Выбрать главу

– Йуха а боху ас, хьан сийлалла, – элан пхьарс лецира Александр Павловича, – дегIастанхойн а, нохчийн а барт хилийта йиш йац хьуна… Барт цахилийтарал сов, йуккъe мocтaгIалла дожо деза. Оцу тIехь боьхий, цIений некъаш хержа эшац. Цундела хьайн туземцаш кхузахь ницкъ ма-кхоччу къиза хилийта хьажа. Оццу Iалашонца оха кхуза йалийна хIирийн а, гIалгIайн а отрядаш. Батьяновн отрядца гIумкийн сотняш а йу.

Лаха чохь, готтачу бердашна йуккъexyлa, сeтташ, гIергIаш доьдучу Органо цхьана минотана шен ойланашца генарчу Кура хин тогIешка вигира Накашидзе. Масех бутт бу иза цигахь хилаза. Нагахь туркой цига кхачахь, хIун хир ду-те цуьнан бахамах а, гергapчex a?

– Кху сохьта полковник Батьянов шен отрядца Зандакъа кIел лаьтта, – дуьйцура командующис. – Веданарчу отрядца кхана со ЦІоьнтара кхочур ву. Билтойн тайпанах волу инарла Чермоев церан йарташка хьажийна ас. Шен тайпанан нахах отряд вовшахтухур йу цо. Батьяновна тIедиллинa зaндaкъой Iаьлбагна дуьхьалбахар. Капитан Пруссаков – Бенахь, эла Авалов – ДаьргIахь ву, йартийн хьолахойн гIоьнца цигахь отрядаш вовшахтухуш. Йерриг отрядаш цхьабосса Симсарна тIейуьйлалур йу. Ткъа ахь ЧIeбaрлa a, Бассойн йарташ а кхерамна кIел латтайе.

– Нагахь уьш гIовттахь?

– Къинхетамза хьаша. Амма тахханexь xІор а йуьртара итт-пхийтта стаг амалтана а вига.

Ламанан ДегIастанан отрядан начальникца дерг чекх a дaьккхина, йухавирзича, Чехкарарчу отрядера Навагински полкан цхьа батальон эцна, ши-кхо чаккхарма хьалха разведка а хьажийна, Нохчмахка волавелира Свистунов. Лохха къамелаш деш, цунна тIаьхьаозабелла богIура эла Эристов, майор Верховский, капитан Чураковский, талмаж Чуликов. Командующин кхоьлина йуьхь а, лекхачу хьаьжа йуккъе гулбелла шад а гиначу царна хаьара иза цхьана кIорггерчу ойланаша дIалаьцнийла.

Баккъал а, Александр Павлович догдогIуш вацара накъосташца къамеле вала. ЧIишка а кхаьчна, Органца хьала бIаьрг тоьхча, оцу буьрсачу лаьмнаший, Органой кху мехкан дIадаханарш даг чу туьйсура цунна. Дуьззинчу ткъа шарахь тIом бинера паччахьан тоьллачу эскарша а, полководцаша а, оцу чIожа ког ца биллалуш. Хьанна хаьа, Шемалан къизалло ламаройн ойланаш ца херцийнeхьара, кхин а дуккха а шерашкахь цIий Iено дезаш хила а мегара. Мекарчу графна Евдокимовна хиира Шемалан а, нохчийн а галморзахаллех пайдаэца. Имаман къиза олалла кIордийна, сих а, похах а чекхдаьлла, тIамо чIанабаьхначу ламароша шовзткъе берхIитталгIачу шараxь, дукха дуьхьало ца йеш, оцу лаьмнашна чувитира граф Евдокимов.

Ткъа хIинца, хьанна хаьа, цуьнга, Свистуновга, цигахь хIун дало? Цул кхераме йу Нохчмахке. Цигарчу хьаннашкахь хIаллак ма йина инaрлийн Граббен, Воронцовн отрядаш. Ткъа мел салтий хIаллакьхилира тIеман тIаьххьарчу шарахь а! XIинца церан лорах ваха деза цуьнан. Барятинскийн кхо бIe эзар салти вара, ткъа Свистуновн ницкъ иттаза кIезиг бу. Цу тIе, ax гepгга – туземцаш. Хьанна хаьа, хало киртиг тIехIоьттича, цара хIун дер?

Дуьхьалбаьхкинчу шелахойн тхьамданаша, сий деш, шайн йуьртахула чекх а ваьккхина, Сиржа-Эвлан дозанашка дIавигира областан начальник. Шелан урамашкахь царна дуьхьалбевлира кечбелла дошлой а, салташна напгIанашца зударий а. Дой хьийзочу береший, боьлуш, салташка чIепалгаш, нехча кхийдочу зударший хоуьйтура шаьш паччахьна а, областан начальникна а муьтIaxь xилар. Александр Павлович тешна вара и спектакль йуьртан тхьамданаша вовшахтоьхна хилaрх а, цуьнан ролаш ловзораш церан доьзалшший, гергарнишший хилaрх а. Царна йукъахь гуш бацара йуьртан къехой. ТІexула тIе, командующина хиънера, шелаxоша Iаьлбаг эккхийначул тIаьхьа, оцу йуьртара дуккха а кегийрхой буьйсанна къайллах имамна тIебахар а.

Сиржаэвлахоша ца гайтира шайн муьтIахьалла. Шен гергaрчу нахах йа таро йолчех ши-кхо стаг тIаьхьа а хIоттийна, эвла йисте дуьхьалвеана йуьртда, областан начальникан куьг лоцуш маршалла хатта дагахь, тIеволaвeлира, амма, хьешан буьрса йуьхь а, кӀоршаме хьажар а гина, геннара корта а таӀийна, сeцира. Йурт йаьсса йара. Готтачу, гомачу урамехула чекхйолучу отрядца бала болуш, деккъа цхьа жIаьлеш доцург, кхин цхьа а са дацара. Ткъа бIaьстeнaн йуьххьехь кенах довла доьлла жен жIаьлеш, кIомсарш йетташ, батойх шеташ оьхуш, керташ тIехьара схьа дера лиэтара хийрачу хьешашна.

Сиржа-Эвлахула чекх а бевлла, Хулхулон ахка чу бирзича, ларлуш оьхура салтий. XIетта гIа даьллачу йуькъачу хьаннаша йукъахьарчийна лекха лаьмнаш лаьттара, шиний агIор тIе а кхозаделла. Селхана-стомарралц, масех дийнахь Веданах хIара ахк дIa a xaдийна, кхузаxь вуьззина да хилла лаьттинeрa Iaьлбаган уггар жигарчу гIоьнчех цхьаъ волу ГIубха. Iаьлбаг арен тIера йухаваьлча, шен отрядца кхузара дIа a вaхана, Гуьнаxь туп тоьхна, сецна, боху, и разбойник, амма, хьанна хаьа, хIокху сохьта иза мичахь тебна Іа? Цунна хIумма а доцург ма ду, шен гIеранца оцу йуькъачу хьаннашкахула берзан йортахь йоццачу хенахь и лам хадийна, схьакхачар.