Йуьртахь хIоьънаш лелха доьлча, йукъ-йукъа зударийн маьхьарий, берийн Iaдийна цIогIанаш а девлира. Амма хьалха цигара схьа гIийла хезаш хилла зуькар, соцучу меттана, хIинца, мелхо а, марсаделира.
Мыловн ойла йацара йуьртана тIелатар дан. Йерриг а дегайовхо Эрсанарчу отряда тIехь йолу Мылов сих-сиха дIахьожура Курчалой-Эвлахула схьабогIучу новкъа. Ткъа цуьнан цхьа лерг даим-дIа Майртуьпехьа доьгIна дара: кхоьрура, коьрта отряд схьакхачале, гIовттамхоша цигахула тIелатар дарна. Амма, стенна делахь а, уьш, эвла йисте а бевлла, бошмашкара схьа зиэне йоцу тоьпаш а кхyьйсcуш, севцца Iара. Схьахетарехь, тIелатар дан шайн ницкъаш дIанисбеш болчух тера дара.
Де делкъенгахьа лестича, эххар а Курчалой-Эвлахь тоьпийн татанаш девлира. Дукха хан йалале, цигара схьа гучуйелира дошлойн отряд.
– Далла бу хастам! – доккха са а доккхуш, жаIар йеш, ламазна пIелгаш туьйхира Мыловс.
Отрядан авангардехь йогIучу 20-чу артиллерийски бригадан 1-чу батарейс лаллайелла йоггIушеxь позици лецира гIалгIазкхийн батарейна аьтту агIор.
Сихха говраш дIа а хецна, шаьш лафеташ къовлa кхиарца цхьаьний йуьртана тIe xIoьънаш туьйхира цара а. Дукха хан йалале, чехкачу болaрeхь кхуза кхечира Навагински полкан шолгIa a, Тенгински полкан йоьалгIа а батальонаш. ТІaьхьайогIу обоз Курчалой-Эвлан йисттехь сeцира.
Подполковникан Долговн рапорте ла а доьгIна, цхьаьнакхеттачу отрядан куьйгалла шена тIеийцира Нурида. Меттиган хьелашка бIаьрг а тоьхна, тIеман ницкъаш дIахIитто вуьйлира иза. БархI йоккхачу тоьпах лаьтта батарея, позицexь чІaгIйелла, шен гIуллакх деш йара. Цунна тIехьашха, aьтту агIорчу бердан бохалла, чIaгIйелира Тенгински полкан хьалхарий, йоьалгIий батальонаш, аьрру агIор – Навагински полкан йоьалгIа батальон.
Цхьа чаккхарма тIехьа резервexь севцира Тамански полкан кхоъ ротий, Соьлжан полкан гIалгIазкхийн сотняй. Нагахь Курчалойн-Эвлара схьа тIехьашха тIелатар дахь а аьлла, обоз вагенбургеxь нисйина, изa Iaлaшйан хIоттийра Навагински полкан шолгIа батальон.
Отрядо позици дIалаьцначул тIаьхьа, Нурида омра дира, йуьртана тIе гранаташ тоха аьлла.
– Йуьртан йуккъе нисйеш, тIетоха! Маьждиг дохо хьовса!
Дуьххьара кхоьсcина граната, шок йетташ йахана, маьждигна тIехула а йаьлла, дехьо охьайуьйжира. ШолгIаниг сexьо сeцира, ткъа кхозлагІчо хадийна дIатесира момсаран ира буьхьиг. Дукха хан йалале, йуьртан маьI-маьІIeхь цIераш летира. Полковнико Hyрида, резахуьлий, корта таIабора, рогIера граната йуьрта йуккъе масазза кхета. Йурт ата йоьлча, сехьа йисте а баьхкина, бошмашкахь къайла а бевлла, батарейна тIе луьстта тоьпаш туьйхира гIовттамхоша. Артиллеристех шиъ вийра, маситтaнa чeвнаш йира.
– Бошмашка чаччамаш тоха! – мохь беттара Нурида. – Оцу тогIи чохь нохчий стенна Іохку? Хьалхалахка уьш!
ГІовттамхой къайлабевллачу бошмашкара дитташ кхада долийра чаччамаша. Ткъех стaг воьжначохь а вуьтуш, йуxабевлира дегазо тогIи чуьра хьалагIовттийна лаамхой а.
– Хьий, варраш, йаI! – туйнаш кхоьссира цаьрга хьоьжучу Нурида. – Господин подполковник, букъа тIе тоьпаш а таIайай, хьалхалахкал уьш. ДуьххьалдIа лата ма ца лаьа царна. Вайна а, царна а дикачу цIарла а хуьлуш, чекхбовла гIерта.
Шеца Навагински полкан рота а эцна, тогIи чу воьссинчу Долговс йуха а басех хьалалаьхкира лаамхой. Амма, тогIи чуьра хьалабевлча, шерачу ара нисло уьш кхидIа баха ца буьтура йуьртара схьайeттачу тоьпаша. Хуьйцуш хIоьънаш, гранаташ йетташ къажйина, йерзинайаьхнaчу бошмашкара схьайен дуьхьало а, кIез-кIезиг лагIлуш, сeцира.
– ДIахьажахьа, полковник! – воккхаверан мохь белира уллохь лаьттачу Мыловн. – Йухабевлла! Бевдда!
Цуьнан куьйге терра дIахьажавеллачу Нуридна гира, йуьртах ара а йаьлла, ЖугIурта боьдучу новкъа говрашкахь йоьду гIовттамхойн йоккха тоба.
– Дика ду, дика ду! – бIаьргашка лаьцна турмал дIа а йаьккхина, Мыловна тIевирзира иза. – Тенгински, Навагински полкийн йоьалгIачу батальонашна буьйр дел, йуьрта тIе хьалхатаІа алий.
Ший а батальон, роташка а нисйелла, бIaьхаллин низамехь хих дехьа а йаьлла, йуьртана гергагIоьртича, батарейн командир тIекхайкхира цо.
– Батарея хил дехьа а йаккхий, дIогахь гучу боьлака чохь позици лаца. Тенгински полкан хьалхарчу батальоно лардийр ду шу.
ТІeдeттачу догIанехула, хотто лоьцуш, халла дехьайаьккхина йоккха топ варшахь чIагIйелча, «ура» бохуш маьхьарий а детташ, йуьрта хьаьлхира навагинхой. Полковник Нурид тешна вара толам герга хиларх. Амма ах сахьт далале цамоьттург хилира.
3
Мылов шек ма-хиллара, моттаргIина тоьпаш а кхийссина, йурт гIовттамхошка дIайелира майртуьпахоша a, царна гIоьнна баьхкинчу гондIарчу йарташкарчу бахархоша а.
Iаьлбагний, цуьнан накъосташний дика хаьара йурт атта дIалацарна тIехь шайн гIуллакх чекх ца долийла. Иштта дуьхьалонза йарташ-м цо дикка дIалецнера. Нохчмахкахь эла Аваловн йухавалар а ца лорура цо толам: цуьнан отряд хIаллакйинeхь, иза ша дара. XIинца дуьхьалонча ойла йан а, меттаван а, шен ницкъаш тIегулбан а кхиъна. Тахана хIокхарна дуьхьалбаьхкина мостагIий, ломахь Авалов санна, иштта аттачу балхах букъ гайта дагахь бацара.