Выбрать главу

Аюб чувахьале, цІа чуьра хьал муха ду хьажа чувахара Іабдул-Іаьзам а, Іалха а. Аюбан йоккхачу стага, пенаш шардеш поппар хьаьхна, можа гІум хьаькхна, цІена дара цІа. ЦІенкъа а поппар хьаькхна шера йара. Товханахь кху тІаьххьарчу дийнахь-буса цІе ца латийнера. Схьахетарехь, цІе лато дечиг хилла хир дацара. ЦІенкъа дуткъа чкъор деш ча а даржийна, оцу тІе тесна цІена къорза истанг а, кенийн гІайба а, баьрччехь дІалеІна шиъ боьзан йуpгIa a, дуьххьехь хІоттийна гай чу таьІна цІестан кІудал а, тас а, гІуммагІ а дара. Тесахь кІеззиг хи а дара. Схьахетарехь, Іуьйранна ламаз эцча дІакхоссаза дисинера иза. Ши-кхо кхийра кад а, дечкан Іайгаш а дара терхи тІехь. Кхин бахам бацара гуш.

– ХІусамнана йеллачу хенахь, хаза куз бара хІокхеран, – элира Іабдул-Іаьзама ойлане. – Йуучух боьхкина хир бу мискано.

Дакъа цІа чу а деана, истанга тІе охьадиллира цара. Іабдул-Іаьзама, тІе а вахана, кІудал дІасаластийра. Иза йаьсса йара.

– Сарыбай, шуьшинна болх ло ас, – вист ца хуьлуш, дехьо лаьттачу шина воккхачу стагана тІевирзира иза. – И шун кхазан олу боккха йай беза хи дохдан. Цхьанхьара карабай, ара дІа а хІоттабай, и буззий хи дохде. Хи дан хІара кІудал йу шуна. Дечиган гІайгІа а бе. ХІокху кертахь чІеш дац. Хьо соьца дІавола, Іалха.

Іабдул-Іаьзаман цІахь берриг гІирс бара велларг лийчо. Цо ша леррина кечдина дакъа тІедуьллу у а, миччара даьхнехь а, сабанаш а, ша кІадинах тегна каранаш а, стаммий, луьста цергаш йолуш маІанах йина коьртах хьокху гІиргІазойн йехк а.

И гІирс бохьуш йухавеъча, Аюбна тІера бедарш дІайаха вуьйлира и шиъ. Амма уьш дІайохуш дукха къахьега а ца дийзира. Дерзинчу дегІана тІейуьйхина чу бамба буьллуш аьхна тужурка а, хеча а, когахь тиша неІар-мачаш – и дара дерриг веллачун духар.

– ХІинца, Делан дуьхьа, хІара Аюб лийчор ву-кх вайша, – элира Іабдул-Іаьзама, азделла, массо даьІахк тІейаьлла дакъа уьнна тІе а диллина.

Іалхина хаьара Іабдул-Іаьзама велларг лийчош йехк хІунда лелайо. ХІара таханлера болх денна бохург санна бан безачу Іалхина дукха гинера модаша а, мезаша а дуьзна декъий. Мезий хуьлура коьрта тІехь, цкъоцкъамашна, можана, мекхашна йуккъехь а, чу-кІелахь, чо мел баьллачохь. Уьш, и йехк хьоькхуш, дІадохура, цунах а гІуллакх ца хилча, цхьацца йолу меттигаш уьрсаца йаша йезаш нислора.

Цхьадика, Аюбан дакъа оццул ирча дацара. Ша мел мацалла вуон хьоьгуш хиллехь а, ламазна дегІ цІена лелийнера цо.

– Дуьненахь адамашна лело сийлахь а, хала дерг – оьздангалла йу. ДегІан а, син а оьздангалла. Ша мацалла мел доккха Іазап хьегнехь а, дегІан а, син а оьздангаллех ца вухуш, Далла дуьхьал ваха хІара. Цхьаьнгге а шегара бала ца балхий, цхьаьнгге а йеха а ца ваха, цхьаннен а рицкъанна тІе куьг а ца даьхьи. ДегІ цІена а лелий, ламаз-марха а ца дити. Миска, цхьанхьа шен йийбарх цхьа хІума а йоьхкина, и цхьа кад хьаьжкІаш йохьуш вогІуш, кхелхина. Дала гечдойла хІокхунна!

– Кху чохь йисинчу хІуманашна хІун дийр ду? – хаьттира Іалхас. – Кхузахь хІокхуьнан гергара стаг а ма вац?

– Цхьа аьтто боц-боцчарна хІокхунна a, доьзална à тІера сагІина дІалур йу-кх.

Лийчийна дакъа истанга йукъа а хьарчийна, боккхачу меха тІийриг йоьллина, гена-гена маха а боккхуш, истанган йистош дІатийгира Іабдул-Іаьзама.

– ХІан, Аюб кийча ву-кх хІинца. ХІара Іазап хьегна ваьлла декъала да а ву. Сарыбай, салаз уьйтІа озайел!

…Тезет, кадам… уьш дІадевллера хІокху тІаьххьарчу масех баттахь. Веллачунна КъорІан дешар, зуькардар, сагІадаккхар а дагадогІучохь а дацара. ХІинца хІара Аюб санна, лийча а вой, истангна йа йургІанна, йа одеялна йукъа а хьарчавой, шина-кхаа стага дІахьой, дІавуллура. ГІо дан и ши-кхоъ стаг воцуш, зудчо – майра, нанас – бер, йишас – ваша, берийн гІоьнца, йа ша салахь тІехь, йа ги а тухий, йа лами тІе а вуьллий текхош кешнашка а вуьгий, цхьа ax метр кІорга каш а доккхий, тІехь йеса а, заІам а ца доьшуш, белларш дІабухкуш меттигаш дукха нислора гондІарчу йарташкахь.

ХІара Іабдул-Іаьзам дІаваьлча, хІокху Покровкехь болчу нохчашна а изза хир ду.

Хьалххе кхуза веанчу Іелас а, Межеда a, Мусас a цхьа метар кІорга каш даьккхинера.

Кошан коьрте йоьгІначу дечигна тІе Аюбан цІе йазйира. Цуьнан ден цІе цхьанне а ца хаьара.

ТІаккха Іабдул-Іаьзама, дагахь йеса а, заІам дешна, доІа дира.

ХІокху Покровке нохчийн ткъа доьзал балийна. ХІинцале кхузахь шовзткъа сов каш ду…

X

Йуьрта йистехь, кхечарех къаьстина, буо санна, гІийла го цхьа цІа. КІезиг ча а тухуш биначу поппарх доьттина, цкъа а хьахаза долу цуьнан пенаш гуобаьккхина эттІа, мохана дуьхьало йоцуш ду. Уьш къарздина тІедиттинчу гІийн хьокхамаша. ХІинца а ду уьш масех цхьана пена тІелатийна, хазза7 дакъадалаза. ТІе латта a тосуш, легІана биначу тхов тІера дика охьа ца хьоду хи. Цо тІейелхийна тховн йистеш экхано ка диттича санна йу.

вернуться

7

Хазза – дика, кхочуш