Выбрать главу

Сийсара а цхьана маьІІаргонна арахь вуьсура и шиъ. Цхьадика, йурта йуккъерчу пхьалгІин неІаре нисвелла и шиъ пхьеро ша волчу чохь витира буьйса йаккха.

Ткъа тховса? Хаац, тховса мичахь Іер, хІун йуур а. Цаьршимма некъана кечбина мекхан цу а тахана тІаьххьара чекхбаьлла. Кхин йохка а, хийца а хІума йац. Таьлсаш-м ду. Амма, хьанна оьшу уьш?

Лаха чуьра хьала узбекийн иллин мукъам хезара. Герга мел гІоьрти, Мансурна озах хиира иза кегийрех стаг вуйла. Иштта дан а дара иза. Некъо голатуххучохь цунна тІеІоттавелира вира тІехь вогІу цул воккхо узбекийн кІант. ТІейуьйхина кІайн-сийна моханаш йолуш халат, йукъах дихкина цІен йовлакх, четахь книгаш. Новкъара нацкъар а ца волуш Іачу Мансурах бІаьрг кхетча, кІентан илли цІеххьана хедира, ткъа тІекхаьчча вир а, корта сандар9 а баьккхина, сецира.

– XIapa xIун йурт йу? – хаьттира Мансура.

– Янги-Курган.

– Ткъа Караташ район гена йуй?

– ДІогахь, лаьмнашкахь, – хьала пІелг хьажийра кІанта.

Изза олура селхана дуьйна дІа мел хаьттинчо. Мархашна а, дахкарна а йукъахьаьрчина го и Іаьржа лаьмнаш генахь а дац, сарале шаьшшиъ царна тІе хьала вер ву моьттура Мансурна селхана. Ткъа уьш, тІе мел гІоьрти дІахуьлуш санна, хІинца а генахь дара.

– Маса километр некъ бу цига?

– Ткъе итт-шовзткъа.

«Кхин некъахьовзам боцуш дІагІойла хилахь а, шина дийна некъ бу-кх, – ойла йора Мансура, кІентан четарчу книгашка а хьоьжуш. – Схьахетарехь, школера вогІуш ву хІара. Милици йуй-те кхузахь аьлла, хаьттича, хІун дара-те…? ХІан-xІa. Цецвер ву тІаккха».

– Район йу кху йуьртахь?

– Муха – район? – ца кхийтира кІант.

– Масала, районан берриге хьаькамаш болуш хуьлуш йолу йурт йуй xIapa?

– ХІаъ, йу.

«ХІета, милици а йу-кх кхузахь. ТІекхаьч-кхаьччачо ша-ша бен ца лоцу моьттуш, йуьртара аравалале, иттаза лоцур ву».

– Доьшуш хир ву хьо?

– By.

– МасалгІачу классехь?

– ИссалгІачу.

«Тхо махках ца даьхнехь, со а хир вара Михайловскехь хьехархойн техникумехь доьшуш…»

– Тахана хІун терахь ду? – тІаьххьара а хаттар дира Мансура.

– Ткъе кхоалгІа февраль.

– Баркалла хьуна, дIaгlo…, – йуьстах ваьлла, кІантана некъ битира Мансура. Ткъа кІанта шен вир, шина а чоьже кІажаш а таІийна, хьалха човхийра. Кегийчу гІулчашца чабол эцна вир бердашна йуккъехь къайлайелира.

«Ткъе кхоалгІа февраль… Тахана нийсса шо кхочу-кх тхо махках даьхна. Шо кхечи-кх, гойтуш бехк боцуш, йинарг кхиэл йоцуш, махках даьхна, тхо сийсаздеш. Ткъа оха, Іовдалчу бераша, сатийсира ворхІ класс чекх а йаьккхина, деша даха. Ас а, Решеда а сацамбинера, хьехархойн техникум чекх а йаьккхина, школехь болх бан… ХІун хилла-те цушиннах? Дийна вуй-те? Йа, со санна, ги ларча а тоьхна, цхьанхьашха волавелла лела-те?…»

Гуонаха керт йоцуш тесна лаьттачу цхьана бешарчу лекхачу акхтарга кІел садаІа охьахиира и шиъ. Наггахь стаг а тІех ца волура цаьршинга мичара вогІу, стенга воьду ца хоттуш. Оцу цхьана шаро массо хІуманах а тешамза баьхна, сема, ларлуш хила Іамийнера нохчий. Цундела, шимма-кхаамма шайга и хеттарш дича, сорсаваьлла10, и шиъ сихха цигара дІавелира. Мансурна ца лаьара районан центрана йуккъехула чекхвала. Карахь документаш долушшехь а, сецош, новкъахьовзам бора цаьршинна. Цундела, йуьстаха пебетташ, йуьртан дехьа маьІІе а ваьлла, жимочу хин лекхачу тогІина тиллинчу тІай кІел сецира и шиъ. Кхин дІагІертийла дацара. Цкъа-делахь, хІуъу таро йина а, жимма мацалла йуха ца йерзийча ца йолура, шолгІа-делахь, суьйре герга-гІертара, охьавижа меттиг тарйан а дезара.

И шиъ хиъна Іаччохь лаьттах бухдолуш шийла шиъ шовда дара. Мата, ламаз а дина, кара суьлхьанаш а лаьцна, ойланашка ваьлла дІатийра. Вист ца хуьлура Мансур а. Цаьршимма кІелхьарвала некъ лоьхура. Мансур шен ойланех йукъахваьккхира, чучча пхьаьрсаш даьхна, деана, цаьршинна тІехула тІай техь сецначу оьрсийн къоначу зудчо а, стага а. Вовшашца забарш йеш, доьлуш деана и шиъ, кхушиннах бІаьрг ма-кхийтти забарш, беларш дитина, лохха къамел деш сецира. Иттех минотехь цигахь хІоьттина а лаьттина, цаьршинна тІедеара и шиъ.

– Суьйре дика хуьлда шун! – голаш тIe лахвелира йоьІан накъост. –Шуьшиъ хІун деш ву кхузахь?

– СадоІуш, – дегаза жоп делира Мансура.

– Кхузахь садаІа мегар дац. Ца го хьуна тІуно, – лаьттах пІелг Іоьттира къоначу стага. – Кхузахь генайоццуш чайхана ма йу. Ткъех метр дехьахь. Цигахь хаза довхачу цІа чохь садоІийла а, довхха чай молийла а ду.

– Ахча дац тхан…

Стаг а, йоІ а вовшашка хьаьжира. Мансурна гира стеган йуьхь кхоьлаш. Цхьана йукъана вист ца хуьлуш а Іийна, тІаккха и шиъ мичара вогІу а, стенга воьду а аьлла, хаьттира цо. Кхин дІа цуьнан хеттарш совцийра Матина цІеххьана йаьхкинчу йовхарша. Адамашна ша жерга хетийла хуучу Матас шена боккха ницкъ бора, уьш а, шат а кийрахь сецо гІерташ. Амма эххар а, ницкъ а эшийна, хецайеллачу цара цуьнан йуьхьа тІера массо пха сенбира. Мансура хьалхалаьцначу гІутакх чу шат тесира цо.

вернуться

9

Сандар баьккхина – агIор а баьккхина

вернуться

10

Сорсаваьлла – шекваьлла