Выбрать главу

– Сан хенарчу массара санна, цхьана-шина шарахь дешна ас а.

– Молла-м вац хьо?

– Вац. Молла хила итт-пхийтта шарахь деша деза.

– ХІинца буй шун иштта лакхара дешна молланаш?

– Бац. Цхьа наггахь бен.

– Кху районехь вуй цхьа а?

– Хаац. Берриш бовза кхиъна вац со.

– Хьуна бевзарш?

– Хааршна сол дукха гена ца бевлла.

– Далла гІуллакх дой ахь?

– Дукха хан йу ца де.

– ХІунда?

– Іедало дехкарна а, со башха кІорггера бусалба цахиларна a.

Нохчочо дуьйцучух цавашара а хаац, йа реза хилла дара а хаац, комендантан балдаш раздовлуш делакъежира.

– Тахана дуьйна дІа хийцавала веза хьо. Іедалера маьрша ву хьо бусалба динца йолчу агІонна. Делаца йолу хьайн йукъаметтиг чІагІйан йеза ахь. Даррехь Далла гІуллакх а де. Хьайн бусалба динан хаарш шардан а, лакхадаха а лаьа бохуш, хІокху районерчу масех моллица гергарло а таса. Цаьрца а, кхечу цхьа масех стагаца а цхьаьнакхетча, Іедална а, Сталинна а лиэ. Массаьрца а кІеда-мерза хила. Массеран а хьайх тешам бахийта. Нохчашна гІоьнна пачхьалкхо ахча къастийна. ХІор а доьзална цхьацца бежана нисдан сацам а бу. Луш йолу продукт а жимма алсамйаьккхина. Покровкерчу нохчашна уьш дІайала хьо чІагІвина.

– Баркалла, Иван Харитонович…

– ДІабаханчу баттахь ахча деллий хьуна кхузахь?

– Ца оьшура иза-м…

Ша ахчанан ведомость кечйеш, Кривошеевна дагайеара кху чохь цхьа кІира хьалха хилла инцидент.

Покровкехь вехаш волчу къоначу стага Солтагериев Лоьмас Сталине арз йаздинера. Оцу тІехь кІанта дуьйцура нохчийн халкъ бехк боцуш махкахдаккхар а, махках дохучу дийнахь а, схьадалош новкъахь а цунна тІехь бина ницкъ а, кхузахь шаьш хьоьгу Іазап а. Кехат районера ара ца даьллера. Цхьа кІира хьалха и кІант ша волчу кхайкхира Кривошеевс.

Кривошеевна моьттура иза цхьа бІаьрла жимстаг хир ву. Амма хІара оза йуьхь йолуш, дегІана хесара йалхитта-вуьрхІитта шо хенара кІант вара. ХІокху шиннан къамел деха ца хилира.

– Солтагериев Лоьма вуй хьо?

– By.

– Оьрсийн мотт мичахь Іемина хьуна?

– ГІалахь хьехархойн техникумехь шина шарахь дешна ас.

– ХІара арз ахь йаздиний? – кхо маьІиг йеш хьарчийна кехат дІагайтира цо.

КІантана девзира иза:

– Йаздина.

– ХІара хІунда йаздина ахь?

– Оцу тІехь дуьйцу ас иза хІунда йаздина.

– Сталина, правительствос а биначу сацамашна дуьхьал ву хьо?

– Сталинна хууш дац тхан халкъана тІехь динарг!

– ХІета, цунна а ца хууш даьхна шу махках?

– Цунна ца хууш ца даьхна, цуьнга харц дерг а дийцина, иза Іеха а вина, даьхна.

Кривошеев, хьала а гІеттина, ши куьг букъа тІехьа а лаьцна, цІа чухула волавелира.

– Хьан тентак коьртехь хьекъал ду ткъа хилларш хаа а, къасто а? Шайн дайша а, вежарша а лаьмнашкахь советан Іедална дуьхьал тІом беш, фашисташна гІо деш, мичахь вара хьо?

– Бакъ дац иза! – мохь белира кІентан.

– Сацайе хьайн муцІар, фашистийн къутІа!

КІант дІатийра.

– Кхин йаздийр дуй ахь хІара тайпа арз?

– Кху районера арадолуьйтуш ца хилча, эрна ду йаздар.

– ДІакхочург хилча, йаздийр дара ахь?

– Дара.

Уллош тІехволуш, цІеххьана саца а сецна, шен ницкъ ма-кхоччу ластийна, цуьнан лерган агІох тІара туьйхира Кривошеевс. ДІакхоссавелла кІант, пен лаьцна, ирахь сецира. Цергашца къевллина балда а лаьцна, оьгІазаллех буьзна баьргаш Кривошеевна тІе а боьгІна, лаьттара иза. Цуьнан шина а мерІуьргахула цІий доладелира.

– Кхузашхула схьадалош къа а ца хьоьгуш, шайн лаьмнашкахь дайъа дезаш дара шу! Аганара бераш цхьаьна! Дуьнен чуьра шун хІу дІадаккха! Бандиташ! Фашистийн хьадалчаш! ХІара тайпа а, цхьана тайпа а кехат йаздан хьуна дагадагІахь, – кІентан мера кІел Іоьттира цо цуьнан арз, – ас набахтехь вахкор ву хьо! И хьайн фашистийн диркх цІанйай, суна гучуьра дІавала!

– Хьо ву-кх бандит а, фашист а! – мохь белира собар кхачийначу кІентан.

Шена хезначух ца тешаш, цхьана минотана акъваьлла лаьттира Кривошеев. ТІаккха, катоьхна иза шиний куьйга схьа а лаьцна, шен ницкъ ма-ббу легаш Іаьвдира. Цуьнан садукъдала доьлча, дІа а хецна, вортанна тІера схьа а лаьцна, мийра тоьхна неІ йиллина, сени чу кхоьссира…

– Солтагериев Лоьма цІе йолуш кІант вуй Покровкехь? – хаьттира цо нохчочуьнга, куьг тaІo цунна хьалха ведомость а йуьллуш.

– By.

– Къаьсттина а боккха тергам оцу кІантана тІехь латтор бу ахь. Іедална дуьхьал цо къамел дой хьожуш, ладогІа. Мацвелча, къола данза Іийр вац иза. Ишттаниг цуьнгара далахь, соьга хаам бе. Доцца аьлча, цо закон талхийна меттиг лаха.

Коменданто шега кховдийна ахча, дагар ца деш, пальтон чухуларчу кисана таІийра нохчочо.

VII

Мария Петровнас, дика йуза а йина, кара бепиган буханкин цхьацца ах а, хи чу йоьхкина помидораш а йелла, дечиг дІа а ца оьцуш цІа хьажийна ши зуда, шаьшшиннан маххьаш гІиргІазойн цхьана йоккхачу стагана сусмех3 дІа а доьхкина, цІа йогІура. Шиннен а йаххьаш йекхайелла йара хІинца. Дицделлера кІадйалар а. Моьттура, дуьненара дерриге рицкъа кара а лаьцна, шаьшшиъ цІа йогІу. Шен-м дукха ойла а ца йора Занус, иза йоккхайера кегийчу берашца йисинчу Хелипатан тахана хІара аьтто нисбаларх.

вернуться

3

Сусма – йакъийна нехча