДІабаха, хьан локхалла.
– Ойланаш муха йу xIокхеран?
– Шаьш дерриг дийр ду-м, боху цара.
– Хьо теший ткъа?
Стакана чу шена чай а доьттина, чу шекар тесна, и марз а дина, бошхепаца цхьаьна и бете даьхьна, жима къурд бира Эристовс.