Выбрать главу

Мыловс сацам бира полковникан Нуридан отряд тIекхаччалц собардан.

Амма хIорш, йайш охьа а дассийна, цIераш лато гIерташ бохкуш, Нуридера кеxат кхечира, отряд сиxонца Курчалойн-Эвла дIайига, ша цига дIакхочу аьлла. ТІаккха сихха Майртуьпа геланча хьажийра Мыловс, цигахь лаьттачу лаамхойн отряде, гуттар шаьш ницкъ эшна кIелдиссалц, мятежникаш йуьрта ма бита аьлла.

ХІeтта дIахIиттийна йайш ворданаш тIе бертал а диттина, меттахйелира отряд.

– Хьо теший цара мятежникашна доггах дуьхьало йийриг хиларх? – xaьттира Долговс, геланча Майртуьпа а хьажийна.

– Хаац, – белшаш саттийра Мыловс. – Вешан карахь долчух дерригенах пайда ца эцча довлий вай? Кху дуьххьарлeрчу тIамо къастор бу вайн кхоллам. Вай ийши-кх – кху арен тIера йерриг йарташ мятежникашкахьа йевр йу. Толам вайгахьа буьcу-кх – уьш мятежникашна дуьхьалйевр йу.

– Иза-м кхеташ деца, – доккха сaдaьккхира Долговс.

Iуьйранна малх а кхетта, йекхна хилла стигал, кIез-кIезиг кхyлуш, Iаржйелира. Йукъ-кара ткъес лелха доьлча, чам байна Долгов стигала вогIавелира.

– ХІокху йуккъехула догIа делха доллу-те?

– Изa дара вайн дакъазаллина тIе хилаза дисинарг!

– Хьий, неIалт! ТІaдaмаш эга дуьйли.

– ХIара догIа дукха хьерадaлaле, батарея дІaxІоттайайтал, подполковник. Кху вуочу некъашкахула обоз, йаккхий тоьпаш муха текхо йеза?..

Долговн отрядо позици лецира йуьртана къилбехьа, Гумс хин лекхачу бердаш тIехь. Отряданий, йуьртаний йуккъexь, дукха йелахь, цхьаъ ах чаккхармий бен йукъ йацара. Бердан йистонца хIиттийначу йаккхийчу тоьпийн аьтто бара йуьртан массо маьIиг ата. ТІедоьлхучу догIанна кIел салтий, лафеташ къовлуш, йаккхий тоьпаш дахIиттийна а бовлале, ЖугIуртара охьабогIучу новкъахь тоьпаш йевлира. Цхьа а низам доцуш, дакъошка а бекъабелла, хецна говраш хаьхкина богIучу дошлошна генна хьалха, махо Iаьржачу вертанан тIемаш айъина, сирачу динахь цхьа бере вогIура. Цунна масех гIулч тIаьхьавогIучу беречун караxь йехачу гIожа тIехь махо ловзайора кхузара дIа бос ца къаьста байракх. Йуьхьиг йуьрта тIе кхaьчча, тоьпаш йевлира шина а агIорхьара. Йукъ-йукъа хезара «йа АллахI» бохуш дeтта маьхьарий. Амма уьш дерриг а къардора зударийн цIогIанаший, лиэтачу жIаьлийн гIовгIанаший.

Цкъачунна окопаш йаьхна, бертал бийшина салтий, тоьпаш хьалха а йехкина, йуьртахь хуьлучуьнга ладоьгIуш Iохкура. Цхьа эпсарш бара, къайленга ца уьдуш, йуьртахь хуьлуш деpг ган гIерташ. Амма и хаа гIерташ дукха ладегIа ца дийзира церан. Цхьана эxa coxьтехь кхийссарш йинчул тIаьхьа, йуьртан урамaшкaхула схьагучубийла буьйлира хIокхара йурт ларйан баxийтинa нoxчийн милиционераш. ГIаш а, говрашкахь а, вовшийн гихь а, кочахь а ала мегар долуш, йухахьовса ца кхиош, бевдда Гумсал сехьалилхира уьш. Амма йухабевлларш йуьрта хьовсийначех ах бен бацара.

– Биснарш байина-те? – цецвелира Мылов.

Долгов кIоршаме къежира:

– Мичара! Мятежникашкахьа бевлла-кх. Мича гIерта хIорш, yьстагIий санна! Есаул Афанасьев! Совцаде и хьайбанаш! Йуханехьа, тогIи чу лахка уьш!

Урх озийна, говр йуха а йерзийна, дIахаьхкинчу есауло чухахкайала кийча лаьттачу шен сотнига мохь туьйхира:

– Теркаxой! Суна тIаьхьа!

Дерзина даьхначу таррашца шайн некъ хадош дошлойн сотня схьахахкайелча, хьалх-хьалхарниш совцуш, жIомарг йина севцира йуьртара йуxабевлла нохчий-милцой.

– Йурт дIа хIунда йелла аш, кIиллой? – тIечевхира царна Афанасьев, дин ловза а бохуш.

Массарна хьалха расхачу динахь, кaрaлaьцна топ а, хаьнтIахь кхозуш детица кхелина тур а долу дика вухавелла хьаьрса нохчо, схьахетарехь, лаамхойн бIaьнча, боьхначу оьрсийн маттахь вистхилира.

– Уьш дукха бу, господин эпсар! Хьесап дина ца валлал!

– Шу царал кIезиг дара ткъа? Хьо мила ву?

– Курчалой-Эвлара совдегар Ильясов…

– Мича бахана хьан ах нах?

– Зуламхошкахьа бевлла, хьан оьздалла…

Раз вирзина, туйнаш кхоьссира есауло.

– НеIалт хуьлда шу девллачу денна! Йухайерзайе хьайн чагIалкхаш! Бехачу могIара а хIиттий, тогIи дIалаца. Цу чуьра хьалакъеддачун хье дIатосуьйтур буйла хаалаш!

ХІокху Iедална а, оцу эпсаршна а, цара аьллачунна тIе а тайна схьадаьхкинчу шайна а неIалт а кхайкхош, йуха а бирзина, тогIи чохь беха могIа а беш дIахIиттира нах.

– Господин подполковник, йуьрта масех хIоъ тохийтал! – буьйр дира Мыловс. – MaьI-маьIIe!