XIинца цкъа аьтто бара Владикавказехь лаьтта Тамански полк а, артиллерин 20-чу бригадан цхьа батарея а, Соьлжан, ГІизлара-Гребенски гIалгIазкхийн полкийн масех а, хIирийн, гIалгIайн шиъ сотняш а сиxxa кхуза новкъа йаха. Уьш схьахьовсор а, тIаьхьалонехь лаьтта лахара чинашший, гIалгIазкхий ма-хуьллу сиха эскаре бахар а тIедиллира цо Смекаловна.
ШолгIачу дийнахь кхоьлина дара Грознера хьал. Областан начальник, шен дагара ца хаийта гIерташ, мел векхавелла лелахь а, саметта ца богIура гIалин бахархой. Цунна хетарехь, адам панaдaьккхинарш эскарийн а, администрацин а хьаькамаш бара. Къаьсттина – инарла Чермоев а, полковникаш: Курумов а, Чуликов а. Къедица Юсупца дийнахь маситтазза богIура уьш хIара волчу.
– Кху арен тIера нохчий машар безаш ма бу, – балхам бора Орцаc. – Мятежникашна тIаьхьахIитта ца лаьа царна. Амма, вайна ма-хаъара, областeхь кIезиг бу тIеман ницкъ. Иза дика хаьа нохчашна. Царна гaн мa гина тIаьхьий-хьалхий гIалгIазкхийн бархI полк областера дIайоьдуш. Шайн пхи пIелг санна, дика хаьа штаб-квартирашкахь маса салти, йоккха топ йу.
– Ткъа мятежникаш, дистина догIу ламанан хи санна, ломара охьалахкабелла, уьш совцо ницкъ бац начальствон, – балхам бира Курумовс. – Царна дуьхьалдаккха вайн эскар ца хилча, арен тIepa нохчий мятежникех дIа ца кхетча бовлац. Мятежникаша шайна зулам дарна кхоьруш.
– Iедалан ницкъ гайтахьа, хьан локхалла, – къамел шега ийцира Чуликовс. – Нагахь, хьан ницкъ эшна, мятежникаш толахь, тхо гIорасиз дуьсу хьуна гIо дан…
ХIорш и балхамаш бан боьлча, са логе кхочура Свистуновн. Делахь а, цхьана агIор бакъ лоьра уьш. Александр Павлович а вара хIоьттинчу хьолах вогуш. Амма дагара хаийта йиш йацара. Хьанна хаьа, мятежникаш тоьлучу далахь, хIокхара хIун дер а?
– Стенна кхоьру шу? – оьгIазвахара Свистунов. – Суна йеккъа цхьа полк тоьур йу и сагIадоьхургийн бажа дIасалахка! Цхьа кIира далале, хIинцачул иттазза алсам эскар хир ду кхузахь. Схьа мел ваьлларг кхеравелла, вахьийна, макхвелла ма хуьлу шу! Хорша йеача санна, дегош, сан бага а хьуьйсуш кхузахь Iачул, дуьхьало йан кечло. Шун караxь дан а дац герз? Хаалаш, мятежникаша схьатоьхнарг уггар хьалха шун шайн коьртах кхетар йуйла. Йарташка а гIой, цхьа мятежник а чувитина йурт ас сийначу цIарах йагор йуйла хаийта бахархошна. Суна гIоьнна нах ца беллачу йуьртана тIехь а изза хIоттор ду ас. Шу сан лeргаш, куьйгаш хилла дIахIитта деза.
Шена кІордийна, хьех чекхбевлла и кхайкхаза баьхкина хьеший дIа а хьовсийна, горгали тоьхна, адъютант сотник Габаев чукхайкхира Свистуновс. Горгалин аз сецна а далале, неIарх чоьхьа а ваьлла, Iад санна, вулaвелла дIахIоьттира куьце хIири.
– Коляска!
Цхьа масех минот йалале, гуонах дошлойн ха а долуш, гIали йукъа велира инарла. Урамехь дуьхьалнисло бахархой, хIокхунна некъ буьтуш, йуьстахбуьйлуш, коьртара куйнаш дохуш, кортош теIош, соцунгIа хуьлура. Бахархойн дог-ойла селханчул мелла а хийцайелла гора инарлина. ДогIанна йазйелла мархаш санна, кхоьлина йара церан йаххьаш. Схьахетарехь, дас Викентийс хIинцале а дика болх бинера шен «yьстaгIашна» йукъахь.
Инaрлa шa a вaцара самукъадолуш. Селхана Мыловс шозза а хаам бинера, шен отрядца Шелана улло цунна дуьхьалван веза полковник Александр Нурид Эрсанара меттахволуш вац аьлла.
Александр Павлович ца кхетара Нуридан дагахь долчух. Нийсса аьлча, кху туземцех схьабевлла эпсарш, мел майра, хьуьнаре, мел Iедална муьтIахь белахь а, цхьа минот зама йацара иза царах тешна. Ткъа Нурид дика вевзара Александ Павловична. Кура, дозалла деш, виллина дIа цхьацца интригаш лелош. Инарлина хетарехь, Долговн жима отряд мятежникашна дуьхьал а нисйалийтина, цара иза йоххочу хенахь, веана, отряд кIелхьар а йаьккхина, толаман хастам шена бита гIертара иза.
Вибергца цхьаьна гIалин гарнизонан ницкъашка хьожуш чекхвелира Александр Павлович. ХIокхунна цамоьттучу тайпана герзаца дика кечделла дара эскарийн дакъош.
Гиначо гIеххьа сапаргIатдaьккхинчу цо тенгинхойн ши рота хьажийра УстаргIардойн тIай тIе. Нагахь мятежникаш кхузахьа схьагIортахь, цигахь дуьхьало хIотто.
Де делкъенгахьа лестича, малхбалехьара схьа йаккхийчу тоьпийн дур хаза дуьйлира. Цигара схьа цхьа а тайпа хаам боцуш тIeйeара буьйса. Вахийтина лазутчик а тIепаза вайнера. Кхузара дIа Майртуьпа говрахь шина-кхаа сохьтехь бен некъ бацахь а, xIетте а хаам бацара цигара. Свистуновс шен дагахь сацамбира, отряд йоxийна йа гуонна йукъахь йисина аьлла.
Буьйса тIаьххьайаханчу хенахь виллина шена уллохь лаьтта эле Эристовга масех приказ делира Александр Павловича.