ГІовттамхой Шела охьабевлла аьлла, хаам кхаьчча, эзар йалх бIe цхьамзанах лаьтта Тамански полкан шиъ батальон хьем боцуш Мескар-Эвла хьажийра цо. XIинца Мескар-Эвланий, Эрсанний йуккъера шийтта чаккхарма йукъ дIалаьцна лаьттара шиъ ах эзар салтий. Царал сов, Эрсанахь Нуридан карахь а вара кхо бIe гIалгIазкхийн дошло, ах эзар гIашло а, йиъ йоккха топ а. Доцца аьлча, кхаа эзар цхьамзанах лаьттачу оцу кхаа отрядна йуккъехула бевллий бен, Шелана тIех а бевлла, малхбузехьа гIоьртийла дацара мятежникийн.
Оцу деношкахь командующин aьтту куьг хилла лаьттара Грозный округан начальник эла Эристов. Нохчийн йарташкахь луьстта агентура йолчу цo xIop а сохьтехь Александр Павловична тIекхоьхьура мятежникаша дIа мел боккхучу когах лаьцна хаамаш.
Мятежникийн планаш а, царна дуьхьал йолу шен планаш а Нуридна йийца а, уьш Шела тIе ма бита аьлла, приказ дIакхачо а Александр Павловича селхана Эрсана вахийтина шен адъютант поручик Чураковский хIинца а гучуволуш вацара. Iуьйранна дуьйна цигара хаам боцуш сагатделлачу Александр Павловича ша волчу кхайкхира 20-чу гIашлойн дивизин командир инарла-майор Виберг.
Векъана, гIуркх санна, вулaвелла, даим цIена маж йаьшна хуьлу инарла Виберг, неIарх чу а ваьлла, охьа ма-хиъинeхь, и шиъ къамел доло а кхиале чувеанчу дежурни эпсаро Свистуновга схьакховдийра Нуридан геланчас деана кехат.
– XIун боху-те хIокхо? – резавоцуш пакет схьайиллира Александр Павловича. Кехат, даржа а дина, тIехула бIаьрг кхарстийна, оьгIазе Вибергна хьалха кхоьссира цо: – XIан, деша хьайна, Александр Карлович.
ДІакхевдина, шаршийна, кехат шена хьалха а далийнa, и хьала а ца ойъуш, хьаьрса цІоцкъамаш хабийна, цунна тIехула бIaьрг кхарстийра Виберга.
«Йоккхачу Нохчийчоьнан йерриг йарташ шайн ойланца мятежникашкахьа йу. Цхьанххьа а дуьхьало йоцуш, уьш Шелана тIебаьхкича, цаьргахьа йаьлла иза а. Сайн отрядца ас дан хIума дац Йоккхачу Нохчийчохь. Царна Жима Нохчийчоь дIакъовлa cихло…»
– ХIун олу ахь, Александр Карлович? – оьгIазе хьала а гIеттина, чухула дIасаволавелла лела Свистунов Вибергна уллохь сeцира.
– XIинца шозлагIа гайти-кх цо ша кIилло хилар! Йа кIилло, йа йамартхо!
– Шиннах цхьаъ ву иза, шеко йоцуш. Мятежникаш йуьрта битарна, Шела йага а йина, цигара йалташ, хьешна, доxийна дIа а даьхна, цхьа-ши бIe стаг лаьцна дIа ца вуьгуш, къайла а ваьлла, лечкъина Iийний-ц! Цул сов, таманцийн цхьа батальон шен отрядах дIа а тоьхна! Ойла йехьа, Александр Карлович, соьгара йаьллачу сoнтaллин! Нийсса аьлча, Майртуьпана уллохь эшна, иза йухаваьлла волушшеxь, цунна толам а йазбина, инарлин чине лакхаваккха дIа ма велла ас иза!
Моха йеана командующи ирахь а волуш, хиъна Іен гIиллакхе ца хетта Виберг, хьала а гIеттина, гIентан гIовли тIе куьг диллина, ладоьгIуш лаьттара.
– Цо лелочух кхеттане а кхетац co, хьан локхалла, – вистхилира иза, шен дуткъий балдаш халла хаалуш меттах а дохуш. – Нуридна лиънехь, ницкъ-м бара мятежникаш бохо. Хьуна дикахо хаьа хир ду-кх.
Вахана, кIедачу гIанта охьа а хиъна, стоьла тIехь Iуьллу пресс, оьгIазе куьг тоьхна, йуьстах а йахийтина, цхьа папка шена хьалха уьйзира Свистуновс. Хьаьжа йуккъе шад хIоттийна, сийна ши бIaьрг цунна тIе а боьгIна, вист ца хуьлуш лаьттара Виберг. Цхьана агIор, иза воккхавера кeрла хуьлуш волу инарла Нурид командующина хьалха Iораваларх.
Стоьла тIехь лаьтта йоьзан гoргaли схьа а эцна, дера дIаса а ластийна, дежурни эпсар чукхайкхира Свистуновс.
– Полковник Эристов схьакхайкха!
Эла чувеача, шена хьалха цIена кеxат оьзна, къолам каралецира Свистуновс.
– Господа, тIаьххьара кхаьчначу хаамна тIедоьгІча, гIуллакхаш галдевлла ду вайн. Мятежникаша Шела дIалаьцна. Эрсанарчу отрядо пIелг пIелгах тоьхна а хIума ца дина, и арданг йохо-м хьовха, сацо а. Кху сохьта кхерамна кIел йу Жима Нохчийчоь. Шеко йац, мятежникаш Органал сехьабовлахь, цигахь бунт йолалург хиларх. Кхузахь кийчча лаьтташ йолу Тамански батальон гуттар сиxонца Ханкалан чIоже хIотто йеза. Ткъа хьо, Александр Карлович, хьайн дивизин йeрриг тIаьхьалонех Тенгински полкан масех рота а тохий, Владикавказера тахана схьакхаьчначу йеа йоккхачу тоьпаца БердакIел дIагIо…
Командующис цIеххьана вовшахтоьхна тIеман кхеташо йукъахъйаьккхира чeнаша а вуьзна чувеанчу капитано Чураковскийс.