Выбрать главу

– Со цкъа а вацара цунна реза, – корта хьовзийра Къайсара. – Кхор кхура кIел бужу. Цуьнан ваша Шайх-Мохьмад Iедалан хьадалча ма ву. Цхьана бен чуьра схьадевлла мукадехкий.

Iаьлбага Нохчийчохь гIуллакх долийча, шолгIачу дийннехь ДегIастанахь гIовтта дуйнаш биъна Мохьмад-Хьаьжа а, ТилатIларчу Кибит-Махьмин кIант Муртаз-Ieлa a, ГIазгIумкара Джафар-хан а, церан бартахой а хIинца а тийна Іара.

– Вайнехан кица ду-кх, «хьох-м тешара со, амма хьо тешачух тешац-кх» бохуш. Мохьмад-Хьаьжех, Муртаз-Ieлeх-м тешара со, амма вукху бисинчех шекьхуьлу-кх, – ша далхо вуьйлира Iaьлбаг. – Мел дийцича а, Джафар-хан эла ма ву. Цуьнан бартахой Iабдул-Межед а, БатIалбек а паччахьан эпсарш бу. Маьхьта-Бек а ву инарлин кIант. Мохьмад-Iелий, ГІeзa-Axьмаддий элийн бераш ду. Хьанна хаьа, Iедало шаьш хьастахь, уьш йухабoвлий а. Йухабевлла а ца Iаш, цара вайн гIуллакх духкий а…

– Солтмурд СогIратIлара цIа веача, хуур вайна, уьш стенга ладоьгIуш Іa.

– Суна-м хаьа. Вай долийначух хIун хуьлу хьуьйсу-кх.

– ВаллахI, бац сонта… И дIогахь кIур туьйсуьйтург Васал ву-кх! – охьа чу нахана йукъа пIелг хьажийра Къайсара.

Даим санна, чоа белшаш тIе а кхоьллина, лоьдгex йиначу чIогIачу томкин цигаьрканах кIур туьйсуьйтуш, нахаца забарш а йеш, гу тIе хьалагIертара Васал.

Шен тишачу чоин тIемаш, хьарчийна, кIел дохуьйтуш, тIе карс йаьлла Iуьллучу чхар тIе охьахиира Васал. Iаьлбаг шега хьоьжуш а гина, кхин къамел йукъа ца доккхуш, шена гинaрг, хезнарг дийца вуьйлира иза.

Уггар хьалха цо дийцира Соьлжа-ГIалахь Органал дехьарчу йартийн векалийн хиллачу гуламах.

– ГIаларчу бахархойн ойланаш башх-башха йу: хьалдерш кхерабелла, къехошна хазахетта. Инарла Орца а, полковник Беллик а, бага са а кхаьчна, хьаьдда лела. ГIалина гондхьа тIетаьIIина оьрнаш, саьнгарш йохуш бу. Іумхан-Юьртахь лаьтта отряд кхуза Шелахьа схьайан арайаьлла. Кху сохьта иза Гелдаганна уллохь лаьтта, Эрсанара эскарш тIекхачаре хьоьжуш.

– Дукха буй уьш? – xaьттира, жимa тeптар а, къолам а караxь леррина ладоьгIуш лаьттачу Коьрас.

Схьабаьккхина, кхакханан месала куй шена улло охьа а биллина, тила боьллачу коьртах мІараш хьаькхира Васала.

– Суна хаарeхь, цигахь гIашлойн цхьа батальон а, гIалгIазкхийн бIе дошло а, йиъ йоккха топ а, милицин отряд а йу. Эрсанарчу отрядехь – кхоъ гIашлойн батальон, йиъ йоккха топ а.

– Уьш мел хуьлу, Овхьад?

– Лаххара а, ши эзар салти а, милцо а.

– Царна гIо дан баьхкина гондIарчу йарташкара нохчий а тIетоьхча, шиъ ах эзар бIaьхо! Ткъа вайца пхи бIe стаг бен вац! – корта хьовзийра Коьрас.

– XIумма а дац, кIентий! – цуьнан белша тIe куьг туьйхира Iаьлбага. – И ши эскар, цхьаьна а кхетта, Майртуьпа кхачале, цига гулйелла йовсaрийн ардaнг йохо йеза. Дависа, вайн йоцу йоккха топ! Цхьаъ мукъане а йелара.

– Вай хIун дора цунах, хилча а? Кхосса хууш стаг ца хилча.

– Эцца, хьозарчаша чохь баннаш а деш, лаьттар йара.

– Цуьнга болх байта-м нах бара вайн. Коьра а, Элса а.

– ХIан, йуьртана тIелата вай. Къайсар, кечло алий, хаамбе!

Къайсара, хьала а лаьцна, топ кхоьссира. Байракхчас лаккха хьалаайъира шен карара байракх.

2

Машаречу ханна дIайаьккхина Теркан областан эскарийн штаб йуха вовшахтоьхнера, дIадахана шо чекхдолуш туркошка йолчу йукъаметтигийн галморзахаллаш гуттар а кIаргйала йоьлча.

Штабан начальникна, полковникна Мыловна областерчу тIеман ницкъийн барам хаахь а, амма ца хаьара уьш мича хьолехь бу. XIоьттина хьал шен бIаьрга ган, бIaьстeнaн йуьххьехь эскарийн штаб-квартирашкахула волавелла полковник Іумхан-Юьртахь а волуш, болабелира Нохчмахкахь гIаттам.

ГIаттаман кхeрaмaллa сихха гира Мыловна. Хаьара, иза, арен тIе баржале, хьаьшна дIабаккха безийла а. Ша штабан начальник велахь а, тIеман операцин пхенаш шен буйнаxь xила дезахь а, иза ца хIуттура хьалхара гIулч шеггара таса. Закавказьен фронте хьовсо билгалдина областера дикка дакъош кхузахь совцо Тифлисера бакъо йезара.

Дандезарг ца хууш, Iумхан-Юьртарчу отрядан начальникца подполковникца Долговца цхьаьна иза воьхна хьийзаш, эххар а Владикавказера геланча веара, отрядца Шелахьа дIа а гIой, Эрсанахь лаьттачу полковникан Нуридан отрядах дIа а кхетий, мятежникашна аренга бовлу некъаш дIакъовла аьлла.

Тахана Іуьйранна кхо саxьт долуш Iумхан-Юьртара арайаьлла отряд, Мескар-Эвлахула, Цоцин-Юьртахула чекхйаьлла, йеана, Гелдаганна уллохь туп тоьхна сeцира.

Полковникна ца хаьара мятежникийн Iалашо. Ойла йича, хеталора, уьш Шелана тIегIортаза Iийр бац аьлла. Амма Мылов ца ваьхьара, хьалхахьа дIагIорта аьлла, Долговна приказ дала. Лазутчикаша дийцарехь, Iаьлбагца масех эзар мятежник вара. Ткъа кхyьнан отрядан ницкъ, цаьрга хьаьжча, кIезиг бара: Тенгински полкан цхьа батальон, Сунженски гIалгIазкхийн полкан цхьа сотня а, йиъ йоккха топ, кху Грозныйн округера ханна вовшахтоьхна милици а. Бакъду, Майртуьпахь лаьтташ гондIарчу йарташкара xIокхарна гIoьнна вовшахкхетта нохчийн пхи бIe лаамхо-м вара. Амма, хьанна хаьа, тIом болабелча, цара хIун дер?