– Зану! Ца йогІуш ма Іелахь! Іабдул-Іаьзам а, Берса а валавелахь! – хезира цунна тІаьхьабетта мохь.
Занун бІаьргех хьаьлхина хиш беснешна тІехь догІанах дІаийра. Амма уьш цхьа сахьт хьалхалера хиш дацара. ХІинца иза йоккхайерца йоьлхура. Муха ца йоьлху? Иза хІинца цхьа йац. Ткъа, хьанна хаьа, Маила ма-аллара, хІинца Николайс ма-чІагІдарра, иза-м цхьана дийнахь шен дех-ненах, йиша-вешех а кхетта, Даймахка цІа йерза а мегий…
XI
Ги тесна тІоьрмиг а, коча тийсина таьлсаш а долуш, берзина когаш тІуьначу лаьттах а бетташ вогІу Мансур, лекха гу хадош, шина берда йуккъехула чекх а ваьлла, гун вукху агІонна тІеваьлча, хьалха гира хІетта сенарш этІо доьллачу стоьмийн дитташа хазйина узбекийн йоккха йурт.
ШолгІа де ду и шиъ гІаш Наманганера схьавогІу. ШолгІа де а чекхдели. ДІабуза лаьмнашна тІе базбала гІерта малх а. ШолгІа буьйса а тІекхаьчна йаьллера. ШолгІа буьйса хилла а ца Іа цаьршимма некъ бен. Тахана бархІалгІа де ду и шиъ луларчу областера схьаваьлла. Карасура Намангане цІерпоштца веана и шиъ, ткъа бисина беха некъ берриге а гІаш бина. Бакъду, гІалара аравала а, араваьлча, Караташе боьдучу новкъа вала а ца хууш, Наманганехь ши де дайна цаьршиннан. ТІехула тІе, дІа ког мел баьккхинчохь, бакъонаш хоьтту. Кхузахь атта вевза кавказхо. Хьо кавказхо велахь, нохчо йа гІалгІа, кхарачай йа балкхаро хила ма веза. Хьо царах велахь, спецпереселенец а ма ву. Ткъа спецпереселенцан бакъо ма йац ша вехачу районера дІасавала. Спецкомендатурин бакъо а йоцуш дІасавалахь, ткъе пхи шо хан йу хьуна. Иштта ду Молотовс буха куьг йаздина закон. Цундела, дуьхьал мел кхеттачу муьлххачун а бакъо йу хьан документаш хатта а, хьо йуьрта чу ца вита а, йуьртах араваккха а. Амма Матин а, Мансуран а карахь бакъо йу. И шиъ Покровке воьду. Цигахь ву Матин ваша Халид, цаьршиннан цхьа кІеззиг гергара нах а.
Амма хала ду-кх къеначу Матина хІара гена некъ бан. Къаналлина тІе мацалла, цамгийла8. Пехашца йовхарш йу цунна. КІелвисина волуш лаьтта. Цхьаммо а машина сацайой ткъа хІара шиъ тІехао? Хьанна оьшу и ши тІуьйлиг? ХІумма а дац! Мухха кхаьчча а, дІакхочур ву и шиъ. Йиша-вешина, йуьртахошна тІекхаьчна, йицлур йу лайна халонаш. XIapa а йу-кх и шиъ шайх чекхвийлла иттаннаш йарташ санна йурт. Гомий урамаш. ТІе латта а тесна, нийса тхевнаш а тохкуш дина поппаран цІенош. Гуонаха поппаран баролашца гуо къевлина йуькъа бошмаш. Къаьсттина дукха йу кемсаш. Бакъду, хІара йурт йоккха йу. Тамаша а бу, райцентр йацахь.
Охьа чухьоьжуш Іачу Мансурна гира дехьа басахула меллаша ког боккхуш йуьрта вулуш воллу Мата. Къена велахь а, иза Іасанна тІе ца тийжа. Букъа тІехьа ши куьг а дуьллий, лохха назманан мукъам а беш вогІу иза. Наггахь, саца а соций, бІаьргашна тІехула куьг а лоций, хьалха дІахьоьжу. ТІаккха а дІаволало. Цунний, Мансурний йуккъехь ши километр хиллал некъ бу. И некъ цхьана сохьтехь бина Матас. Иза бІаьргана къайлаваллалц хуий а Іай, тІаккха тІаьхьавоьду Мансур. ХІинца а, иза йуьрта вулуш воллуш гича, хьалагІеттина, шен ларчанах тасавелира Мансур. Ларча-м йайн йу. Кхузткъе итт шарахь дуьненахь ваьхначу, шовзткъе пхийтта шарахь къахьегначу къеначу Матина бисина бахам и бу. Наманганехь жоьлгаша лачкъийна цо оццул леррина Іалашдина духар а: даточу бустамашца кечдина Іаьржачу исхарин чоа а, дато доьхка а, хьеса кІужалшца кечйина кІайн башлакх а, бухаройн боьмаша куй а, кІеда ши маьхьси а. Шо хьалха оцу духарца йара детица кхелина шаьлта а. Амма иза хІорш махках бохучу дийнахь, цхьана майорл хьажийта ло аьлла, Матегара схьа а эцна, шен йукъах йихкира. ХІинца къеначу Матин атталха духар а дац. ИэттІа, калда а йаьлла кхозу тІаьххьара гІовтал, аьхна хеча а, тІергІан пазаташ а, калош а. Йукъах дихкина гата а… Цхьадика, Іаламо къинхетам бина, хІара денош маьлхе, довха а даьхки. Иштта а ца хиллехь, хІун дийр дара цаьршимма. Новкъахь даьхначу денойх дукхахйолу хан йерзинчу стигла кІел йоккхуш ма ву и шиъ. Милцоша буса вокзалан залашна чохь а ца вуьтура. Чайханщикашна а ца дезара хІара мезаша дуьзна ши адам. Мезий-м гуш а ма дацара. Матина йовхарийн цамгар йара. Сих-сиха йогІучу йовхаршца цо дІатуьйсура йуккъе цІийн пхенаш а хІиттина соьзе шат. Йуххедаьккхина лелош даьсса консервин гІутакх дара цуьнан. И йовхарш йара вокзалехь а, чайханахь а, цІерпоштан вагон чохь а нахана и шиъ совваьккхинарг, цушиннах адам къехкарг. Делахь а, дерриге адамаш а ма дац вуон. Адамалла йерш дукха ма бу. Цара дІатарвора тхов кІел, paгІy кІел. Нагахь, цхьа хІума а лачкъийна, вадахь олий, цаьршиннан документаш шайга дІа а оьций.