Выбрать главу

Дехьо корехь хІоьттина лаьтта кхин а цхьа нохчо, коран ангалина тle а теІаш, чІогІа мохь бетташ, чохь волчу цомгашчуьнца къамелдан гІерташ воллу. Мусана вевза иза. Покровскера Іалха ву иза. ТІом болабалале хьалха школехь хьехархо хилла Іалха. Фронтера нохчий цІа бохкуьйтуш, иза Покровске веача, цунна дуьххьара тІекхаьчнарг Муса ву. ХІетахь Іалхина тІехь эпсаран духар дара, некха тІехь цхьа орден, шиъ мидал а йолуш. ХІинца цунна тІехь эпсаран чоа ду, тІехула шуьйра доьхка а дихкина. Коьртахь лергаш долу куй, когахь – хохолаш2. Амма чоин белшаш тІехь погонаш а, куйна тІехь седа а бац. Цул воккха цхьа ваша Сталинградна уллохь вийна. ХІинца уьш кхоъ ваша ву. Массо а зоьртала, могаш, догдика. Покровскехь болх ца нисбелла, шен вежарийн доьзалшца ломара, колхозан ферме балха вахара иза. Цундела уьш, дукха гІел ца луш, хене бовлуш бу. Бакъду, дукха хан йоццуш цомгаш хилла, кхуза больнице валийна цуьнан къена да. Цунна тІаьхьавеана хир ву Іалха.

Цхьа бутт хан йара Муса генна лаьмнашка лесхозе колхозна хьун хьакха вахана. ПхийтталгІа шо бен доцчу цуьнан-м ницкъ, дера, бацара хьаннаш хедо, уьш ломан басешкахула охьа хи йисте текхо, чехкачу хи чу а туьйсуш, охьахьийсо, лахахь схьалеца, аратекхо. Амма цІахь Іен йиш йацара. Цуьнан да кхузткъе итт шо хенара къена стаг ву. Иштта къена йу десте а. Оцу кхааннен кхин гергара а, йуьртара а стаг вац хІокху агІор. Йа уьш мича махкахь бу а ца хаьа. Цхьадика, хІорш кхоъ хІинццалц могаш лаьттира. Схьадалийначу хьалхарчу шина-кхаа баттахь шаьш цІера йеанчу ши гали хьаьжкІех гІетакх деш Іийра. ТІаккха, кхаш тІера кІен, мекхан кан лехьош, акха стоьмаш бууш а, кІел ца диса гІиртира. Іа тІедеача, йалтех буьртиг боцуш дисира. Йалта хаьдда бисинчу хьалхарчу баттахь чекхйелира церан мискачу йийбарх йохка а, хийца а мегаш йолу массо а хІума. ХІинца болх бийр бу бохург хьехочохь а дацара. Іа ма дара. Дохнан фермехь ца бича, кхин болх а ма бацара.Хилча а, къеначу шимма болх муха бийр бара? Ткъа десте – десте йу. Уьш дика бехачу хенахь а, меракІантаца къиза хилла иза. ХІинца, къелло гатбича, уггар а карзахйаьллера. Да чохь воц-воцчухула Муса хьийзавора цо, сагІа деха гІо бохуш. Цо дуьххьара шега и дешнаш аьлча, Іадийча санна висира Муса. СагІа деха! Нохчаша даим а иэхье деринарг! Йа цунна а, йа цуьнан вархІе дена а ца гина сагІа доьхуш нохчо! Мусас дуьхьало йира. ТІаккха церан жимачу доьзалехь дов доладелира. Бакъду, шен зудчунна а, кІантана а йукъахь долу дов дена ца хаьара. Мусас дукха садиттинера дестечуьнгахьара хуьлучу цатемашна. Къеначу ден дог ца доьхчахьана. Ша бахьана долуш цаьршинна йуккъе вас ца йоьжчахьана, шена цатам хиларх могуьйтура Мусас, амма дестечо хІинца тІеІуьттург дан йишйоцуш гІуллакх дара. Мацалла велча a.

– Цхьанна гахь, тІаьхьарчу тІаьхьенна а тІехтохам хир бу. Ас дийр дац иза, нана, – йухагІоьртира Муса.

– Мацалла дала деза вай? Йа къена со, таьлсаш коча а тийсина, арайаларе догдоху ахь? Йа, хьо цІа хиъна а Іаш, хьан къена да хІитта веза нехан неІаре? – тІейегалора цунна десте. – Вайнах боццуче гІуо. Районехь Іаш цхьа а нохчо вац. Йуьрта йуккъе а ца хьийзаш, йистошкахула хІума йеха. Адам дика ду. Жима хьо неІаре хІоьттича, кхалла хІума ца луш вуьтур вац.

Муса вист ца хилира. ДІа ойла йича, цхьана aгІop бакълоьрадесте. СагІа дехар эхь ду бохуш, кху чу а дийшина, мацалла дала йиш-м йац. Шена хьалхара да вохуьйтийла а ма дац. Дависарг-йаІ, Мусал хьалха кхечо дІадолийна мукъане а делара. Мусана ца лаьара и иэхье гІуллакх шегахула дуьххьара къомана тІеэца. Хьанна хаьа, къайллах иштта цхьаццанхьа кхин берш лелаш хила а ма мега? Цо динарг диса а ма тарло цхьанне а ца хууш. Амма – хаахь? XIaн-xIa, дуьйцийла а йац! Цулла-м, мацалла валар гІолехь йу…

Масех де делира цуьнан даг чохь къийсаман дарц хьийзаш. Де-дийне мел дели, ойла дестечо аьллачунна тІетийжара. Бакъду, шен дуьхьа а, йа дестечун дуьхьа данне а дацара цуьнан ойла хуьйцург. ТІаьхь-тІаьхьа гІеллуш, мажлуш кІелвуьсуш лаьтта шен къена да гича, дог дешара цуьнан.

«ХІан-xIa, кІелхьарвала некъ лаха беза, – сацамбира цо тІаьххьара а, – хІара мацалла а валийтина, мацца а цкъа кхуьнан йа сайн вежаршна тІекхаьчча, ас хІун ала деза?»

И сацам хиллачу шолгІачу дийнахь, Іуьйрре гІеттина, пхьаьрса кІел тІоьрмиг лаьцна, кху йуьрта веара Муса. Цхьана урамехула масазза а дІасавахара иза, масазза а цхьацца цІенойн кетІахь сецира. Амма даго ца вуьтура, кевнах чоьхьа а ваьлла, неІаре а вахана, хІусамдайшка куьг кховдо. Іожалла! Стенна кхоьру иза цунах? ХІун ду шен, шен доьзалан, шен къоман а сийл деза? Сий дайна вехачул-м, валар гІоли ма йу! Вала хІунда ле? Буьйсанна ара а вуьйлуш, йолчуьра лачкъийча? СагІа доьхучул-м, къоладар тоьлу!

вернуться

2

Хохолаш – бIегIаган мачаш