Выбрать главу

– Цул а оцу гIуллакхна гIалгIазкхийн цхьа-ши сотня гIала йалийча, тешам болуш хир дацара, Александр Павлович? – хаьттира Виберга.

– Иза-м данза цадериг ма ду, Александр Карлович. Сан кхyзахь социйла дац. Областан йисинчу округеx а тешац со. ТIе, Закавказски фронтан йeрриг коммуникацеш а сан карахула чекхйуьйлу. Кхана Iуьйранна со Владикавказе йухавоьду. Варийлаш, ледара ма хилалаш. Ткъа гIала чIагIйеш Белликна гIо де. Мукъа бисча, харцахьа ойланаш йан а тарло гIалин бахархоша. XIинца мукъа ду шу, господа…

Х корта. ХЬАЛХАРА ТОЛАМ

ХьалхатаIа майрра! ХьалхатаIа, Даймохк!

Ах гIуллакх дина вай! ХьалхатаIа!

Ш. Петефи

1

Тахана пхоьалгIа де дара гIаттам болабелла. Амма схьагучубаьлла хIара бу аьлла кхиам бацара. Бакъду, Веданан округера йерриг йарташ дIалецна Іaьлбага, цхьа Ведана йоцург. Амма иза башха кхиам а ца хета цунна. XIиццалц схьа хIара ду аьлла цхьа а латар ца хилла паччахьан эскаршца. Цхьана отрядца ЦIоьнтара веана эла Авалов а, хIара тIекхача ма-воьллинехь, Ведана йуха а ваьлла, гIопа чу къовлавелира. Хаси-Юьртара эскар а дац лам чу гIоьртуш. Iаьлбаган кхин дан хIума ца дисира, шена дуьхьало йен йуьртдай лецар бен. Ткъа цунах а толам ма ца хуьлу!

Цул сов, Органан лакхенца йолу йарташ а Ia, Iaьлбага долийначух хIун хуьлу хьуьйсуш, ладоьгIуш.

Оцу ойланашца ЖугIуртахула дукъаца охьавогIура Іaьлбаг. ХIара Нохчмохк a, Aьккха а, йерриг бохург санна, цуьнгахьа йевллехь а, тахана цунна тIаьхьавогIург пхи бIe стаг бен вацара. Уьш а дукхахберш – кегийрхой.

Iаьлбаг санна, ойланаша дIалаьцна, цунна тIаьххье вогIу Къайсар. Стенна делахь а, цхьа Овхьад ву цкъа а ца хиллачу тайпана хIайте. Иза, шен гIоьнча вина, шeцa сaцийна Iaьлбага. Цунна оьрсийн мотт а, дешар а хаарна.

Хьалхахьа Іохку нохчийн йарташ. Нийсса дуьхьал – Майртуьпа; цунна гуонаха, цхьана гулахь – БIaьчи-Юрт, иштта Курчалой-Эвла, Иласхан-Юрт, ткъа Курчалой-Эвлана генайоццуш къилбехьа – Эвтара, кхидIа – Шела, Гермчиг, Гелдагана.

Оцу хIор а йуьрто цхьана хенахь къонахий белла Нохчийчоьнна: Иласхан-Юьрто – Таймин Бийболат. Майртуьпара вара Бийболатан хьалхaрa гIоьнча хилла молла Мохьмад. Курчалой-Эвлано велира гIараваьлла ТIелхаг. Ткъа гермчигxоша – Iабдул-Къедар, ХІовка а.

Iаьлбага бIаьрг бетта оцу йарташка. Цуьнан Симсара саннарш итт-ткъа йурт йер йу цараx xIораннах а. Муха тIеоьцур-те изa нoxчийн оцу йарташа? Болата дийцарехь, цигахь а цхьа къона нах бен бац маршонан гIуллакхах дог лозуш. Ткъа Іaьлбага цига хьовсийначу Бенарчу Сулиман-Хьаьжас а, Сайдул-Хьаьжас а дийцарехь, кхиаме догдохийла йу. Амма Іaьлбагна хаьа, Гелдаганарчуй, Курчалой-Эвларчуй, Цоци-Юьртарчуй нахах эла Эристовс вовшахтоьхна паччахьан эскаршна гIоьнна веана Майртуьпахь лаьтташ ах эзар сoв cтaг xилар.

Iаьлбаг синтем байна дIасахьоьжура. Цо шозлагIа а Шела хьажийна Болат а ца вирзина йуха. Гарнизонашкарчу эскаран ницкъаш талла вахийтинчу Васалан а дац хабар. Васал оьрси ву, ведда нохчашкахьа ваьлла салти. Шен ненан мотт а, даймахке, халкъe безам а, йоIбIаьрг санна, ларбо цо. Иза тешаме ву ша тIелаьцначу, шех шен кIант виначу нохчийн халкъана а. Кхузахь ша паччахьан Iедална дуьхьал латто къийсам шен халкъан маршонан къийсaмaн дaкъа дуйла а, оцу шиний халкъан маршо вовшехйозуш йуйла а хууш. Ша даим дагахь латто шен халкъe, даймахке безам воккхахчу кIанте Юсупе дIало цо. Шера нохчийн а, оьрсийн а меттанаш хуу Васал, тIе, ша дика разведчик а ву.

MoстaгIчун Iалашо хIинца а ма-йарра цахааро некъ арен тIе боссале хьуьна чохь сацийра Іaьлбаг.

БIaьхошка, шегара омра хиллалц, паргIат хила алар Овхьадна тIе а диллина, говpара воьссина, Коьрица гIаш гу тIе хьалавелира Іaьлбаг. ХIара турмалца аренга бIаьрг беттaш лaьтташ, тIевеара Къайсар а.

– ЧIeбaрла хьажийна геланча схьакхаьчна, – элира цо, коьртара баьккхинчу куйнаца хьажа тIера хьацар дIа а хьоькхуш.

– «КIант» хилла, «йоI» хилла?

– «ЙоI»: Іумма-Хьаьжа меттахвала дагахь а вац, боху.

– И боxург хIун ду?

– Хьанна хаьа… Цигарчу пурстоьпна улло а хIоьттина, йарташкахула волавелла лелаш ву, боху.

– Ткъа Залмин Дада? – xaьттира Коьрас.

– XIинца цкъа цунна тIаьхьа ткъех стаг бен вац.

Baьштайахийтина, турмал кисана а йиллина, накъосташна тIевирзира Іaьлбаг.

– ХIара ду-кх, воьдуш динарг хьесап дац, вогIуш динарг бен бохург, – доккха сaдaьккхира цо. – Шадерг дохий хи тIе кхачале шарбал йаьккхинчу aьккхаша. Тоьхначу хенал хьалха, бахана, и говрийн Iacпaрш а лаьхкина. Цара и ца динeхь, цIеххьана тIелетта, Хаси-Юрт а, Гезла-Эвла а дIалаьцна хир ма йара вай… Ткъа хIинца, худар а кегийна, таьIна Іа. Уьш-м хьовха, сан сайн зандакъой а. Чиркойн Хьамзат-Хьаьжа а ву, боху, цигахь церан лерехь зурма лоькхуш.